Малхбуза-ламаз:
Цуьнан
хан дIайолало: муьлхха а хIуманан х1оьттина IиндагI, цуьнан йохаллел сов даьлла,
д1ах1оьттича.
Цуьнан хан лаьтта: къастийначун т1етевжича, хIуманан IиндагI, цуьнан шалха барамехь дахдаллалца. Мегаш долучун тIетевжича: малх чубуззалца.
МаьркIаж-ламаз:
Цуьнан хан
цхьаъ йу: малх чубузар. (Ткъа, цуьнан хан лаьтта) молла кхайккхала а, ламаз эццала
а, Iоврат д1акъовлалла а, къамат далла а, пхи ракаIат далла а йолчу ханна.
(МаьркIаж-ламазан) хан дIайолу: суьйренан цIийялар къайладаьлча.
Пхьуьйра-ламаз:
Цуьнан
хан дIайолало: суьйренан цIийялар къайаладаьлча.
Цуьнан
хан лаьтта: къастийначун тIетевжича,
буьйсанан кхоалгIа дакъа тIекхаччалца. Мегаш долчу тIетевжича, шолгIа сатасадоллалца.
Iуьйран
ламаз:
Цуьнан
хан дIайолало: шолгIа
сатасадоьлча.
Цуьнан
хан лаьтта: къастийначу тIетевжича, Iуьйре цIийяллалца.
Мегаш долчу тIетевжича, малх
схьакхетталца.

