341-гIа дакъа
Бехказа бахьана а доцуш, ламазехь дIасахьежар дика цахилар
1755. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дечу хенахь (стеган) агIонашка дIасахьежаран хьокъехь хаттар делира аса. Цо жоп делира: «(АллахIан) лайн ламазах (цхьа хIума) лачкъош долучу шайтIанан къола ду иза»» (751).
1756. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIуъа хилча а ламаз дечу хенахь (агIонашка) дIаса ма хьежалахь, хIунда аьлча ламазехь дIасахьежар - хIаллакьхилар ду. Нагахь (хьажанза) а ца волуш (хьал делахь) - шен лаамехь тIедеш долу (нафила) ламаз дечу хенахь (хьажа), ва амма парз-ламазехь ма (хьажа)»» (Тирмизи: 589, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).

