5. Меженашна
тlехь хи бехден йолу хlума ца хилар.
6. Ламаз
оьцучунна, ламаз эцар парз дуйла хууш хилар.
7. Цуьнан
парзех цхьа а парз суннат ду, аьлла, - хеташ ца хилар.
8. Цlена хи
хилар.
9. (Ламаз карахь
ца летташ цамгар йолучунна,) ламазан хан йоьллийла хаар.
10. (Ламаз карахь
ца лаьтташ цамгар йолучо) юкъах а ца дохуш, хаддаза, эцна даккхар.
ЛАМАЗ КАРАРА ДОККХУ БАХЬАНАШ
Ламаз карара доккху бахьанаш диъ ду:
1. Хьалхара lавратехула, я тlехьара
lавратехула муьлхха а цхьаъ арайаларо ламаз
карарадоккху, мох хуьлда и, кхин муьлхха а хlума хуьлда и
башхалла яц. Оралла йоцучо.
2. Хьекъалха тиларо ламаз карарадоккху: башхалла а яц наб кхетар
бахьанехь хуьлда и, я кхеча бахьанийна хуьлда и. Нагахь шен охьахуийла лаьтта
йоьгlна, наб кхетта lаш ца хиллехь.
3. Доккха а долуш, вовшийн хийра а долуш, юккъехь пардо а доцуш, стеган а,
зудчуьнан а дилха вовшех хьакхадаларо а ламаз карарадоккху.
4. Адамийн хьалхара бехкечу меженха, я гоанан бертигах
куьйга керан юкъ кхеторо а, иштта пlелгийн
гайш хьакхайаларо а карарадоккху ламаз.
Ламаз карахь доцучунна хьарам дерг
Ламаз карахь доцучунна диъ хlума хьарам ду:
1. Ламаз дар а.
2. Тlаваф дар а.
3. Къуръанах куьг тохар а.
4. Къуръан кара эцар а.
Ткъа лийчар тlедоьжначунна ялх
хlума ду хьарам:
1. Ламаз дар.
2. Тlаваф дар.
3. Къуръанах куьг тохар.
4. Къуръан кара эцар.
5. Маьждигна чохь сацар.
6. Къуръан дешар.
Цlано йоьхначу зударшна хьарам ду итт х1ума:
1. Ламаз дар.
2. Тlаваф дар.
3. Къуръанах куьг тохар.
4. Къуръан кара эцар.
5. Маьждигна чохь сецар.
6. Къуръан дешар.
7. Марха кхабар.
8. Цlано йоьхна йолу зуда йитар.
9. Нагахь бехдарна кхерам бу, аьлла, - хетахь, маьждигна чухула
чеккхайалар.
10. Цlонгиний, шина голиний юккъехь йолучу меттигах марзо эцар.

