262-гIа дакъа
(Стага ша) эриг а, дуьйцург а бакъ хилар талла дезаш хиларан хьокъехь
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Хьайна цахууш долучунна тIаьхьа ма хIотта» («ал-Исраъ», 36).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«(Стага) дош эра ма дац - цунна уллохь (и дIаяздеш) сема гIарол волуш бен» («Къаф», 18).
1547. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаг аьшпашбуттург хила кхачам болуш ду - (цо) шена мел хезнарг кхечуьнга дIадийцар» (Муслим: 5).
1548. Самурата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Соьх лаьцна цхьа хIума дийцина верг, цо ша а цхьаьна аьшпаш лоруш долу, ткъа иза – аьшпашбуттучарех цхьаъ ву» (Муслим: 1-9).
1549. Асмаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана зудчо элира аьлла: ««ХIай, АллахIан элча, сан майрачун кхин а цхьа зуда ю. Къа хир дуй-те суна, нагахь аса сайн майрачо сайна совгIат дина моттийтича, ма-дарра аьлча цо суна дина а доцу?». (Цунна дуьхьал жоп луш) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «(Ма-дарра аьлча) шена цаделларг делла моттуьйтуш верг (муташаббиI) - шена тIе аьшпийн ши духар доьхначух тера ву»» (Бухари: 5219, Муслим: 2130).
«МуташаббиI» - ша вуьзна моттуьйтуш волу стаг ву, ма-дарра аьлча вуьзна а воццушехь. (ХIокху гIуллакх тIехь болу) цуьнан чулацам: шегахь муьлхха а цхьа дикалла ю моттуьйтуш, кеп хIиттайо стага, ма дарра аьлча шегахь ян а йоцу. ХIара «шена тIе аьшпийн ши духар доьхначух тера ву» боху дешнаш - «аьшпаш буттург» бохучу маьIнехь ду, ткъа иза – нах тиларчу бигаран дуьхьа (эхартан дуьхьа) дуьне дIатесначу я Iилма долучу, я хьал долучу стеган куц эцначу духарах вухаваьлларг ву, ма-дарра аьлча иштта ван а воцуш. Кхин а ду оцу хьокъехь аьлла хетарш, ткъа цуьнах дерг дикаха хуург АллахI ву.