336-гIа дакъа
Зудчунна шен майра цIахь (уллохь) волучу хенахь, цуьнан пурба а доцуш, марха кхабар хьарам хиларан хьокъехь
1750. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчунна шен майра цIахь волуш марха кхаба магош дац - цуьнан пурбанца бен, (цхьа цхьаъ) цуьнан хIусаме вита магош а дац цунна - цуьнан пурбанца бен» (Бухари: 5195, Муслим: 1926).

