29-гIа дакъа
Бусалба нехан хьашташ кхочушдар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«… Дика а де - декъала хиларан дуьхьа» («ал-Хьажж», 77).
244. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбанан ваша ву. (Йиш йолуш вац иза) - я цунна гIело ян (я зулам дан), я (мостагIчунна иза) дIавала. Шен вешин хьаштехь (гIодина волучунна) - цуьнан хьаштехь АллахIа цунна а дийр ду гIо. Буслба стаг гIайгIанах хьалхаваьккхинарг - (и бахьанехь) АллахIа къематдийнан гIайгIанех цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Бусалба стаг хьулвинарг - АллахIа къематдийнахь хьулвийр ву» (Бухари: 2442, Муслим: 2580).
245. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху дуьненан цхьана гIайгIанах муъма стаг хьалхаваьккхинарг - АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Таро йоцуш волучу (декхархочунна) аьтто биначунна - АллахIа цуьнан аьтто бийр бу хIокху дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба стаг хьулвинарг - АллахIа иза а хьулвийр ву хIокху дуьненахь а, эхартахь а. АллахI Шен лайна гIо деш хир ву - ша и лай шен вешина гIо деш мел ву. Iилма лоьхучу муьлххачу а цхьана новкъа ваьллачунна - АллахIа и бахьанехь ялсамане боьду некъ атта бийр бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу АллахIан цхьана цIа чохь нах гулбелча, цигахь цхьаьний АллахIан Жайна а доьшуш, вовшашна и Iама а деш, - царна тIе, билггал, синтем буссур бу, (АллахIан) къинхетамо дIа а хьулбийр бу уьш. Малекаш гонаха довлу царна, АллахIа Шена хьалха болучарна юккъехь хьахабо уьш. Шен Iамалша шена хьем биначунна - цуьнан схьаваларо (тайпано) каде хьовза гIо дийр дац цунна» (Муслим: 2699).

