347-гIа дакъа
Кошана тIе охьахаар хьарам хиларан хьокъехь
1766. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а гIолехь ма ду - кошана тIе охьахуучул а духар дагош чекхбаьлла, чкъурана тIе кхочуш болучу богучу кIоранна тIе охьаховшар!» (Муслим: 971).

