331-гIа дакъа
Зудчун исбаьхьаллаш стаге йийцар дихкина хиларан хьокъехь, нагахь ШарIан Iалашонаш кхочушъян цаьрга хьаште вацахь, масала: зуда ялон а, и.дI.кх.
1742. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа зуда кхечу зудчух дIа ма хьакхалойла[1], тIаккха шен майрачунна иза йийца а юьйцуш, ша иза цуьнга хьоьжуш волуш санна» (Бухари: 4220).
[1] Масала: барт баккхар, и бахьанехь шен дилха кхечу зудчун дилханах дIа а хьакхадолуьйтуш, цуьнан кIедалла а, хазалла а хаалуш.

