243-гIа дакъа
АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дилларан дозалла
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, АллахI а, Цуьнан малекаш а пайхамарна салават дуьллуш ду. ХIай, иман диллинарш! Салават дилла, (кест-кеста) маршо а еха» («ал-Ахьзаб», 56).
1397. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Суна (цкъа) салават диллиначунна - и бахьанехь АллахIа итт салават дуьллур ду» (Муслим: 384).
1398. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь (массо) адамал суна гергаха хир ву - суна салават дукха дуьллуш хилларг» (хIара хьадис Тирмизис далийна: 484. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
1399. Авс бин Авса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шун денойх уггаре а дезаниг - пIерасканан де ду. Ткъа оцу дийнахь кест-кеста салаваташ дахка суна, хIунда аьлча, боккъалаъ, аша дехкина салаваташ хьалха ухьуш (гойтуш) хир ду суна». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьуна хьалха муха ухьур ду тхан салаваташ - оцале хьо вахкавелла хир волуш хилча?». (Оцуна жоп луш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа лаьттана хьарам дина пайхамарийн догIмаш» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца даладо Абу Дауда: 1047).
1400. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийсаз хуьлда – ша волучохь со хьахийча, суна салават ца диллина волу стаг!» (ХIара хьадис Тирмизис далийна: 3539. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
1401. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан кошах дазден меттиг ма е. Суна салават дилла, хIунда аьлча шун салават суна тIекхочуш ду шу хиллачу муьлххачу а меттера» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 2042).
1402. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Милла велахь а, (со веллачул тIаьхьа) соьга салам делларг - билггал, АллахIа сан са юхадерзор долуш ма ду суна (чу), (цо делла) салам соьга схьаэцийта» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца даладо Абу Дауда: 2041).
1403. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «БIаьрмециг (адам) ду-кха - ша волучохь со хьахийча, суна салават ца дуьллуш дерг» (хIара хьадис Тирмизис далийна: 3540. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
1404. Фадалат бин Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хезна, цхьана стага ша ламаз дечу хенахь АллахIе доIанаш деш - (доIа дан волавалле хьалха) Сийлахь-Веза АллахI хастийна а воцуш, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават диллина а доцуш. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Оцу (стага) сихо йина!». Цул тIаьахьа и (стаг) шена тIе а кхайкхина, элира цо (я кхечу цхьаьнга): «Муьлхха а шух цхьанна АллахIе доIа дан лиъча - шен Сийлахьчу Далла хастам барна тIера дIадоладойла цо и. Цул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават а диллий, тIаккха шена луъург деха» (хIара хьадис Абу Дауда: 1481, Тирмизис: 3475 далийна. Тирмизис аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
1405. Абу Мухьаммад КаIб бин Iужрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхо долучу чуваьлча, оха хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьоьга салам муха дала деза хIинцале а хиънера тхуна, ткъа хьуна салават муха дилла деза оха дийцахьа?». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Ала: «Я, АллахI! Мухьаммадах а, цуьнан доьзалах а къинхетам бе Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо! Я, АллахI! Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а беркат де Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Хастаме, Сийлахь ву Хьо! («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун, Мажид, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун Мажид)» (Бухари: 4797, Муслим: 406).
1406. Ибн МасIуд ал-Бадрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веанера тхо долучу, тхо СаIд бин Iубада (АллахI реза хуьлда цунна) волучохь хевшина Iаш долуш. Башир бин СаIдас хаьттира цуьнга: «Сийлахь-Везачу АллахIа хьуна салават дилла аьлла омра дина тхоьга, хIай, АллахIан элча! Ткъа муха дилла деза оха хьуна салават?». (Цул тIаьхьа) АллахIан элча, (сел веха) вист ца хуьлуш, соцунгIа хилира, хаттанза хилла делара-кха цо и цуьнга (аьлла, тхуна дагахьбаллам а буьсуш). Ткъа цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «(Иштта) ала аша: «Я, АллахI! Мухьаммадах а, цуьнан доьзалах а къинхетам бе Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а беркат де Ахьа - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Боккъалаъ, хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо!» («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала али ИбрахIима, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама соллайта Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун Мажид»). Салам (даларах дерг аьлча - цуьнах дерг) шуна хIинцале а хууш ду» (Муслим: 405).
1407. Абу Хьумайд ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьуна салават муха дилла оха?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Ала: «Я, АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах а, цуьнан зударех а, цуьнан тIаьхьенах а - Айхьа ИбрахIиман доьзалах къихетам баре терра. Беркат де Ахьа Мухьаммадана а, цуьнан зударшна а, цуьнан тIаьхьенна а - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат даре терра. Боккъалаъ, хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо!» («АллахIумма соли Iала Мухьаммадин, ва Iала азважихIи, ва зурриййатихIи, кама соллайта Iала али ИберахIима, ва барик Iала Мухьаммадин, ва Iала азважихIи, ва зуррийййатихIи, кама баракта Iала ИбрахIима, иннака хьамидун Мажид») (Бухари: 3369, Муслим: 407).