197-гIа дакъа
Парз Iуьйра-ламазна (хьалхара деш долу) ши ракаIат дайдаран[1] хьокъехь, оцу шина ракаIатехь доьшуш дерг а, и шиъ деш йолу хан а
1104. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазна моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь гуттар а дайн ши ракаIат (ламаз) дора» (Бухари: 619, Муслим: 724).
Оцу хьадисан Бухарис а, Муслима а далош долучу кхечу ривайатехь дийцина, (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Гуттар (парз) Iуьйра-ламазна (хьалхара) ши ракаIат дора цо, (сел) и шиъ дац а деш, (сайлахьа) аса аллал: «Оцу шингахь «Жайнин нана»[2] мукъане а дийшина-те цо?».
Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Моллалла кхойкхуш хезча, (парз) Iуьйра-ламазал (хьалха) гуттар а ши ракаIат дора цо, и шиъ дай а дора цо».
1105. Хьафсас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Моллалла кхойкхург Iуьйра-ламазна моллалла кхайкхина а ваьлла, арахь серла яла йолаелча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дайн ши ракаIат ламаз дора» (Бухари: 618, Муслим: 723).
Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу кхечу ривайатехь (дийцина, Хьафсас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла): «Сатесча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа а (тIедеш долу суннат) ламаз ца дора, дайн ши ракаIат (ламаз) доцург».
1106. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бус-буса деш долу ламазаш шишша (ракаIат) цхьаьна (нисдеш) дора. Буса тIаьххьара цхьа (ракаIат а дой) дерза а дора цо[3]. Ша Iуьйра-ламаз дале хьалха тIедеш долу ши ракаIат а дора цо, азан деш хезча санна[4]» (Бухари: 995, Муслим: 749).
1107. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазан шина ракаIатах хьалхара ракаIат дечу хенахь гуттар а «Бакъарат» суратера (136-гIа аят) доьшура: «Ала: «АллахIах тешна тхо, Цо тхайна доссийначух а»». Цаьршиннах шолгIа (ракаIат дечу хенахь, «Али Iимран» суратера 52-гIа аят) доьшура цо: «АллахIах тешна тхо, ткъа тоьшалла дехьа тхо бусалба хиларца».
Оццу хьадисан кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) шолгIа ракаIат дечу хенахь «Али Iимран» суратера (хIара аят) доьшура аьлла: «Ала: «Дашна къерахила вай, тхуна а, шуна а цхьабосса долучу…» (оцу хьадисан ши а ривайат Муслима далийна: 727).
1108. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйра-ламазал хьалха (шен лаамехь деш долучу шина) ракаIатехь (хIара ши сурат) дошуьра: «Ала: «ХIай, гаураш!»»[5]; «Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву»»[6] (Муслим: 726).
1109. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Аса (буьззина цхьана) баттахь АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тидам бира. (Оцу ерриге хенахь а, парз) Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат (суннат ламаз) дечу хенахь (хIара ши сурат) доьшуш вара иза: «Ала: «ХIай, гаураш!»»; «Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву»» (Тирмизи: 417, «хьасан» дарж долуш хьадис ду хIара).
[1] КъурIан тIера доьшург доцца дешар бохучу маьIнехь ду иза
[2] «Жайнин нана» - «Фатихьа» суратан цхьа цIе ю.
[3] Вуьшта аьлча: буса шен лаамехь тIедеш долу суннат-ламазаш дечу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора ши ракаIат мосазза ди а салам лора. Оцу ламазийн чаккхенехь кхин а цхьа ракаIат тIедора цо. И ламаз гуттар а цхьайтта ракаIат нислора.
[4] И бохург – пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и ламаз сел чехка дора, оцале шена къамат деш хезча санна.
[5] КъурIанера 109-гIа сурат - «ал-Кафирун» («Гаураш»).
[6] КъурIанера 112-гIа сурат - «ал-Ихлас» («[Динан] цIоналла»).

