209. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа ша
элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! ЖехIалаллин заманахь нузар
динера аса - ал-Хьарам маьждигехь цхьана буса иIтикаф дан».
Цо аьлла: «ХIета, кхочушде хьайн нузар».
Кхечу ривайатехь аьлла: «ал-Хьарам маьждигехь цхьа де даккха».
Кхечу ривайатехь я «де» а, я «буьйса» а дац хьахийна (ал-Бухари: 2032, Муслим: 1656).
210. (Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) хIусамнанас) Хьуйайнан йоIа Сафиййас (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Цкъа цхьана буса Пайхамар
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хьажахIотта яханера со, иза
(Рамадан баттах тIаьххьара итт де доккхуш) маьждигехь иIтикафехь волучу хенахь.
Цхьана ханна цуьнца къамел деш а Iийна, сайн (цIа) юхаяха дагахь хьалагIаьттира
со. (Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), со дIакхетон аьлла,
соьца цхьаьна хьалагIаьттира. ХIетахь цуьнан Iойла Iусама ибн Зайдан хIусамехь
яра. Цигахула тIехволуш ансарех ши стаг вара. Шайна АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гича, чехккачу боларца дIаваха вуьйлира и
шиъ. (Делахь а, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна))
цаьршинга элира: «Сих мало шеа!
Иза-м Хьуйаййан йоI Сафиййат яй!». ХIетахь цаьршимма элира: «СубхьаналлахI (АллахIна бу хастам), хIай,
АллахIан элча!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, шайтIа,
ша адамна чу долале, массо а меттехула хьийза, цIий санна. Цундела, бакъдолуш,
шуьшиннан дагчу вониг (я цхьаъ) дожо цуьнан аьтто баларна кхеравелира со».
Кхечу хьадисехь хIокху
дешнашца дийцина: «Пайхамаран (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIусамнанас Сафиййас дийцина. Цкъа АллахIан
элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хьажахIотта яхана
хиллера иза, Рамадан беттан тIаьххьара итт де доккхуш маьждигехь иIтикаф деш иза
сецна а волуш. Цхьана ханна цуьнца къамел деш а Iийна, шен (цIа) юхаяха дагахь
хьалагIаьттина хилла иза. Пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна), иза дIакхетон аьлла, цуьнца цхьаьна хьалагIаьттина. ХIетахь, иза Умм
Саламан неIIарехь долучу маьждиган кевнашка кхаьчначу хенахь, цигахула чекхволуш
ансарех ши стаг хилла. Цаьршимма салам делла АллахIан элчане (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Ткъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) цаьршинга аьлла: «Сих мало шеа! Иза-м Хьуйаййан йоI
Сафиййат яй!». ХIетахь цаьршима аьлла: «СубхьаналлахI (АллахIна бу
хастам), хIай, АллахIан элча!». Цаьршинна холчу даьлла хилла (цо аьлла
дешнаш). ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
аьлла: «Боккъалаъ, шайтIа адаман цIий леллачухула хьийза таро йолуш ду. Цундела,
бакъдолуш, цо шуьшиннан дагчу цхьаъ дожорна кхеравелира со»
(ал-Бухари: 2035-3101-3281-6219, Муслим: 1095).

