166-гIа дакъа
Еарин дийнахь Iуьйранна новкъа валар суннат хилар
956. КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук тIаме ваха велира еарин дийнахь. Гуттар а вара иза еарин деношкахь новкъа валар дезаш» (Бухари: 2949).
Шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу оццу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) наггахь бен ца волура еарин доцучу дийнахь (новкъа)».
957. Сахр бин ВадаI (цIе йолучу) Асхьаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я, АллахI, сан умматана Iуьйренашкахь беркат де Ахьа!» («АллахIумма барик ли уммати фи букурихIа»). Ша бIо я эскар новкъа доккхучу хенахь дийнан юьххьехь дIахьаждора цо и» (Абу Дауд: 2606, Тирмизи: 1212, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

