ХИН БАКЪОНАШ
Хи – (шарlо)
кlеззиг лоруш дерг а, дуккха лоруш дерг а ду. Ткъа
кlеззиг лоруш дерг - ши кlудал(1)
хине ца кхочуш дерг ду. Ткъа дуккха лоруш дерг - шина кlудале
нисделларг а, цул сов даьлларг а ду.
Кlеззиг
лоруш долу хи: цу чу нажас хlума йоьжча бехло, (нажас чу
йожар бахьанехь цу хин бос, я чам, я хьожа) хийцаделлехь а, ца деллехь а.
Дуккха лоруш
долу хи: цу чу нажас хlума йоьжча, бехделла ца лору,
нагахь (чуьйоьжна нажас бахьанехь) цуьнан бос, я хьожа, я чам хийцабелла бацахь.
(1)
Кхузахь юьйцуш йолу ши к1удал, герггарачу хьесапехь 200 литр хи чухоьарг ю.

