Лараме лоруш йоцу са чохь хlуманаш ялх ю:
1. Ламаз ца деш верг.
2. Зуда ялийна а волуш зина дина стаг а, маре дина а йолуш зина дина зуда
а.
3. Динера воьхнарг (муртад).
4. Бусалба нахана тlамаца тlевеана
кериста.
5. Леташ, катухуш доул жlаьла.
6. Хьакха.
Тема дар
Тема даран бехкамаш итт бу:
1. Латтан тlехь дар.
2. Латта, цlена хилар.
3. Цкъа лелийна латта ца хилар.
4. Цу лаьттанах ийна дама, я муьлхха а кхин йолу хlума ца хилар.
5. Лаьттан тlе хьуш долу куьг, тема дан дагахь волуш дахьар.
6. Шозза куьйгаш тоьхна, юьхьах а, шина куьйгах а хьакхар.
7. Цкъа хьалха дегlа тlера нажас дlайаккхар.
8. Цулла а хьалха леррина къилба мичхьа агlор ду хьажар.
9. Тема - ламазан хан хиллачул тlаьхьа дар.
10. Хlор парз-ламазна, шен-шена а деш, тема дар.
Тема даран парзаш
Тема даран парзаш пхиъ ду:
1. Латта, меженашна тlедахьар.
2. Нигат дар.
3. Юьхьна т1е хьакхар.
4. Ши гола юкъа а ялош, шина пхьерсанна т1е хьакхар.
5. Юьхьана а, пхьерсашна а т1е куьйгаш хьокхучу хенахь раг1 ларьйар.
Тема дохош дерг
Тема дохош долу бахьанаш кхоъ ду:
1. Муьлхха а ламаз керара доккхучу бахьано а дохадо тема.
2. Динах вохаро (Делах валаро) дохадо.
3. Хи ца хиларна тема диначунна хи хаадаларо.

