182. Iайшата, Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен зудчух кхетар бахьанехь лийчар тIедоьжна а волуш, сахилча, лийча а луьйчий (кхиндIа) шен марха кхаба волалора» (ал-Бухари: 1926, Муслим: 1109).
183. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (цхьамма, багахь марха а долуш) вицвалар бахьанехь цхьаъ яахь я малахь - шен марха кхиндIа дуьззина дIакхобийла цо, хIунда аьлча, боккъалаъ, цунна яийнарг а, цунна малийнарг а АллахI ву» (ал-Бухари: 1923, Муслим: 1155).
184. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа тхо Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь хевшина Iаш долуш, цхьана стага, иза волучу а веана, элира: «ХIай, АллахIан элча! ХIаллакьхили-кха со!». Цо хаьттира: «Сте вина хьо хIаллак?». Оцу (стага) жоп делира: «Рамадан баттахь, багахь марха а долуш, сайн зудчуьнца меттахь гIуллакх деана сан». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Цхьа лай лоллера паргIатваккхалур вуй хьоьга?». Оцу (стага) жоп делира: «ХIан-хIа». Цо хаьттира: «ТIекIел ши бутт марханаш кхабалур дуй хьоьга?». Оцу (стага) жоп делира: «ХIан-хIа». Цо юха а хаьттира: «Кхузткъе итт къен стаг вузавалур вуй хьоьга?». Оцу (стага) юха а жоп делира: «ХIан-хIа». Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хурманаш чохь доккха тускар деара. ХIетахь хаьттира цо: «Мичахь ву и хоьттуш хилларг?». Оцу стага жоп делира: «Со ву». Цо элира: «ДIаэца хIорш, сагIина дIаекъа хьайна». Оцу (стага) хаьттира: «Сайл а къечунна яла езаш юй аса хIорш, хIай, АллахIан элча? АллахIан цIарах чIагIо ма йо аса: цу шина ламанна юккъехь ма бац сайчул а къен цхьа а доьзал». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), пхьар-цергаш гучу а йовлуш, вела а къежна, тIаккха элира: «ДIавало хьайна, хьайн доьзална яае уьш» (ал-Бухари: 1936, Муслим: 1111).

