59-гIа дакъа
Шен къинхьегамца, болх а бина хене вала хIума яккхарна тIехьехар. Оцунна тIе а тевжина ехарах юхавалар а, лушьерг схьаэца (цагIертар) а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ламаз дина даьлча - лаьтта тIехула дIаса а гIой, АллахIан къинхетам лаха…» («ал-ЖумуIа», 10).
539. Абу IабдуллахI Зубайр бин ал-Iаввама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а, шен чуханаш схьа а эцна, тIаккха лаьмнашка а вахана, шен букъана тIехь[1] дечиган цIов а беана, и дIабохкар, и бахьанехь АллахIа иза (хьаштах, къоьллах) ларвен долу, - нахе йоьхучул а иза гIолехь хир ма ду цунна, цунна (цхьаъ) яла (а, иштта хIуммаъ) ца яла (а тарлуш болучу)» (Бухари: 1471).
540. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а (цхьаъ) яла (а, иштта хIуммаъ) ца яла (а тарлуш волучу) цхьаьнга йоьхучул а - шен букъана тIехь баьккхина дечиган цIов бар гIолехь хир ма ду!» (Бухари: 1470, Муслим: 1042).
541. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дауд (пайхамар) (АллахIера маршо хуьлда цунна) шен куьйга къахьегна яьккхинарг бен юуш вацара»[2] (Бухари: 2379).
542. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Закари (АллахIера маршо хуьлда цунна) дечиган пхьар вара» (Муслим: 2379).
543. Ал-Микъдам бин МаIдийакриба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьаммо а цкъа а шен куьйга къахьегна яьккхиначул дикаха хIума ма ца йиъна. Боккъалаъ, Дауд а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла шен куьйга къахьегна яьккхинарг юуш» (Бухари: 2072).