227-гIа дакъа
Iарафат а, иштта «Iашураъ» а, «тасуIаъ» а деношкахь марханаш кхабаран дозалла
1250. Абу Къатадата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iарафат дийнахь марха кхабаран хьокъехь дерг хаьттича, цо жоп делира: «(Оцу дийнахь кхобучу мархано) дIадаханачу а, тIедогIучу а шерийн (къинойх) дIацIанво»» (Муслим: 1162).
1251. Ибн Iаббаса (АлллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша а кхаьбна Iашураъ дийнахь марха, (бисиначу массаьрга) и кхаба аьлла омра а дина цо[1]» (Бухари: 2004, Муслим: 1130).
1252. Абу Къатадата (АаллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iашураъ дийнахь марха кхабаран хьокъехь дерг хаьттича, цо жоп делира: «(Оцу дийнахь кхобучу мархано) дIадаханачу шеран (къинойх) дIацIанво» (Муслим: 1162).
1253. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, нагахь со тIедогIучу (шаре) валахь, билггал, иссалгIа[2] де а кхобур ду аса» (Муслим: 1162).