91–гIа
дакъа
Хьехамашкахь
барам ларбанбезаш хилар дуьйцу дакъа
Сийлахь-везачу АллахIа аьлла:
«Хьайн Делан новкъа
кхайкха хьикматца а, хазачу хьехамца а» («ан-Нахьл», 125).
699. Абу
Ваил Шакъикъ бин Салама аьлла: Ибн МасIудан, АллахI реза хуьлда цунна, гуттар
а еарин деношкахь тхуна хьехамаш деш Iадат дара, (мухха а цкъа)
цхьана стага элира цуьнга: «ХIай, Абу Iабд ар-Рахьман, ма чIогIа лаар-кха суна, ахь
тхайна хьехам хIор
денна бойла!», - (оцу хьокъехь Ибн МасIуда, АллахI реза хуьлда цунна) элира цуьнга: «Боккъала а, шун кIордадайта ца лаьа суна, (хIан, цундела) ца бо аса шун
хьехамаш (хIора
денна), хIунда
аьлча АллахIан
элчано, АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, тхуна а цу кепара бора хьехамаш, тхуна кIордорах ларлуш» (Бухари:
70, Муслим: 2821).
700. Абу
ал-Йакъзан Iаммар бин Йасира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«Боккъала а, стеган ламаз дехох хилар а, хьехам боца хилар а - цуьнгахь кхетам (фикъхI) хиларан тоьшалла ду.
Цундела ламаз дахде, хьехам бацбе» (Муслим: 869).
701. МуIави
ибн ал-Хьакам ас-Сулмис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа со
АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ламаз
деш а волуш, ламаз дечарех цхьаьннан хьоршам тохар нисделча. Аса элира
цуьнга: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!». Ткъа нах соьгахьа схьахьежа
буьйлира! ХIетахь аса мохь туьйхира: «ХIара хIун ду?! Стенна хьоьжу шу
соьга?!» аьлла. ТIаккха шайн варешна тIе куьйгаш детта буьйлабелира и
нах! Царна лууш хилларг - сайга къамел ма де бохург дуйла со
кхетча, вист а ца хуьлуш, дIасецира со. Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дерзийна велира. Суна, сан нана а, сан
да а санна, хьоме вара иза! Цул хьалха а, я цул тIаьхьа а цул дика хьехархо
гина ма вацара суна. АллахIах дуй ма буу аса: цо халахетар ма ца дира суна, я
тоха а ма ца туьйхира цо суна, я бага а ма ца лейира цо соьга. Цо
элира: «Ламаз дечу хенахь адамашца къамел дан мегаш дац: хIунда аьлча
ламазехь хила дезарг – АллахIна тасбихь дар а, АллахI воккхавар а, Къуръан
дешар а ду». Я кхин цхьа цуьнах теро хIума элира цо. ТIаккха аса хаьттира
цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Дукха хан йоццуш жехIала стаг ма варий со.
АллахIа Ислам-дин даийтина вайна. Тхуна юккъехь цхьацца нах бу-кха - хиндерг
дуьйцучарна тIеоьхуш». Цо жоп делира: «Хьо ма эхалахь царна
тIе». ТIаккха аса хаьттира цуьнга:«Тхуна юккъехь цхьацца нах бу-кха - шайн
лелориг вон билгалонех дазош». Цо жоп делира: «Иза – синхьехам бу,
церан дегнашкахь чIагбелла болу. Амма цо царна дан цхьа а гIо дац (шайн дегнаш цуьнах дIацIандан деза
цара)»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 537).
702. Iирбад ибн ас-Сарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийицна: (Цкъа)
АллахIан
элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сел доглазаме хьехам бира тхуна, цунах тхан
дегнаш кхералуш, б1ерхиш а доьлхуш…
Кхи дIа а дуьззина и хьадис дийцира цо, оха
далийна и хьадис «Хаддаз суннат ларде аьлла дина омра дуьйцучу декъехь», цигахь
вай хьахийра ат-Тирмизис хIара
«Дика, бакъ хьадис ду» аьлла хилар.

