362-гIа дакъа
Бозбуунчалла чIогIа хьарам дина хилар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Сулайма вацара керстаналла динарг, шайтIанаш дара уьш керстаналле эгнарш, нахана бозбуунчалла Iамор шайна тIеэцна хилла долу…» («ал-Бакъара», 102).
1793. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iожалле (хIаллаквен) ворхI (къа дарах) ларло». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! ХIун (къинош) ду уьш?». Цо жоп делира: «АллахIаца ширк дар (АллахIана санна кхечарна лолла дар), бозбуунчалла, бакъонца а доцуш, АллахIа ден хьарам дина долу адам дер, декхарна тIера ял яккхар (риба), боберийн бахам биина дIабаккхар, тIелатар дечу дийнахь (тIеман майданара) вадар, оьзда болучу цIеначу бусалба зударшна нахаца лелла (аьлла) цIе кхоллар» (Бухари: 2766, Муслим: 89).