334-гIа дакъа
Пхьуьйра-ламаз диначул тIаьхьа къамелаш дар дика цахилар
Кхузахь дуьйцуш долу къамелаш - и хан а йоцуш, кхечу хенашкахь дан хьанал (мубахь) долу къамелаш ду. (Ткъа и бохург - оцу кепара къамелаш) дар а, дитар а цхьабосса дерш ду (бохург ду). Кхечу хенашкахь цхьанна хьарам долу я ца оьшуш долу къамелаш дарах дерг дийцича - и къамелаш оцу хенахь дар кхин а чIогIа хьарам а, ца оьшуш а ду. Ва амма дикачу къамелех дерг аьлча – Iилма Iамош ден къамелаш а, дикачу нахах лаьцна дийцарш дийцар а, оьздачу гIиллакхех лаьцна къамелаш дар а, иштта хьешаца, я ехархочуьнца, я царех тера долу къамелаш дарехь а ца мага хIума дац, муххале а, уьш дар бакъахьара (мустахьаб) ду. Иштта дихкина лоруш дац - (оцу хенахь) бехказа бахьана долуш а, (оцу стеган лаамехь доцуш) цIеххьана нисделларг бахьанехь а къамел дар. Аса дийцинарг бакъ хилар тIечIагIдеш (дукха а) бакъ хьадисаш ду.
1746. Абу Барзас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дезаш вацара пхьуьйра-ламаз дале хьалха дIавижар а, цул тIаьхьа къамелаш дар а» (Бухари: 568, Муслим: 647).
1747. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) шен дахаран чаккхенехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйра-ламаз дира. Ша салам деллачул тIаьхьа цо элира: «ХIара хIун буьйса ю алалур дарий шуьга? Боккъалаъ, хIокху буьйсанал тIаьхьа бIе шо даьлча - тахана[1] лаьтта тIехь бехаш болучарех цхьа цхьаъ (дийна) хир вац» (Бухари: 116, Муслим: 2537).
1748. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо[2] пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьоьжуш Iийра. Буьйса юккъе гергга яханачул тIаьхьа, тхо долучу схьа а веана, тхоьца цхьаьна (пхьуьйра) ламаз дира цо. Цул тIаьхьа тхуна хутIба деша воьллачу цо элира: «Боккъалаъ, (биссиначу берриге) наха ламазаш дина, цул тIаьхьа дIа а бийшина уьш, ткъа шу, ламаз дIадоладалале, хьоьжуш (яьккхиначу оцу ерриге) хенахь хаддаза ламазехь лаьттина[3]» (Бухари: 572, Муслим: 640).
[1] Кхетамашкахь гучудолу: пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех тIаьххьараниг - Абу ТIуфайл Iамир бин Ваил (АллахI реза хуьлда цунна) нисса и къамел диначул тIаьхьа бIе шо даьлча велла.
[2] Вуьшта аьлча: асхьабаш (АллахI реза хуьлда царна).
[3] И бохург: цара хьоьжуш яьккхина йолу и ерриге хан - цара ламазехь яьккхинча санна дIалерина царна бохург ду. Цунна дуьхьала оццул ламазехь Iарна йогIуш йолу ял хир ю царна.

