340-гIа дакъа
Ламазехь бIаьргаш стигала хьалахьежор дихкина хилар
1754. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туьйхира: «ХIун дагахь бу-те ламазехь шайн бIаьрахьажарш стигала хьалахьежош болу нах?!». Оцу хенахь аз а дара цуьнан чIогIа чIагIдина. (Оцу ша аьллачунна тIетуьйхира цо тIаьхьадогIург): «Цуьнах юхабовла беза уьш, нагахь (юха) ца (бовлахь) – билггал, шайн бIаьрсих бевр ма бу уьш»» (Бухари: 750).

