КхоалгIа дакъа
Марчо хьарчор
Марчонан лаххара а болу барам: дерриг дегI къовлу духар тIедохар бу.
Стегаршна буьззина лоруш болу марчонан барам: кхо чкъор хьарчадар бу.
Ткъа зударшна: еха коччий, корта къовлурггий, изар (цIонгиний, голашний
юкъ къовлу шарваллий), (цу дийцинчу тIе дерриг дакъа юкъахьарчон) ши чкъоррий.
ДоьалгIа дакъа
Докъан ламазан арканаш
1. Веллачунна докъан ламаз дан нигат дар.
2. Доьазза «АллахIу акбар» алар.
3. Аьтто белахь (докъан ламаз) ирахь дар.
4. Фатихьа сурат дешар.
5. ШолгIа «АллахIу акбар» аьлча, пайхамарна (АллахIера салват, салам
хуьлда цунна) салват диллар.
6. КхоалгIа «АллахIу акбар» аьлча, доIа дар.
7. Салам далар.
ПхоьалгIа дакъа
Кошан барам
Кошан лаххара а болу барам: (Докъан) хьожа а къайлаяккха, акхарошка
(хьала а ца ахкийта, даа а ца даийта) лардан тоъалчу барамехь ор даккхар бу.
Ткъа (кошан) буьззина лоруш болу барам: (Юккъерачу барамехь волу стеган)
локкхаллин барамехь локхалла а, (стага шен ши куьг белшашца нисдина дIасадахийтича цара юкъалоцуш
болу) шораллин барам а бу.
(Коша вуьллучу хенахь) докъан (аьтто) бесни лаьтта тIе охьаюьллур ю.
(Велларг каша вуьллуш) къилбехьа верзор важиб ду.
ЯлхалгIа дакъа
Каш хьадастарах дерг
Каш схьадаста йиъ Iалашонна мегаш ду:
1. (Лийчонза дIавоьллинехь, велларг) лийчо аьлла схьадаста
мегаш ду каш, нагахь дакъа вочу делла дацахь.
2. (Нагахь къилбехьа ца верзош дIавоьллина велахь,)
къилбехьа верзо (схьадаста а мегаш ду каш).
3. Нагахь цуьнца дIадоьллина даьхний делахь, и схьаиэца (дlадаста а мегаш ду
каш).
4. Нагахь елла кийрахь бер долу зуда дIайоьллинехь, цуьнан
каш схьадаста а мега, нагахь цуьнан кийрара бера дийна хила тарло аьлла хетахь.
ВорхIалгIа дакъа
ГIодайтарш
ГIо дехар диъ я гlодайтарш тайпа ду: Магийнарг. Ца дехар гIолехь дерг. Дитича
мелехь дерг. Важиб дерг.
1. Ткъа магийнарг: (ламаз иэца воллучунна) хи тIедар ду.
2. Ца дехар гIолехь дерг: ламаз оьцуш верг санна
волучунна (меженашна тlе) хи доттар.
3. Дитича мелехь дерг: Меженаш юьлуш волучунна хи доттарца гIо дар.
4. Важиб дерг: иза цомгушчунна гIо дар ду, нагахь
цуьна шен (хи дотта, лело) ницкъ ца кхачахь.

