7-ГlА ДАКЪА
[ЛАМАЗ КАРАРА ДОККХУ БАХЬАНАШ]
Ламаз карара
доккху бахьанаш ялх ду:
1. Хьалхахула
я тlехьахула цхьаъ
ялар.
2. Наб
кхетар а, нагахь тlехье тешам
боллуш къевлина хир йолучу кепара нисвелла, хиина Iаш вацахь.
3.
Хьекъалах тилар а, муьлхха а корта бахориг мелла вахар бахьанехь хуьлда и, я
муьлхха а (синкхетамах воккхуш йолу) цамгар бахьанехь хуьлда и.
4. Юкъахь
пардо а доцуш, стаг, хийра зудчух хьакхавалар а.
5. Куьйган
кераюкъ адамийн хьалхара иэхьечу меженах хьакхайалар а.
6. Куьйган
кераюкъ адамийн гоьтан бертигах хьакхайалар а, (имам аш-Шафиlа) тlаьххьара
аьллачуна тlедоьгlна.

