209. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьаьж дихкиначул тIаьхьа тIедоха мегаш долу духар
муьлха ду?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп
делира: «(Хьаьж дихкиначо) тIейоха
мегаш дац я коч, я чалба, я хечеш, я башлакх йолу палаш, я берриге когаш
дIахьулбеш йолу маьхьсеш (мачаш). Нагахь хьаьжочунна когайоха тударгаш
(сандалаш) цакараяхь - тIаьрсиган (неIаран) маьхьсеш юхийла цо кога, хьалххе
хьакхолгашал лахара хада а йина. Иштта тIемадухийла аша шапранца я можачу диттаца
басардина долу цхьана а тайпана духар»».
Бухарин ривайатехь аьлла: «Ткъа
зударша – я юьхь дIахьулъен оба а уллур яц, я каранаш а духкур дац»
(ал-Бухари: 1542-1838, Муслим: 1177).
210. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда
цаьршинна) дийцина: «Iарп-ломахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) (хьаьжошна) хутIба дечу хенахь олуш хезна суна: «(Кога йоха) мачаш йоцучо - ши маьхьси
юхийла, ткъа изар йоцучо - шарбал юхийла» (ал-Бухари: 5804, Муслим: 1178).
211. IабдуллахI
ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лаббайк хIокху кепара элира: «ХIан, Хьуна хьалхахь ву со, я АллахI! ХIан,
Хьуна хьалхахь ву со! ХIан, Хьуна хьалхахь ву со! Цхьа-цхьаъ накъост вац Хьоьца!
ХIан, Хьуна хьалха ву со! Боккъалаъ,
берриге хастам - Хьуна хьакъ бу!
Хьан ду ниIмат а, паччахьалла а! Цхьа-цхьаъ накъост вац Хьоьца! (Ааббайка,
АллахIумма, лаббайка, лаббайка, ла шарика лака, лаббайка, инна-лхьамда, ванниIмата
лака валмулк, ла шарика лака)».
НафиIа
дийцина: «IабдуллахI ибн Iумара оцу аьллачунна (хIара дешнаш) тIетохара: «ХIан, Хьуна хьалхахь ву со! Сан ирс
Хьуна гIуллакх дарехь ду! (Дерриге а) дика Хьан карахь ду! ГIертар а ду сан
Хьоьга, Iамалш а (ю сан Хьуна хьажийна) (Лаббайка, васаIадайка, валхайру бийадайка, варрагIбау илайка, валIвмалу)» (ал-Бухари: 1549, Муслим: 1184).
212.
Абу ХIурайрас
(АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах
а, эхартан дийнах а тешаш йолучу зудчунна магош дац – дийнахь-буса бан безаш болучу
новкъа ялар, шеца цхьаьна шен юххера гергараниг (махьрам) а воцуш».
Бухарис
далийначу ривайатехь аьлла: «Дийнахь бан безаш болучу новкъа ма йолийла зуда
шен юххера гергарачуьнца (махьрамца) бен!». (Бухари: 1088, Муслим: 1339).

