335-гIа дакъа
ШарIо къобалъеш бехказло а йоцуш, зудчунна шен майрачо метта дIакхайкхича юхаялар хьарам хилар
1749. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага шен зуда шен метта дIакхайкхича, иза юхаялахь, цунна оьгIаза ваханчохь (майрачо) буьйса а яккхахь - Iуьйре хиллалц малекаша неIалт бохур ду оцу (зудчунна)» (Бухари: 3237, Муслим: 1436).
Цхьана Бухарис далочу оцу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…иза юхаерззалц…».

