173-гIа дакъа
Нахах я кхечу цхьаннах кхеравелча дан деза доIа
981. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана нахера кхерам хаабелча олура аьлла: «Я АллахI! Боккъалаъ (гIоьне кхойкху) оха Хьо царна (дуьхьал)[1], Хьан гIоьнца ларло тхо церан вонех!» («АллахIумма, инна нажIалука фи нухьурихIим, ванаIузу бика мин шурурихIим!») (хIара хьадис, «сахьихь» иснад а йолуш, Абу Давуда а: 1537, Насаис а даладо).
[1] Вуьшта аьлча: «Церан хIуьмалгаш, мекарлонаш царна шайнна духьал яхарехь гIодар доьху оха Хьога».

