178-гIа дакъа
Шен цIа юхавирзиначо - доллучул а хьалха, уггаре а уллехь долучу маьждигна чу а вахана, цигахь ши ракаIат ламаз дар суннат хилар
988. КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), муьлхха а цхьанхьа ваханачуьра ша юхавоьрзучу хенахь, доллучул а хьалха маьждигна чу а воьдий, ши ракаIат ламаз дора» (Бухари: 3088, Муслим: 2769).

