ЦIАНОННА ТIУЛГАШ ЛЕЛОР
Шолгlа дакъа
Тlулг лелон магаран бехкамаш бархl бу:
1. Цlанонна
лелош берг кхо тlулг хила а беза.
2. ( Оцу тlулгаша)
нажас араяьлла бертиг кхоччуш дlацlаньйина хила а еза.
3. Араяьлла
нажас якъайелла хила а ца еза.
4. Араяьллачу
меттигна дехьа-сехьа яьржина хила а ца еза нажас.
5. (Цунах дlакъаьстинарг
йоцуш) арахьара кхин (нажас, цунах дlакъаьстиначун) тlекхетта
хила а ца еза.
6. Араяьлла нажас
тlена коьртан а, гоанан бертиган а тlера
дехьа-сехьа яьлла, яьржина хила а ца еза.
7. (Дегlах
дlакъестиначу) нажасах хи кхетта хила а ца деза.
8. (Цlанонна
хьокхуш долу) тlулгаш цlена хила а деза.
ЛАМАЗ ЭЦАРАН
ПАРЗАШ
Кхоалгlа дакъа
Ламаз эцаран парзаш ялх ду:
1. Нигат дар.
2. Юьхь йилар.
3. Шина гоьлаца цхьана ши куьг дилар.
4. Коьртах цхьана декъана масхьа дар.
5. Хьакхолгашца цхьана ши ког билар.
6. (Ламаз оьцуш юьлучу меженийн) низам ларъдар.

