204. IабдуллахI ибн
Iумара (АллахI реза
хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
масех асхьабна гIенах
гинера - лайлатул-къадр буьйса Рамадан беттан тIаьххьарачу ворхI буьйсанах
цхьаъ ю аьлла. ХIетахь
АллахIан
элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шун гIенаш тIаьххьарачу ворхI буйсанехь
цхьаьнадаьхкина го суна. И буьйса каро гIерташ верг милла велахь а
- тIаьххьарачу
ворхI буьйсанна
чохь лоьхийла цо и» (ал-Бухари: 2015, Муслим: 1165).
205. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса (йогIу) ларье, (мархин беттан) тIаьххьарачу итта буьйсанах шалза буьйсанашкахь» (ал-Бухари: 2017, Муслим: 1169).
206. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера кинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Рамадан беттан
юккъера итт де иIтикафехь доккхура гуттар а. Ткъа цхьана шарахь, иIтикаф дечу хенахь, ткъе итталгIа буьйса тIееъча
(Iуьйре ма хилла, уьш маьждигера арабовлуш йолучу буьйсана
дара и), цо элира: «Соьца
цхьаьна (юкъарчу итт буса) иIтикафехь
хиллачо - тIаьхьайогIу итт буьйса а йоккхийла иIтикафехь. Суна и буьйса (гIенах)
гайтира (АллахIа), цул тIаьхьа йицйира суна и (АллахIа). ГIенах гира суна: со
(лайлатул-къадр буьйса нисъеллачу) Iуьйранна хина а, хаттана а тIе сужуд деш.
Цундела тIаьххьарачу итт буьйсанна юккъехь ларъе аша и, иштта хIора шалза
терахьехь (йогIучу буьйсанашкахь) а ларъе». Цо дийцина: «Оцу буса догIа дилхира. ХIетахь
маьждиг лабанан куьцехь дара. Цундела маьждигна чу хи даьллера. Ткъе цхьалгIачу
Iуьйранна сайн шина бIаьрга ма гира суна АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) хьаьжа тIехь хинан а, хоттан а лараш»» (ал-Бухари: 2027, Муслим: 1167).

