Шолгlа дакъа
Тем бан безаш (соцунгlа хила дезаш) йолу арканаш
Соцунгlа хила дезаш (тем
бан безаш) йолу арканаш йиъ ю:
1. Рукуl.
2. Рукуlера хьаланисвелча.
3. Сужданехь.
4. Шина сужданна юккъехь охьахиъча.
Тем бар, соцунгlа хилар богlург: Меттигера меттиге хийцавеллачул тlаьхьа цхьа ханна тем
беш, сацар ду, хlора меже а шен-шен метте нислун йолучу кепара, «субхьаналлахl» олучу хенан барамехь.

