81-гIа дакъа
Iедале (эмиралле) кхача гIертар дихкина хилар а, урхаллашка кхача цагIертар бакъахьа хилар а, нагахь (стаг муьлхха а цхьана гIуллакхе) хIоттийна вацахь я цхьана хьашто цунна и тIедожош дацахь
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ТIаьххьара йолу хIусам къастийна ю Оха лаьтта тIехь базбала а, хьарамлонаш яржо а цалуучарна. Дика чаккхе цхьана Делах кхоьручарна кечйина ю» («Дийцар», 83).
674. Абу СаIийд Iабдуррохьман бин Самурата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIай, Iабдуррохьман бин Самурат, Iедале кхача ма гIерталахь. ХIунда боху хьуна аьлча, ахьа дехна а доцуш, хьоьга и лахь, - оцу тIехь (АллахIера) гIо хир ду хьуна. Ва амма, нагахь ахьа деха а дехна, и хьоьга лахь - хьоьх тешна дуьтур ду хьуна иза. Нагахь ахьа муьлхха а цхьана хIумангахь чIагIо яхь, ткъа цул тIаьхьа хьуна (айхьа чIагIо йиначул а) диках дерг гахь - хьайн чIагIонна тIера мах (каппарат) а такхе, диках дерг де» (Бухари: 7146, Муслим: 1652).
675. Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира соьга: «ХIай, Абу Зарр, боккъалаъ, хьан гIийлалла гуш ву со. Бакъдолуш, сайна лууш дерг хьуна лууш а ву хьуна со, (цундела аса хьехар до хьуна): хIуъа хилча а куьйгалхо (амир) ма хIотталахь шина (адамна тIе а), хIуъа хилча а боберийн бахам лело а ма хIотталахь» (Муслим: 1826).
676. Абу Зарр ал-ГIаффарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аса: «ХIай, АллахIан элча, цхьана а гIуллакхе урхалла дан ца хIоттаво ахьа со?». Сан белшана тIе куьг а тоьхна, тIаккха элира цо: «ХIай, Абу Зарр, боккъалаъ, гIийла ву хьо, ткъа (урхалла - адамах тешийна доккха) аманат ду, къематдийнахь юьхьIаьржо а, дагахьбаллам а хир болуш ду иза - бакъонца схьа а эцна, кхоччуш ша дан дезаш хилларг дина воцучунна» (Муслим: 1825).
677. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Iедале (хьаькамалле) кхача гIерташ хир ду шу, ткъа къематдийнахь дагахьбалламан (бахьана хир ду и)» (Бухари: 7148).

