207. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) Меднарчу бахархошна ихьрам доьхку меттиг зул-Хьулайфа къастийра,
Шемара богIучарна – ал-Жухьфа, Наждара богIучарна – Къарн ал-Маназил, Йеменарчу
бахархошна – Йалам-лам. И меттигаш - царна а ю, иштта хьаьж я Iумрат дан лууш,
лакхахь хьахийна йоцучу кIошташкара, лакхахь ягарйиначу меттигашкахула а
бовлий, мел богIучарна а ю. Маккина кхин а уллохь болучарех дерг аьлча - церан
хьаьж дIадолалур ду цара некъ боллийначуьра. Цундела Маккарчу бахархоша ихьрам
Маккахь дехка деза» (ал-Бухари: 1524, Муслим: 12/1181).
208.
IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Меднарчу
бахархошна ихьрам доьхку меттиг (лаббайк ала долон деза меттиг) зул-Хьулайфа ю,
Шемара богIучарна – ал-Жухьфа, Наждара богIучарна – Къарн ал-Маназил». IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Хаам кхаьчна соьга: Йеменарчу бахархоша Йалам-ломахь доьхкур
ду ихьрам» (ал-Бухари: 1525, Муслим: 1182).

