189. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна новкъахь дара тхо. ХIетахь тхуна юккъехь марханаш дерш а бара, иштта марханаш доцурш а бара. Цхьана довхачу дийнахь цхьана меттигехь (садаIа дагахь) севцира тхо. Тхох уггаре а доккхачу IиндагIехь бара - (даржжош) шайн духар (шайна тIехула лаьцна хилларш), ткъа цхьаберш, дуьхьал куьйгаш а лоьцуш, къайлаоьхура маьлхан (зIаьнарийн йовхонах). Марханаш дерш (гIора а дайна) охьаийгира (лаьтта), ткъа марханаш доцуш берш - четарш дIа а дугIуш, эмкалшна хи а малош, (гIуллакхаш) дан буьйлира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Тахана марханаш цакхаьбначарна ял (йоккхаха) хир ю»» (ал-Бухари: 2890, Муслим: 1119).
190. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Рамадан баттах кхаба дезаш марха хуьлура суна тIехь. Ткъа ШаIбан баттахь бен доькхуш кхобийла а ца нислора сан и» (ал-Бухари: 1950, Муслим: 1146).
191. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхаба дезаш марха а долуш, веллачунна тIера марха цуьнан гергарачо кхаба деза».
ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву. Цо аьлла: «ХIара – нузаран хьокъехь ду». Ахьмад ибн Хьанбала а аьлла изза (ал-Бухари: 1952, Муслим: 1147).
192. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «ХIай, АлахIан элча! Нана елла сан, цхьана беттан марханаш меттахIиттийна а доцуш. Цуьнан метта доькхуш кхаба бакъо юй сан уьш?». (Юханехьа цуьнга) хаьттира цо: «Хьайн нанна тIехь (нехан) декхар хиллехьара, дIатокхур дарий ахьа иза?». Оцу стага жоп делира: «Дара». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIан хьакъ цул а сов хьакъ лоруш ду хьуна дIатакха».
Кхечу хаамехь иштта дийцина а ду: «Цхьана зудчо, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Нана елла сан, кхаба чIагIо йина долу марха кхаьбна а доцуш. Цунна тIера доькхуш кхаба бакъо юй сан и?». Цо жоп делира: «Дийцал суна: хьан нанна тIехь декхар хилча, ахьа цунна тIера и дIа а делча, дIатекхна лорур дарий иза цунна тIера?». Цо жоп делла: «Дара». (ХIетахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIета, хьайн нанна тIера марха кхаба ахьа»» (ал-Бухари: 1953, Муслим: 1148).
193. СахIл ибн СаIда ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нах хаддаза диканехь бехар бу - марха дастарна сихо еш мел бу а, Iуьйкъе яр тIаьххьалц дIатоттуш мел бу а» (ал-Бухари: 1957, Муслим: 1098, Ахьмад: 5/147-172).
194. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIоккхузехула буьйса тIе а гIоьртича, хIоккхузехула дийно букъ а тоьхча, малх чу а буьзича – марха долучо (шен марха) даста деза» (ал-Бухари: 1954, Муслим: 1100).
195. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (сарахь даста а ца достуш) хаддаза марханаш кхабар дихкира. ТIаккха бусалба наха хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Айхьа-м ма кхобу ахьа хаддаза марханаш?». Жоп луш элира цо: «Ткъа сох тера мила ву шух?! Боккъалаъ, (сан Дала буьйсанца) хIума а яайо суна, хи а маладо суна!».
Муслиман ривайатехь аьлла: «Ткъа хаддаза марханаш кхаба луург – Iуьйкъа-хан хиллалц Iе» (ал-Бухари: 1923, Муслим: 1102).
196. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа), аса боху аьлла, хабар дIатоьхнера Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «АллахIах чIагIо ма йо аса, билггал, дийнахь марханаш кхобур ма ду аса, буса ламаз дийр ма ду аса со дийна мел ву!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга хаьттира: «Хьо вуй, ткъа, и аьлларг?». Аса жоп делира: «Бакъдолуш, со ву и аьлларг, сан да а, нана а махана хуьлда хьуна, (хIай, АллахIан элча!)». Цо элира: «Хьоьга лалур дац иза. Цундела марха кхобуш хила, юкъахдуьтуш а хила, буьйсанашкахь гIатта а гIатта, дIа а вижа. Баттахь кхоккха де марханаш кхаба, хIунда аьлча хIора дина дика уьттазза сов доккхур долуш ду (цунна дьухьал ял лучу хенахь), ткъа иза - хаддаза кхаьбначу марханех терра хир ду». Аса элира: «Кхин а дукхаха кхабалур ду соьга!». Цо элира: «ХIета, кхаа дийнахь цхьа марха кхаба». Аса элира: «Кхин а дукхаха кхабалур ду соьга!». Цо элира: «ХIета, дедда-юкъа кхаба. Оцу кепара хилла Даудан (АллахIера маршо хуьлда цунна) марханаш кхабар а. Уггаре а дезаха марханаш а ду уьш». Аса элира: «Кхин а дукхаха кхабалур ду соьга!». Цо элира: «Царел диканаш дан а дац!».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Ах оьмарехь марханаш кхаьбна волучу сан вешин Даудан марханел а сов марханаш кхабар тIехь дац. Цундела дедда-юкъа кхаба хьайн марханаш» (ал-Бухари: 1976-1979, Муслим: 1159).
197. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна угаре а дукха деза марха – Даудан марха ду. АллахIна угаре а дукха деза ламаз – Даудан ламаз ду. Ах буьйсанна наб еш хилла цо, кхоалгIачу декъехь ламазаш деш хилла, (юха а) ялхалгIачу декъехь наб еш хилла цо. Дедда-юкъа марханаш кхобуш а хилла иза» (ал-Бухари: 1131, Муслим: 189/1159).
198. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Сан доттагIчо кхо (Iамал) весет йина соьга: хIора баттахь кхоккха де марханаш кхабар, Iуьйренца тIедеш долу ши ракаIат духьа-ламаз дар, дIавижале хьалха витар-ламаз дар» (ал-Бухари: 1981, Муслим: 721).
199. Мухьаммад ибн Iаббад ибн ЖаIфара дийцина: «Цкъа Жабир ибн IабдуллахIе (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира аса: «ПIерасканан дийнахь марха кхабар доьхкуш дарий Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)?». Цо жоп делира: «ХIаъ»».
Муслиман ривайатехь оцунна тIе аьлла: «Хьаьжин цIийнан Делора» (ал-Бухари: 1984, Муслим: 1143).
200. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шух цхьаммо хIуъа а хилча а пIерасканан дийнахь марха ма кхобийла, нагахь цул хьалхара (еарин) де, я цунна тIаьхьадогIу (шоьтан) де кхаба ша дагахь вацахь» (ал-Бухари: 1985, Муслим: 1144).
201. Ибн АзхIаран азатхочо Абу Iубайда (цуьнан ма-ярра цIе СаIд ибн Iубайд ю) дийцина: «(Цкъа) Iийданехь нисвелла со Iумар ибн ал-ХаттIабца. ХIетахь цо элира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIокху шина дийнахь марха кхабар дихкира: (Рамадан беттан) марханаш кхаьбна (девлча догIучу) марха достучу дийнахь а, шаьш дийначу гIурбанах шу кхетачу дийнахь а» (ал-Бухари: 1990, Муслим: 137).
202. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина дийнахь марха кхабар дихкира: гIурбанан дийнахь а, марха достучу (къобалдечу) дийнахь а. (Иштта цо дихкира: цхьа а Iуьрг ца дуьтуш, дерриге дегI а къовлуш), шен духарна юккъе хьарчар а; хьалааййина голаш шен мара а къевлина, цхьалха духар доьхна волу (стаг) хенан маьIигашна тIехь хиъна Iар а; Iуьйранан а, малхбузан а ламазаш диначул тIаьхьа (цхьамзин барамехь малх хьалаайбаллалц йолучу юккъехь тIедеш долу суннат) ламаз дар а» (Муслима дуьззина далийна и (хьадис): 141/827, ткъа ал-Бухарис далийначо хьадисехь деккъа цхьа мархех дерг хьахийна: 1991-1992).
203. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (жихIадехь) цхьана дийнахь марха кхаьбна волучу муьлххачу а (лайн) юьхь - АллахIа жоьжагIатин цIарна гена йоккхур ю, кхузткъе итт шеран (некъан бохалла)» (ал-Бухари: 2840, Муслим: 168/1153).

