• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

1-ра дакъа

Опубликовано: 20 июня 2010

[Бухари: 1, Муслим: 1907. ХIара хьадис схьадалош ду динан тайп-тайпана агIонаш чулоцуш хIиттийначу хьадисийн жайнех уггаре а дикаха лоруш долучу мухьаддисийн шина а имаман хьадисийн жайнашкахь, и бакъ хьадис лерина болу: Абу IабдуллахI Мухьаммад бин ИсмаIил бин ИбрахIим бин ал-МугIира бин БардизбахI ал-ЖуIфий ал-Бухари а, Абу ал-Хьусайн Муслим бин ал-Хьажжаж бин Муслим ал-Къушайри ан-Найсабури а (АллахI реза хуьлда цаьршинна)].

 

2. Муъма нехан нанас Умм IабдуллахI[3] Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХьаьжцIенна тIе эскар долалур ду. Ткъа (бIаьхой) гIум-аренга кхаьчначу (хенахь) уьш (берриге а) дIахудур бу цо хьалхарачунна тIера тIаьххьарачунна тIекхаччалц». Аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, ткъа дIа муха худу цо уьш хьалхарачуннна тIера тIаьххьарачунна тIе кхаччалц? Царна юккъехь дагахь хIума доцург а (юкъара нах а), царех воцург а хир ма вуй?[4]»[5] Цо жоп делира: «Хьалхарачуннна тIера тIаьххьарачунна тIе кхаччалц дIа-м худур болуш бу уьш, амма гIовтточу (хенахь) шайн негаташка хьаьжжина гIовттор бу уьш» (Бухари: 2118, Муслим: 2884).

 

3. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Толам баьккхиначул тIаьхьа (кхечу махка) кхалха (хIижрат дан) ца оьшу. Ва амма жихIадехь дакъа лаца а деза[6], негат хила а деза. Нагахь шайга кхайкхахь[7] - сихо елаш» (Бухари: 3900, Муслим: 1864).

 

И бохург - Маккара дIа кхечу махка хIижрат дан ца оьшу бохург ду, хIунда аьлча Ислам-дин даьржина даьлла мохк бу иза.

 

4. Абу IабдуллахI Жабир бин IабдуллахI ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Оха пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна дакъа лаьцна долучу цхьана гIазотехь цо элира: «Боккъалаъ, Меднахь (цхьа) нах ма бу - гуттара а шуьца цхьаьна: муьлххачу а новкъа шу дахча, муьлхха а боьра аша хадийча, (шайн цамгаро) уьш совцийна белахь а».

 

Оццу хьадисан кхечу ривайатехь, цо элира аьлла, дийцина: «… цхьанаэшшара шуьца йолан декъехь хуьлуш» (Муслим: 1911).

 

Оцу хьадисан Бухарис далочу Анасан (АллахI реза хуьлда цунна) ривайатехь дуьйцу, цо элира аьлла: «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна тхо Табук гIазотера юхадирзиначу хенахь цо элира: «Боккъалаъ, вайна тIаьхьа Меднахь (цхьа) нах биссина - бехказа бахьана долуш (цигахь) севцина хилла болу, (мухха делахь а) вайца цхьаьна хилла лоруш болу: муьлххачу а ломан новкъа я боьранехула вай даханехь а» (Бухари: 2839).

 

5. Абу Язид МаIн бин Язид бин ал-Ахнаса, шен да а, денда а (АллахI реза хуьлда царна) санна Асхьаб хилла волучу, дийцина: «СагIа даккха лиъначу сан дас Язида, масех динар хьала а даьккхина, цхьана стагана улле охьадиллира (цуьнга муьлхха а цхьана таро йоцучунна дIадалийта аьлла). Цул тIаьхьа со веара цига. И ахча схьа а эцна (сайн дена) схьадеара аса. Цо элира: «АллахIах чIагIо ма йо аса, (хьуна дала) лиъна (охьадиллина) ма дацара аса и!». Цул тIаьхьа со АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велира, цуьнга тхайн къовсам къастабайта. Цо элира: «Хьуна - ахьа негат диннарг ду, хIай Язид, ткъа хьуна – ахьа схаэцнарг ду, хIай МаIн»» (Бухари: 2839).

 

8. Абу Муса IабдуллахI бин Къайса ал-АшIарийс (АллахI резу хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан новкъахь верг мила ву - (нахе ша майра стаг ву алийта) тIом беш верг ву, я (шен) дераллин тIом бийриг ву?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «АллахIан новкъахь тIом беш ву-кха - дерригенал лакхахь (урхалла дийриг) АллахIан дош хилийта тIом беш верг»» (Бухари: 2810, Муслим: 1904).

 

9. Абу Бакрат НуфайI бин ал-Хьарис ас-Сакъафис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шаьшшиннан тарраш (баттара а даьхна) ши бусалба (лата) вовшахкхетахь - вийнарг а, велларг а хир ву жоьжагIатахь». Аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, вийнарг (вахча-м нийса дара оцу чу), ткъа велларг хIунда воьду цига?!». Цо жоп делира: «Иза а ма вара шен накъост вен лууш»» (Бухари: 31, Муслим: 2888).

 

10. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага жамаIатехь деш долу ламаз - цо базарахь я шен цIахь (дечу) ламазал а ткъа даржал сов лакхара (дезаха хуьлуш) ду, хIунда аьлча шух муьлхха а (шух цхьа бусалба), хьакъ долучу кепара (дуьззина) ламаз а эцна, цул тIаьхьа ламаз дар йоцург кхин Iалашо а йоцуш, ламазо бен меттахваьккхина а воцуш, маьждиге вагIахь - иза маьждигна чу кхаччалц йолучу юккъехь хIора цо яьккхиначу гIулчанна дуьхьал, билггал, цхьа дарж лакхавоккхур ву иза, цунна дуьхьал цхьана къинах дIа а цIанвийр ву иза. (Стаг) маьждигна чу ваьлча, (цигахь) ламазо сецош иза мел ву - оцу ерриге хенахь ламазехь (волуш санна лорур ву) иза[8]. Шух муьлххачунна а малекаша доIанаш до, ша шен ламаз дина йолучу меттехь Iаш иза мел ву, ала а олуш: «Я, АллахI, къинхетам бехьа цуьнах! Я, АллахI, гечдехьа цунна! Я, АллахI, тоба къобалдехьа цуьнан, цо (цигахь) цхьанненна а вас йина мел йоцу а, цуьнан ламаз карара даьлла мел доцу а![9]»» (Бухари: 477, Муслим: 649).

 

11. Iабдул МуттIалибан кIентан Iаббасан кIанта Абу Iаббас IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира, Беркатечу, Сийлахь-Везачу шен Дала элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа дIаяздина диканаш а, вонаш а[10]. Цул тIаьхьа Цо кхетийна царех (довзийтина уьш)[11]. Нагахь цхьа диканиг дан сацам а бина, цуьнан и дар ца нислахь - Беркатечу, Сийлахь-Везачу АллахIа Шена гергахь дуьззина цхьа дика дIаяздо и. Нагахь (стага, цхьа дика дан сацам а бина) и дахь - АллахIа Шена гергахь (цунна тIе) итт диканера ворхI бIене а, кхин а сов диканаш дIаяздо. Нагахь (стеган) цхьа вониг дан сацам хилахь, амма цо и (вониг) ца дахь - Веза-Сийлахьчу АллахIа Шена гергахь (цунна тIе) дуьззина цхьа дика гIуллакх (дар) дIаяздо. Нагахь (стага) цхьа вониг дан сацам а бина и дахь - АллахIа цхьа вон дIаяздо цунна» (Бухари: 6490, Муслим: 131).

 

12. Абу Iабдуррахьман IабдуллахI бин Iумар бин ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «(Мацах) шул хьалха (дуьненахь) баьхначарех кхо стаг новкъа ваьлла хилла. Буьйса яккха цхьана хьехахь совццалц (дIаихна уьш). Уьш оцу чубахча, лома тIера чухецабеллачу боккхачу тIулго чIоггIа дIакъевлина церан оцу чуьра (арабовлийла). ТIаккха аьлла цара: «Бакъдолуш, оцу тIулгах тхо хьалхадаха цхьа а хIума дац - АллахIе доIа дар доцург, шаьш йина хилла йолу дика Iамалш юкъа а лоцуш[12]».

 

(Цул тIаьхьа) царех цхьамма аьлла: «Я, АллахI, къен да а, нана а дара сан. Суьйренашкахь цкъа а (шура) ца малайора аса я берашна (доьзална) а, я лайшна а, (цкъа хьалха айса шура) цаьршинна (дIаяллалц). Мухха а цкъа дитташ[13] лоьхуш, цIенна дикка гена ваьккхинера со, ткъа со вухавирзиначу хенахь хIетале бийшина карийра суна уьш. Цаьршинна шура яьккхира аса. Сайна и шиъ наб кхетта дуйла хиъча, я и шиъ самадоккхийла а ца лууш, я доьзална а, лайшна а цаьршинначул а хьалха шура мало а ца лууш, кад а карахь сахиллалц и шиъ самадолу лардеш Iийра со, ерриге оцу хенахь (бераш) мацаллина маьхьарий а хьоькхуш, сайн когех хьерчаш а дитина. ТIаккха (сан да а, нана а) сама а даьлла, шаьшшимма сарахь молуш (долу дакъа) мелира цаьршимма. Я, АллахI, нагахь аса и Хьан юьхь резаян гIерташ динехь[14], кIелхьарадахахьа тхо, и тIулг бахьанехь (тхоьга хIоьттиначу) хIокху хьолах!». Цул тIаьхьа (ша болучуьра тIулг меттахахьайра) гIеххьа херо (йоьллуш), оцу чуьра ара бовлалалур болуш (йоккха) яцахь а.

 

Вукхо аьлла: «Я, АллахI, боккъалаъ, цхьа шича яра сан, массарел а суна дукха езаш…». Оцу хьадисан кхечу ривайатехь цо элира аьлла дийцина: «…Сел дукха езара суна иза, стегаршна уггаре а дукха еза тарлучу кепара. Цуьнга лаам болуш а вара со, амма иза дуьхьал яра суна (сан лаамна). (Иштта хьал лаьттира, йокъа) хIоьттина (цхьа) шо даллалц. ТIаккха со волучу еара иза, ткъа аса цунна цхьа бIе ткъа динар (ахча) делира - цо шена тIекховда суна некъ буьтург. Оцу тIе а еара иза. Сайн (лаам кхочушбан) сан аьтто баьллачу хенахь…». Оцу хьадисан кхечу ривайатехь цо элира аьлла дийцина: «…Со цуьнан когашна юккъе охьахиъначу хенахь цо элира: «АллахIах кхерахьа, бакъонца а доцуш хIара мухIар а ма дохадехьа!». ТIаккха, (сел) массарел а сайна иза дукха езаш хиллашехь, иза Iадда а юьтуш, вухавелира со цуьнах, айса цунна делла хилла долу деши (цуьнгахь дIаIадда а) дуьтуш. «Я, АллахI, нагахь аса и Хьан юьхь (резаяран) дуьхьа дина делахь, хIокху тхоьга хIоьттиначу хьолах кIелхьарадахахьа тхо!». Цул тIаьхьа (юха а и тIулг, меттах а баьлла, хьалхачул а кхин а шуьйра араволийла а юьтуш, дуьхьалара дIатаьIира), ва амма (дуьхьалара тIулг дIахилча яьлла йолу и херо) арабовллал еллаелла яцахь а.

 

КхоалгIачо аьлла: «Я, АллахI, боккъалаъ, цкъа (мехах) белхалой лаьцнера аса. Царех хIоранна а богIу мах дIа а белира аса, цхьа стаг воцучунна, шена догIург а дитина[15], дIаавахана хилла волучу. Цунна догIуш хилла ахча санехьа лелон даьккхира аса, деба а дира аса и. ТIаьххьара боккха бахам а хилла дIахIоьттира и. Цхьа хан яьлча, со волучу а веана, цо элира соьга: «ХIай, АллахIан лай, хьалохьа суна сан мах». Аса элира цуьнга: «Хьан мах бу-кха хIара хьуна мел гуш йолу ерриге эмкалш а, хьелий а, уьстагIий а, лайш а». Цо элира: «ХIай, АллахIан лай, ма кхардахьа сох!». Аса элира: «Со-м дера вац хьох кхаьрдаш». ТIаккха и дерриге (даьхний) схьа а эцна, (лаьллина) дIадигира цо, цхьа а хIума буха а ца дуьтуш. Я, АллахI, нагахь аса и Хьан юьхь (резаян) гIерташ динехь, тхоьгарачу хIокху хьолера кIелхьарадахахьа тхо!». Цул тIаьхьа тIулг дуьхьалара дIабелира. Оцу чуьра ара а бевлла, уьш дIа а бахара» (Бухари: 3465, Муслим: 2743).

 



[1] Вуьшта аьлча: Дела цхьаъ варна тIера ца довлуш. Iаравехь Ислам-дин даржале хьалха «хьанифаш» олий олуш хилла - цхьана Далла бен лолла цадечарех, жуьгтех а боцуш, жаIарийн динехь болучарех а боцуш. КъурIанехь «хьаниф» аьлла вуьйцуш верг - пайхамарийн да ИбрахIим ву (АллахIера маршо хуьлда цунна).

 

[2] Кхузахь дуьйцурш - сагIина (гIурбанна) дайъиначу дийнатийн жижигаш а, цIийш а ду.

 

[3] Умм IабдуллахI - IабдуллахIан нана. Iайшатан (АллахI реза хуьлда цунна) шен бераш хилла а дац, делахь а пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан йишин Асмаан кIентан IабдуллахI бин Зубайрин цIарах цIе тиллина цунна.

 

[4] Масала, эскарна юкъанисбелла некъахой.

 

[5] Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) цецъюьйлу - вониг дан Iалашо йолуш хиллачарна а, вониг дан негаташ цахиллачарна а цхьабосса Iазап даларах.

 

[6] «ЖихIад» боху дош «жахIада» бохучу хандешах кхолладелла ду: муьлхха а цхьана гIуллакхна берриге ницкъ тIехьажор, къийсам латтор, тIом бар. Оцу кеппара, «жихIад» бохург - Исламан-динан мостагIашца тIом бар боху маьIна хилла ца Iаш, оцу дешан шуьйрачу маьIнехь динна тIехула къийсам латтор бохург а ду, масала: шен вочу амалшца къийсам латтор, кхинберш массо а ШарIо магийнарг дарна тIехьехар, и.дI.кх.

 

[7] Кхузахь дуьйцург - урхалчо бусалба нехан мостагIашна дуьхьал гIазоте гIиттаре кхайкхар ду.

 

[8] Вуьшта аьлча: оца ерриге хенахь ламазаш деш волучу стагана санна маьл хир бу цунна, оцу ша ламаз дина йолучу меттехь, еккъа цхьа ламаз дар йоцург, кхин Iалашо а йоцуш сецна Iаш иза мел ву.

 

[9] Вуьшта аьлча: ламаз эцначул тIаьхьа ламаз карахь долуш Iаш иза мел ву. «Вас яр» бохучу дешнех дерг аьлча, хIокху хьадисан массо а ривайаташкахь далош дац уьш, иштта тайп-тайпанара кхетош а ду уьш. ХIан, масала, цхьаболучу тидархоша, маьждигехь нахах муьлхха а цхьанна дашца я гIуллакхца вас яр ду аьлла кхетадо иза, кхечара - ламаз карара далар бахьаница малекашна вас йо аьлла кхетадо.

 

[10] АллахIа «ДIаязде!» аьлла, малекашка омра дина боху маьIна ду цуьнан.

 

[11] Вуьшта аьлча: и гIуллакхаш дIа муха яздан деза кхетийна малекашна.

 

[12] ЦIенна АллахIан дуьхьа дина гIуллакхаш ду цигахь дуьйцуш дерш.

 

[13] УьстагIашна дишни (дежийла) лехарах лаьцна ду къамел.

 

[14] Вуьшта аьлча: «Ас иза дайшна а, наношна а муьтIахь хила аьлла долу Хьан омра кхочушдаран дуьхьа а, цунна дуьхьал сайна Хьоьгара ял хилийтаран дуьхьа а динехь».

 

[15] Ша, болх а бина, даьккхина долу ахча оцу стагехь Iалашдан дитина хилла бохург ду и.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft