5. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шуна дихкина ду - лелаш а доцуш, цхьана меттехь лаьтташ долучу хина чу хьаткъа телар а, цул тIаьхьа оцу чохь лийчар а».
Муслиман ривайатехь аьлла: «Парз лийчар тIедоьжна а долуш, лаьтташ долучу хина чохь лийча ма луьйчийла шу» (ал-Бухари: 239, Муслим: 282, 283).
6. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь жIаьло шун пхьегIара хи малахь - ворхIазза дIайила иза».
Муслиман ривайатехь хIокху кепара аьлла: «…ткъа царех хьалхараниг – лаьттаца а».
Муслима далийна МугIаффал кIентан IабдуллахIан (АллахI реза хуьлда царна) хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь жIаьло пхьегIара хи малахь - ворхIазза дIайила и, ткъа бархIалгIа - лаьттаца хьакха а еш» (ал-Бухари: 172, Муслим: 90/279, 280).
7. Iусман ибн Iаффанан (АллахI реза хуьлда цунна) азатхочо Хьумрана дийцина: «Iусмана, ламаз эца хи да шена аьлла, омра дира. Цул тIаьхьа, шен аьтту куьг хи чохь долучу пхьегIанна чу а дахийтина, (хи схьа а эцна, оцу хица) кхузза шен куьйгаш дилира цо. Цул тIаьхьа бага а, мерачу а хи кхаьрзира цо, мара а цIанбира шен. Цул тIаьхьа кхузза юьхь йилира цо шен. Цул тIаьхьа голашца цхьаьна шен ши пхьарс билира цо. Цул тIаьхьа (тIеда куьйгаш а долуш) шен коьртана масхьа дира цо. Цул тIаьхьа хьакхолгашца цхьаьна кхузза шен ши ког билира цо. Цул тIаьхьа элира цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIинца аса ма-эццара ламаз а эцна, тIаккха элира: «ХIинца аса ма-эццара ламаз а эцна, ткъа оцу юккъехь ша-шега къамелаш а ца деш (я дуьненан ойланашка а ца вуьйлуш), ши ракаIат ламаз дахь - АллахIа гечдийр ду цунна цо хьалха летийначу къиношна»» (ал-Бухари: 164, Муслим: 226).
8. Iамр ибн Яхья ал-Мазинис дийцина, шен дас элира аьлла: «Iамр ибн Абу Хьасана IабдуллахI ибн Зайде (АллахI реза хуьлда царна), «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз муха оьцура гайта таро хир ярий хьан суна?» аьлла, хоттучу хенахь, цигахь нисвеллера со. (IабдуллахI ибн Зайд), хи чохь долу пхьегIа схьаял шена аьлла, омра а дина, царна а гойтуш, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма-эццара, ламаз эца вуьйлира. Ткъа цул тIаьхьа, оцу пхьегIара хи шен куьйгашка а доьттина, кхузза шен куьйгаш дилира цо. ТIаккха хи чохь долучу пхьегIара, кхузза чу куьг а дахийтина, хи схьа а эцна, кхузза бага а, мерачу а кхаьрзира цо, мара а цIанбира. Цул тIаьхьа, шен куьг чу а дахийтина, (хи схьа а эцна,) кхузза шен юьхь йилира цо. Цул тIаьхьа, шен куьг хи чохь долучу пхьегIанна чу а дахийтина, (хи схьа а эцна), шоз-шозза буьлуш, шен ши пхьарс билира цо голашка кхаччалц. Цул тIаьхьа, шен куьг хи чохь долучу пхьегIанна чу а дахийтина, (хи схьа а эцна), шен коьртана масхьа дира цо – ший а куьг хьалхара тIехьа дIахьокхуш, юха тIехьара хьалханехьа схьахьокхуш. И (масхьа) цкъа бен ца дира цо. ТIаккха шен ши ког билира цо».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Шен коьртана хьалххара дIадолийра цо масхьа дан - ший а куьг кIесаркIаг чу кхаччалц дIадигира цо, цул тIаьхьа и шиъ юханехьа дигира цо, ша (масхьа) дIадолийна йолучу меттиге кхаччалц».
Кхечу ривайатехь аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веара тхо долучу, ткъа оха цунна (ламаз эца) цIестан пхьегIахь хи арадаьккхира» (ал-Бухари: 185, Муслим: 235).
9. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), мачаш тIеюхуш а, можана ехк хьокхуш а, цIано ечу хенахь а, муьлхха а кхидолу гIуллакхаш дечу хенахь а - аьтту агIонна тIера дIадолор дезаш вара» (ал-Бухари: 168, Муслим: 67/268).
10. НуIайм ал-Мужмира элира аьлла, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Къематдийнахь сан умматеранарш богIур болуш бу - хьаьжашна тIехь лепаш кIайн седарчий а долуш, куьйгашна тIехь лепаш кIайн чIагарш а йолуш, ламаз эцна ларраш бахьанехь хIиттина йолу. Нагахь шух муьлххачуьнга а и лепар алсамдаккхалахь - дойла цо иза» (хIара хьадис далийнарш бу ал-Бухари: 136, Муслим: 246, ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
Кхечу дешнашкахь хIокху кепара аьлла: «Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) ламаз оьцуш гира суна. Шен юьхь а, белшашка кхаччалц ши пхьарс а билира цо. Цул тIаьхьа шен ши ког билира цо настаршца цхьаьна. ТIаккха элира цо, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) олуш хезира шена аьлла: «Къематдийнахь сан умматеранарш богIур болуш бу - хьаьжашна тIехь лепаш кIайн седарчий а долуш, куьйгашна тIехь лепаш кIайн чIагарш а йолуш, ламаз эцна ларраш бахьанехь хIиттина йолу. Нагахь шух муьлххачуьнга а и лепар алсамдаккхалахь - дойла цо иза» (ал-Бухари: 136, Муслим: 246, 250).

