232-гIа дакъа
Маьждигехь иIтикаф даран дозалла
1268. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Рамадан беттан тIаьххьарачу (хIора) итт (дийнахь) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигехь (иIтикафехь) Iара» (Бухари: 2025, Муслим: 1171).
1269. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Рамадан беттан тIаьхьара итт де маьждигера ара ца волуш (иIтикафехь) доккхура пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Сийлахь-Везачу АллахIа шена Iожалла яллалц (иштта и деш вара иза), ткъа цул тIаьхьа цуьнан зударша а дора иIтикаф» (Бухари: 2026, Муслим: 1172).
1270. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ХIора Рамадан баттахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) итт дийнахь маьждигера ара ца волуш (иIтикафехь) Iара, ткъа ша кхелхиначу шарахь ткъа дийнахь Iийра иза оцу чохь (иIтикафехь)» (Бухари: 2044).

