345-гIа дакъа
Марха кхаба (кхиндолучу деношна юккъера) пIерасканан де а, ламазаш дан кхинйолучу буьйсанашна юккъера пIерасканан буйса а къастор дика цахиларан хьокъехь
1760. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазаш дан кхинйолучу буьйсанашна юккъера пIерасканан буьйса а ма къастае, марха кхаба кхиндолучу деношна юккъера пIераскан де а ма къастаде[1], нагахь муьлхха а шух цхьаьннан гуттар (Iадатехь) кхобу марха пIерасканан дийнахь ца нисделлехь[2]» (1144).
1761. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шух цхьаммо хIуъа а хилча а пIерасканан дийнахь марха ма кхобийла, нагахь цул хьалхара (еарин) де а я цунна тIаьхьадогIу (шоьтан) де (а кхаба дагахь вацахь)» (Бухари: 1985, Муслим: 1144).
1762. Мухьаммад бин Iаббада дийцина: ««Аса (цкъа) Жебаре (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттинера: «ПIерасканан дийнахь марха кхабар пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкина дуй?». Цо жоп делира: «ХIаъ»» (Бухари: 1984, Муслим: 1143).
1763. Муъма нехан нанас Жувайрийата бинт ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иза йолучу веъна пIерасканан дийнахь. (Оцу дийнахь) марха долуш хилла иза. Цо хаьттина цуьнга: «Селхана кхаьбний ахьа марха?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Цо хаьттина: «Ткъа кхана марха кхаба ойла йолуш юй хьо?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». (Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) омра дина: «ТIаккха сацаде хьайн марха кхабар!»» (Бухари: 1986).
[1] Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) марханаш кхаба пIерасканан де къастон магош ца хилла - нахана атто яран дуьхьа а, хьал дайдаран дуьхьа а, хIунда аьлча пIерасканан де кхечу Iибадаташна хьажийна хуьлуш долу дела, ткъа цIарца аьлча: рузбанан ламазе маьждиге даха а, кест-кеста Сийлахь-Веза АллахI хьехо а, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салаваташ дахка а.
[2] Цигахь дуьйцуш дерг иштта хIиттина хьелаш ду, масала: стаг къастийначу муьр-муьрехь марханаш кхобуш ву, ткъа цо и марханаш кхобучу деношна юккъехь цхьаъ пIерасканан де а нисделла.

