344-гIа дакъа
Моллалла кхойкхуш верг къамат дан волавеллачул тIаьхьа имамана тIехьа лаьтташ волучунна тIедеш долу ламаз (нафила) дан волавалар бакъахьа цахилар - башхалла а яц и суннат оцу ламазаца деш дерг хилча а, ца хилча а
1759. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазна къамат дечу хенахь - парз ламаз доцург, цхьана а тайпана ламаз дан дезаш дац» (Муслим: 710).

