346-гIа дакъа
Хаддаза (марханаш) кхабар хьарам хилар (висал) - иза (стага) шина дийнахь я кхин а сов марханаш кхабар ду, царна юккъехь хIума а ца юуш
1764. Абу ХIурайрас а, Iайшата а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаддаза марханаш кхабар дихкина (висал)» (Бухари: 1964).
1765. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаддаза марханаш кхабар дихкича, (наха) элира (цуьнга): «Ахьа-м ма до иза!». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира (оцунна): «Боккъалаъ, шу санна вац со, хIунда аьлча сайна хIума яош а, малош а ву со» (Бухари: 1962, Муслим: 1106. Кхузахь далийнарг Бухарис дIаяздинарг ду).

