Шолгlа дакъа
Ламаз тlаьхьарчунна тlеоьзна
даран бехкамаш
Ламаз тlаьхьарчунна тlеоьзна даран
бехкамаш шиъ бу:
1. Хьалхарачу
(ламазан) ханчохь, и (ламаз) даллал йисина хан а йолуш, тlаьхьарачунна тlеоьзна дан аьлла,
дина нигат хилар,.
2. Шолгlаниг дина даллалца
тlеттIаоза магош долу бахьана лаьтташ хилар.
Кхоалгlа дакъа
Ламазаш дацдаран бехкамаш
Ламазаш дацдаран
бехкамаш ворхl бу:
1. Арабаьккхина
болу некъ ши мархьал (96) километар беха хилар.
2.
Арабаьккхинарг хьанал некъ хилар.
3. (Некъахочунна
ша ламаз) дацдан мегийла хууш хилар.
4. Ламаз дlадоьхкучу
хенахьдуьйна а дацдан аьлла, нигат дина хилар.
5. Дацдан нигат
долу ламаз диъ ракаlат долучу ламазех хилар.
6. И дина
валлалца йолучу юккъехь цlакхачанза новкъахь хилар.

