311-гIа дакъа
Саьрмасекх, хох, (иштта) вон хьожа йолу муьлхха а хIума йиъначунна, нагахь ваханза ца волуш чIогIа оьшуш хьал дацахь, маьждигна чувахар дихкина хилар, (йиъначунан вон) хьожа хаалучуьра дIаяллалц
1701. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху ораматан (вуьшта аьлча, саьрмасекхан) стом биънарг– хIуъа хилча а вайн маьждигна герга ма вохуьйла» (Бухари: 853, Муслим: 561).
Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу ривайатехь дийцина (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «…вайн маьждигашна…».
1702. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху ораматан стом биънарг - хIуъа хилча а тхуна герга а ма вохуьйла я тхоьца цхьаьна ламаз а ма дойла цо» (Бухари: 856, Муслим: 562).
1703. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Саьрмасекх а, хох а биънарг - тхох гена волуьйла (я тхан маьждигех гена волуьйла)!» (Бухари: 854, Муслим: 546).
Оцу хьадисан цхьана Муслима далош долучу ривайатехь дийцина (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Хох, саьрмасекх, жовхIар-хох биънарг - хIуъа хилча а тхан маьждигна герга ма вохуьйла, хIунда аьлча, боккъалаъ, Адаман тIаьхьенна навкъарло хуьлуш долучух малекашна а хуьлу новкъарло!».
1704. (Цкъа) Iумар бин ал-ХаттIаб (АллахI реза хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь (нахана) хутIба доьшуш волуш, шен хутIбана юккъехь элира цо: «КхиндIа, хIай нах, боккъалаъ, шина ораматан стом бууш ду шу, аса боьха лоруш болу: цIарца аьлча – саьрмасекх а, хох а. АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стагера схьаоьху (оцуьнан а, вукхуьнан а) хьожа хааеллачу хенахь, омра а дой, цо и стаг ал-БакъиIе аравоккхуш (хилла) хилар гина ма вай со![1] Ткъа и шиъ бууш волучо - кхехка а бай, цаьршиннан (хьожа) йойуьйла» (Муслим: 567).
[1] ал-БакъиI - Меднахь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гергахьо долучу кешнийн цIе ю.