330-гIа дакъа
Кемсех «карм» ала цамагарах лаьцна
1740. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кемсех «карм» ма олийла аша, хIунда аьлча, боккъалаъ, «карм» - бусалба ву» (Бухари: 6182, Муслим: 2247. Кхузахь далориг Муслиман ривайат ду).
Оцу хьадисан Муслима далош долучу кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…хIунда аьлча, «карм» - муъма стеган дог ду».
Оцу хьадисан Бухарис а, Муслима а далош долучу кхоалгIачу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…цара «карм» олу, ва амма «карм» - муъма стеган дог ду».
1741. Ваил бин Хьужра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Карм» ма олийла аша, ва амма «Iинаб»[1], «хьабала»[2] ала» (Муслим: 2248).

