327-гIа дакъа
Бакъахьара (гIиллакхе) доцург а, боьха багалеяр а дихкина хилар
1734. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма-стагехь догIуш дац: я багалеяр, я неIалт кхийкхор, я бакъахьара (гIиллакхе) доцу дешнаш алар, я сийдоцурш дийцар» (хIара хьадис Тирмизис далийна: 1978, «хьасан» даржехь ду а аьлла цо хIара).
1735. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъахьара (гIиллакхе) доцучо даиманна а бехдо (сийсаздоккху, эрчадоккху) ша дIахьакхаделла долу массо а хIума, ткъа эхь хетаро - хаздо иза» (Тирмизис далийна: 1975, «хьасан» даржехь ду а аьлла цо хIара).