• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

3-гIа дакъа

Опубликовано: 03 октября 2010

 

Иштта кхин дуккха а ду - шайн чулацамехь собаре хила дезаш хилар а, цуьнан дозалла а кхетош омра деш долу айаташ.

 

25. АшIарерчу Абу Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЦIано - иманан ах ю[7]. «АллахIана хастам бу» («Алхьамду лиллахI») (бохучу дешнаша - мийзан) терза дузу. «Сийлахь ву АллахI, АллахIана хастам бу» («СубхьаналлахIи валхьамду лиллахIи») (бохучу дешнаша) - стигланашна а, лаьттана а юккъера меттиг юзу. Ламаз - серло ю, сагIа - тоьшалла ду, собар - лепар ду, ткъа КъурIан – тоьшалла ду я хьоьгахьа, я хьуна дуьхьал[8]. Берриге нах Iуьйранна (шайн гIуллакхашка) дIабоьлху - я шен са духкуш, я и хьалхадоккхуш» (Муслим: 223).

 

 

26. Абу СаIид СаIд бин Малик бин Синан ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Мухха а цкъа) ансарех цхьана наха АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаъ-м йийхира - ткъа цо царна елира (и). Юха а цхьаъ йийхира цара цуьнга - (юха а) елира цо царна (и). ТIаьххьара а шегахь мел ерг дIаелира цо (царна). Ша шен керахь мел долу хIума дIаделла ваьлча, цо элира цаьрга: «Муьлхха а сайга кхаьчна долуш долу дика цкъа а шух лачкъийна, къайла доккхур долуш ма вац со. (Делахь а, дагахь латта делаша шайна: нахе ца еха) сатоха гIиртинарг[9] - АллахIа сатохаме вийр ву, (нахе куьг ца кховдон, кIеззиг бен дацахь а) шен ницкъаца (шен долучуьнца) чекхвала хьаьжнарг - АллахIа хьалхавоккхур ву (нахе дехаре валарна тIе ца воккхуш), ткъа собаре хилларг - АллахIа собаре вийр ву. Цхьаннена а делла ма дац собарал дикаха а, сов беркате а дерг» (Бухари: 1496, Муслим: 1053).

 

27. Абу Яхья СухIайб бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сел башха ду-кха муъма стеган хьал! Боккъалаъ, цуьнан хьелех хIора хьал а цунна (цхьа) хайра (дика) долуш ду-кха. Я муъма воцучу цхьанненна (делла а дац) оцу (тайпа башха хIума). Нагахь муьлхха а цхьана хIумано иза воккхавевахь (нагахь цуьнга муьлхха а цхьа воккхавевен хIума дагIахь) - (АллахIана) шукаре хуьлу иза, ткъа и цхьа хайра а хуьлий дIахIутту цунна. Нагахь цуьнга бала багIахь - собаре чеккхволу иза, тIаккха и а - хайре доьрзу цунна» (Муслим: 2999).

 

28. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (цамгар язъяларна) кхетам чуьра вала воьлча, ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ЭхI, ма (боккхачу) баланехь ву-кха хьо, сан да!». ТIаккха цо жоп делла: «Таханачул тIаьхьа-м хьоьгур бац хьуна хьан дас (хIара) бала». Иза веллачул тIаьхьа (ПетIамата) аьлла: «ХIай, сан да! Далла жоп дели ахьа – (Цо Шега) дIакхайкхича! ХIай, сан да! Воьрзу меттиг пирдовс ялсаманеш хили-кха хьан хIинца! ХIай, сан да! Жабраиле хаам бо-кха оха - хьо валар (хоуьйтуш)!». Иза дIавоьллина бевлча, ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIай, нах! Реза долуш хилира шу – шеш АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе латта хьокхуш?!» (Бухари: 4462).

 

29. Абу Зайд Усама бин Зайд бин Хьариса, АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) азатхо хиллачу, цуьнан да ма веззара цунна везаш а хиллачу, дийцина: «(Шен хенахь) пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоIа[10] (иза волучу стаг) вахийтина - цуьнга шен кIант лечу киртигехь хиларан хьокъехь хаам эцна: «(Цундела) тхо долучу гучувалахьара хьо» (аьлла). Ва амма,  пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (и стаг) юханехьа дIахьажийна - цаьрга салам-маршала а дохьуьйтуш, (цаьрга хIара дешнаш) дIаалар (тIе а дуьллуш): «Боккъалаъ, АллахIан ду - Цо дIаэцнарг а, (иштта) Цо делларг а. Доллу хIума а хан тоьхна ду Цуьнан. Цундела собаре а, АллахIера йоле догдохуш а хуьлда иза[11]». Амма (цхьа хан яьлча) юха а (цунна) тIаьхьа вахийтира цо (стаг) – «Тхоьга ванза ма Iахьара хьо» аьлла, дуй а кхуллуш. ТIаккха (пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) шен меттара хьалагIаьттира. Цуьнца цхьана хьалагIаьттира СаIд бин Iубадат а, МуIаз бин Жабал а, Убай бин КаIб а, Зайд бин Сабит а, кхин а цхьацца стегарий а (АллахI реза хуьлда царна). Дехьар дан воьлла кIант дIакховдийра АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Ткъа цо иза шен некха тIе а таIош, хих дуьзира цуьнан бIаьргаш. (И гиначу) СаIда хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! И хIун ду?»[12] Цо жоп делира: «ХIара - АллахIа Шен лайн дегнашна чу биллина къинхетам бу-кха».

 

 

 

Оцу хьадисан кхечу ривайатехь цо элира аьлла ду: «…Шен лайх шена лиъначуьнан дагна чу, хIунда аьлча, боккъалаъ, АллахIа къинхетам Шен лайх къинхетаме болучарех бийр болуш бу» (Бухари: 1284, Муслим: 923).

 

 

 

30. СухIайба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шул хьалха цхьана заманахь вехаш цхьа паччахь хилла. Цуьнан (гIуллакхехь дIахIоьттина) цхьа бозбуунча хилла. Ша къанвелча, паччахье аьлла цо: «Боккъалаъ, къанвелла со. Муьлхха а цхьа жима стаг ваийтахь суна тIе - аса цунна бозбуунчалла Iамор дара». Вукхо цунна тIе цхьа жима стаг хьажийна - цуьнга иза Iамавайта. (Жима стаг холмачхо волучу цIа) воьдучу новкъахь цунна дуьхьал кхетта цхьа мозгIар. Цунна улло охьа а хиъна, цо дуьйцучуьнга (леррина) ладоьгIна цо. Ткъа (цо дийцинарг чIогIа) тайна цунна. (Оцул тIаьхьа) жима стаг, ша холмачхо волучу воьдучу хенахь, хIоразза а и мозгIар волучухула чекх а волий воьдуш хилла - цуьнца хиина Iархьама (иза волучохь саца а соцуш). Ткъа бозбуунча волучу схьавеъча - цо кхунна етташ хила[13]. (Жимачу стага) и (гIуллакх) мозгIаре далхийча, цо аьлла: «Нагахь хьайна бозбуунчух кхерам хIоттахь, ахьа ала: «Сан доьзало цIахь хьевира (сацийра) со». Нагахь хьайна хьайн гергарачаьргара кхерам хилахь, ахьа ала: «Бозбуунчо хьевира со».

 

ХIан, цкъа иштта оцу хьолехь а волуш[14], (жима стаг), дагахь а доцуш, лапъаьлла цхьана доккхачу экханна тIеIоттавелла. (Оцу новкъа нах паргIат) лела ца буьтуш хилла оцу (доккхачу экхано). Цо аьлла: «Тахана хуур ду-кха суна диканиг муьлха ву – холмачхо я мозгIар?». Цул тIаьхьа, тIулг схьа а эцна, мохь тоьхна цо: «Я АллахI! Нагахь мозгIаран гIуллакхаш Хьайна гергахь холмачхочуьнан гIуллакхел а сов дукха дезаш делахь - нехан (паргIат) дIасалела йиш хилийтаран дуьхьа хIара экха де Ахьа!». И (тIулг) ласттийна оцу экханна тIе а бахийтина, (тоьхна) дийна цо (иза). ТIаккъа шайна маьрша баха-бахка паргIатбаьлла нахана (и некъ). Цул тIаьхьа, мозгIар волучу а веана, (жимачу стага дерригенах а лаьцна) охьадийцича, цо аьлла цуьнга: «ХIай кIант! Тахана сол а гIолехь ву хьо, хIунда аьлча суна гуш бу хьо шега кхаьчна (долучу даржан) барам. Иштта, боккъалаъ, хьоьга хьоьжуш лаьтта зиэраш. Ткъа хьайна таIзар дан долийча, (варлахь) суна тIе ма хьовса белахь уьш».

 

 

 

Оцул тIаьхьа жима стаг волавелла - бIаьрзечийн бIаьрса духадерзо а, йолу цамгар (проказа) йолучарна дарбанаш дан а, иштта нах кхинйолучу цамгарех тобан а. Оцуьнах дерг хезна хилла паччахьа гергаоьзначарех волучу цхьана бIаьрзечунна. (ТIаккха) дуккха а совгIаташ а дохьуш, и (жима стаг) волучу веаначу цо аьлла: «ХIара (хьуна гуш) долу дерриге (даьхний) хьо да волуш хир ду-кха - нагахь ахьа со товахь». (Цунна дуьхьал жимачу стага) аьлла: «Боккъалаъ, аса товеш ма вац цкъа а цхьа а. Боккъалаъ, Сийлахь-Веза цхьа АллахI ву товийриг. Ткъа нагахь ахьа Сийлахь-Везачу АллахIе иман диллахь, аса доIа дийр ду хьуна АллахIе - тIаккха Цо хьо товийр ву». Цо иман диллина. ТIаккха Сийлахь-Везачу АллахIа товина иза. Цул тIаьхьа и (стаг), паччахь волучу а вахана, ша гуттар ма хаъара цунна улло охьахиъна. (Паччахьа) хаьттина цуьнга: «Хьан бIаьрса духадерзийнарг мила ву?». Вукхо жоп делла: «Сан Дела ву-кха». Паччахьа хаьттина: «(Кхин) Дела[15] ву, ткъа, хьан, со воцург?». Цо жоп делла: «Сан Дела а, хьан Дела а – АллахI ву». ТIаккха иза схьа а лаьцна, цул тIаьхьа хаддаза сел (чIогIа) таIзар дан долийна (цунна, паччахьан омра кхочушдеш) - цо и жима стаг мичахь ву схьавийццалц. ТIаккха жима стаг схьавалийна паччахьна тIе. Паччахьа аьлла цуьнга: «ХIай, кIант! Хьайн бозбуунчаллехь бIаьрзечийн бIаьрса духадерзалучу а,  йолу цамгар (проказа) йолучарна дарба далучу а, (иштта кхин) хIара а, иза а далучу а (даржийн лакхенашка хьо кхаьчна аьлла) хабар ду соьга кхаьчна». (Оцу хьокъехь жимачу стага) аьлла: «Боккъалаъ, аса-м дера ца до аддамна а дарба – дарба дийриг Сийлахь-Веза цхьа АллахI ву». ТIаккха иза а, (важа санна) схьа а лаьцна, цул тIаьхьа хаддаза сел (чIогIа) таIзар дан долийна (цунна, паччахьан омра кхочушдеш) - цо и мозгIар мичахь ву гайтталц.

 

 

 

Цул тIаьхьа цунна тIе схьавалийна и мозгIар а. Цуьнга аьлла (паччахьа): «Керстаналла де хьайн динаца (я хьайн динах вала)!». Ва амма иза ца тигна (керстаналла) дан. ТIаккха (омра дина паччахьа): «Схьаба херх» аьлла. И херх (оцу мозгIаран) коьртана юккъе а хIоттийна, сел чIогIа (оцу) херхаца вийкъира цо иза, ши ах (лаьтта тIе) охьа а южуш. Цул тIаьхьа (паччахьна) тIевалийна цуьнан гергаоьзначарех хилла верг. Цуьнга а аьлла (вукхуьнга санна): «Керстаналла де хьайн динаца (я хьайн динах вала)!». Иза а ваьлла керстаналла ца деш дуьхьал. ТIаккха цо цуьнан коьртана юккъе а хIоттийна, сел чIогIа херх хьаькхна вийкъира иза, цуьнан ши ах лаьтта тIе охьа а южуш. Цул тIаьхьа жима стаг (паччахьна) тIе схьа а валийна, цуьнга а аьлла (хьалхарачу шинга аьлларг санна): «Керстаналла де хьайн динаца!». Иза а ца тигна керстаналла дан. ТIаккха шен ялхойн цхьана тобане иза дIа а велла, (паччахьа)  аьлла: «Иштта хIокху-оццу лома а вигий, цуьнца лома тIе хьала а довлий, шаьш (ламанан) буьххье кхаьчначу хенахь (дIахеца иза) - нагахь иза шен динах вухавалахь. Нагахь иза юха ца валахь - чукхосса иза оцу (буьххьера)!».

 

 

 

Иза а эцна уьш цига дIакхаьчна. Лома тIе хьалабевллачу хенахь (жимачу стаг) доIа дина: «Я, АллахI! Со царех  хьалхаваккха Ахьа - Хьайна лиъначу кепара!». ТIаккха лам бега а бина, уьш хахкабелла чу баьхкина (оцу тIера). Ткъа (жима стаг) юха а волавелла паччахьна тIевеана. Паччахьа хаьттина цуьнга: «Ткъа хьоьца хиллачарех хIун хилла?». (Жимачу стага) жоп делла: «Сийлахь-Везачу АлахIа хьалхаваьккхина со царех!». ТIаккха (паччахьа) шен ялхойх кхечаьрга дIа а велла, аьлла: «(ХIордана) тIе дIа а вигий, хIордакеманна тIе а хаавай, хIордана юккъе а ваккхий, (дIахеца иза) - нагахь иза шен динах вохахь. Нагахь ца вохахь - (хIордана чу) кхосса иза!». Цара иза (шайга омра динначе) дIавигина. Эццахь жимачу стага аьлла: «Я, АллахI! Со царех  хьалхаваккха Ахьа - Хьайна лиъначу кепара!». Цул тIаьхьа, кема тIекIел а даьлла, (паччахьан ялхой) хина буха бахана. Ткъа (жима стаг юха а) волавелла паччахьна тIе схьавеана. Паччахьа хаьттина цуьнга: «Ткъа хьоьца хиллачарех хIун хилла?». (Жимачу стага жоп делла): «Сийлахь-Везачу АлахIа хьалхаваьккхина со царех!». Цул тIаьхьа цо аьлла паччахье: «Боккъалаъ, хьоьга со венлур вац - аса хьайга омра динарг ахьа даллалц!». (Паччахьа) хаьттина: «ХIун ду иза?». (Жимачу стага) жоп делла: «Цхьана айъаеллачу майданахь нах дIагулбан беза ахьа. ТIаккха хурманийн диттан (пальмин) гIодах со дIавехка. ТIаккха сан Iад-баттара пха схьа а эций, и пха секха-Iодана юккъе а нисбай, «Оцу кIентан Делан АллахIан цIарца!» а олуш, тIетоха суна ахьа. Нагахь ахьа иштта оцу кепара и (дерриге) дахь - хьоьга со венлур ву хьуна».

 

 

 

ТIаккха (паччахьа) цхьана айъаеллачу майданахь нах а гулбина, (жима стаг) хурманийн диттан (пальмин) гIодах дIа а вихкина, цуьнан Iад-баттара пха а баьккхина, и пха секха-Iодан юккъе а нисбина, «Оцу кIентан Делан АллахIан цIарца!» а олуш, (Iодара) пха дIахецна цо. Ткъа и пха бахана (жимачу стеган) лергаюххе кхетта. (Ткъа и жима стаг), шен куьйга шен лергаюх а лаьцна, велла. Ткъа наха аьлла: «Иман дуьллу оха оцу кIентан Деле!». Цул тIаьхьа паччахьа (гергаоьзначара, цунна) тIе а баьхкина, цуьнга аьлла: «Ахьа хIун эра дара хьо ларлуш хиллачуьнан хьокъехь?[16] АллахIах дуй ма буу оха: хьо кхийринарг хила ма хилла хьуна, хIунда боху хьуна аьлча: наха иман дилли!». ТIаккха паччахьа омра дина: «(ГIалин) кевнашна гергахь (я некъаш къаьстачохь) саьнгарш яха» аьлла. Саьнгарш а яьхна, царна чохь цIераш а летийна, тIаккъа аьлла (паччахьа): «Шен динах юхацаваьлла хIора а (оцу) цIерга кхосса!» (я: ишттачуьнга[17] элира аьлла: «Чукхоссало!»). Ткъа (ялхоша) кхочушдина (цо дина хилла долу омра) - (цIарна тIе) шен кIант а карахь цхьа зуда хIотталц. (ЦIарна уллохь) юкъа йожа ца (лууш), юхагIоьрттина, сецна и (зуда). Циггахь (цуьнан карарчу) беро аьлла цуьнга: «Сан нана! Собаре хила хьо, хIунда аьлча, боккъалаъ, бакъ (дин) ду хьуна хьан (дин) (я: «Бакъонна тIехь ю хьуна хьо!)» (Муслим: 3005).

 

 

 

31. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цкъа, елха а йоьлхуш, кошана уллохь лаьтташ йолучу цхьана зудчунна юххешхула волуш, (саца а сецна, цуьнга) аьлла: «АллахIах кхера, собаре а хила». Юьхь-духьал иза вевзаш хилла йоцучу оцу зудчо аьлла: «Йитахь со Iадда - хьоьга ца кхаьчна и соьга кхаьчна болу сингаттам!». Оцул тIаьхьа (цхьамма) аьлла цуьнга: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) варий иза-м!». ТIаккха пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (хIусаман) неIаре еана иза. Амма цигахь (цуьнан неIарехь ха деш) хехой ца карийна цунна[18]. Цо аьлла цуьнга: «Суна ца вевзинера хьо!». Ткъа цо аьлла цуьнга: «Боккъалаъ, собар - баланна юьххьехь (хила догIуш ду)» (Бухари: 1283, Муслим: 926).

 

 

 

Оцу хьадисан Муслима далийначу ривайатехь дийцина: «Веллачу шен кIантана йоьлхуш йолу».

 

 

 

32. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа боху: «Сан муъма лайна кхин бекхам хир болуш бац Сан, цунна дезначу адамех цхьаъ Айса дIаэцча - нагахь оцул тIаьхьа иза АллахIерачу йоле догдохуш (собаре) чекхвалахь, ялсамани йоцург» (Бухари: 6424).

 

 

 

33. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iаьржачу уьнан хьокъехь дерг хаьттира. Ткъа цо суна дийцира: «Iаьржа ун – бала бу, Сийлахь-Везачу АллахIа Шена лиъначарна тIе боссош хилла болу. Ткъа Сийлахь-Везачу АллахIа муъма нахана-м къинхетамна дина иза. Цундела (муьлхха а) АллахIан лай, Iаьржа ун даьржича шен махкахь сецна волу, собаре а волуш, АллахIан йоле догдохуш а волуш (хIунда аьлча АллахIа шена яздинарг бен шена хир доцийла хуун дела) - динна тIехула кхелхиначу шахIидан санна ял хир ю (цунна)» (Бухари: 5834).

 

 

 

34. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Бакъдолуш, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа аьлла: «Аса, Сайн лай зийча, цунна дукха безначу шиннах (а ваьккхина) - нагахь иза цунна собаре хилахь, Аса цунна цаьршинна дуьхьал ялсамани лур ю» (Бухари: 5653).

 

 

 

«Дукха безначу шиннах» бохучух луург - бIаьргаш ду.

 

 

 

35. IатIаъ бин Абу Рабахьа дийцина: «(Цкъа) ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) элира соьга: «Ялсаманин охIланах йолу зуда гайта аса хьуна?». Аса элира: «ХIаъ». Цо элира: «ДIа Iаьржачу аматехь йолучу зудчо, (шен хенахь) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира: «Лазар а догIий, чарпаш (приступаш) хуьлу суна. (И бахьана долуш) ерзина йолу со[19]. Сийлахь-Везачу АллахIе доIа дехьа суна»». (Цунна жоп луш, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Нагахь хьайна лаахь собаре хила - тIаккха ялсамани хир ю хьуна. Ткъа нагахь хьуна лаахь - аса Сийлахь-Везачу АллахIе доIа а дийр ду хьуна, хьуна гIоле яр доьхуш». Цо аьлла: «Собаре хир ю со». Цул тIаьхьа (тIетуьйхира цо): «Боккъалаъ, ерзина йолу-кха со. АллахIе дехахьа суна, со ерзина цаялийтар (доьхуш)». Ткъа цо АллахIе доIа дира цунна (сиркхо тIегIоьртиначу хенахь ерзина цаялийтар доьхуш) (Бухари: 5652, Муслим: 2576).

 

 

 

36. Абу Iабдуррохьман IабдуллахI бин МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьоьжуш санна ву-кха со, цхьана пайхамарах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лаьцна дуьйцуш волучу: шен тайпанхоша (къомо) цIийш эххалц шена йиттича, шен юьхьа тIера цIийш дIа а хьоькхуш, хIара дешнаш бохуш хилла волучу: «Я АллахI! Гечдехьа сан тайпанхошна (къоманна), хIунда аьлча, боккъалаъ, хууш бац-кха уьш!»» (Бухари: 2477, Муслим: 1792).

 

 

 

37. Абу СаIийда а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина,

 

пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стаге хIуъа дагIахь а - хуьлда и хIоттар, я хала (яхъелла) цамгар, я сингаттам, я гIайгIа, я цатам, я бала, кIохцалг Iоттадалар бен дацахь а – АллахIа, билггал, цунна дуьхьал гечдийр ду цунна цуьнан къинойх цхьадерш» (Бухари: 564I, Муслим: 2573).

 

 

 

38. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ваханера со, (чIогIа) хорша хьаьдда, бала хьоьгуш волучу. Аса элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Ма чIогIа хорша ю-кха хьуна!». Цо элира: «ХIаъ, шух муьлххачул а (шозза сов бала хьоьгуьйту соьга) сан хоршано». Аса хаьттира: «Хьуна шозза сов ял хуьлуш хир ду иза?». Цо жоп делира: «ХIаъ, иштта-м ду иза. Муьлхха а шега цхьа вон деана волучу бусалбанна - (хуьлда иза лазийнарг) къохцалг я оцул а воха дерг - и бахьанехь АллахIа, билггал, гечдо цуьнан вонашна. Шен къинойх а цIанво Цо иза, охьа а эгаш уьш, шен гIанех цIанлучу диттех терра»» (Бухари: 5647, Муслим: 257I).

 

 

 

39. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа Шена дика дан луучунна тIе зиэр доуьйту» (Бухари: 5645).

 

 

 

40. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьанненна а хIуъа хилча а - шега кхаьчна болу (муьлхха а цхьа) бохам бахьанехь валар ма лоийла. Нагахь и цунна ца хилча йиш йоцуш делахь – хIета, цо олийла: «Я, АллахI! Со вахаве Ахьа - вахар суна дикаха мел ду. Iожалла а е Ахьа сан - нагахь валар суна дикаха делахь!»» (Бухари: 5671, Муслим: 2680).

 

 

 

41. Абу IабдуллахI Хаббаб бин ал-Аратт (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) шен коьртана кIел йиллина шен тIекхуллург а йолуш, КаIбан IиндагIехь волучу АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) леткъа дуьйлира тхо[20]. Оха элира цуьнга: «ГIо ца доьху ахьа вайна? АллахIе доIа ца до ахьа вайна?». (Оцунна жоп луш) цо элира: «Шул хьалха хиллачарна юккъехь (хIокху кепара таIзарш) хуьлура: стаг[21] схьа а лоций, цунна лаьттах ор а доккхий, иза оцу чу а воккхий, тIакха херх схьа а бохьий, и цуьнан коьрта тIе а хIоттабой, хьокхий шина декъе воькъура. Эчиган яхкарш хьокхий, цуьнан дилха этIадора, даьIахкашла а кIоргеха чу а дуьссуш. (Амма, бакъдолуш) оцуьнга а ца бахалора уьш шайн динера юха (керстаналле)! АллахIах дуй ма буу аса: АллахIа (цхьа а шеко йоцуш), билггал, кхочушдина дIахIоттор долуш ма ду хIара гIуллакх[22]. Ткъа СанIаэра дIа Хьадрамовте вахаваьлла бере - АллахI воцучух цхьанненах кхера а ца кхоьруш, (иштта) шен жа (бахьанехь) берзалойх а. Амма шу дукха сихлуш ду!» (Бухари: 3612).

 

 

 

(Оцу хьадисан кхечу) ривайатехь аьлла: «…коьртана кIел тIекхуллург а йиллина. (Оцале) оха дуккха а баланаш лайнера мушрикашкара».

 

 

 

42. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хьунайнахь[23] (тIом хиллачу) дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаболу нах (тIеман хIонс) йоькъучу хенахь (декъехь кхечарел а) сов бехира. (ХIан) ал-АкъраI бин Хьабисана бIе эмкал елира цо. Оццул Iуйайн бин Хьиснанна а елира. Иштта (кхечарел а) сов бохуш (комаьрша) дакъош дира цо оцу дийнахь цхьацца цIе яхана болучу Iаьрбошна а[24]. (И гIуллакх гиначу) цхьана стага элира: «АллахIах дуй буу аса: оцу кепара дакъош дарехь йийриг нийсо ма яц! Я АллахIан юьхь резаяран дуьхьа дина гIуллакх а ма дац и!». ТIаккха аса элира: «АллахIах дуй буу аса: билггал, дIахоуьйтур ма ду аса оцуьнах[25] дерг АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)». Цул тIаьхьа, иза волучу а веана, (оцу стага) аьлларг дIадийцира аса. (Сан дешнаш хезначу хенахь) юьхь хийцаелира цуьнан, (цIен басаран я цIен дешин бос а) оьцуш[26]. ТIаккха мохь туьйхира цо: «Мила ву тIаккха нийсо йийриг - АллахI а, Цуьнан элча а ца хилча нийсо лелош?!». Цул тIаьхьа элира цо: «АллахIа къинхетам бойла-кх Мусах, шена кхин а даккхийра халахетарш (зенаш) диннашехь а, собаре хилла волучу!». Аса чIагIо йира: «Боккъалаъ, хIокхул тIаьхьа (иштта) болу хаам тIекхачор ма бац аса цунна!» (Бухари: 3150, Муслим: 1062).

 

 

 

43. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа, Шена Шен лайна диканиг лиъча – хIокху дуьненахь баланашка озаво иза. Ткъа АллахIа, Шена шен лайна вониг лиъча - цуьнан къиношна дуьхьал хIокху дуьненахь баланашка ца озаво иза, къематдийнахь буьззина бекхам баран дуьха».

 

 

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, боккха маьл - доккхачу зиэрана (я баккхийра баланаш ларна) дуьхьал (хуьлуш) бу. Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа Шена цхьа нах безабелча - Цо уьш зиэрашка (баланашка) озабо. (Оцу зиэрашна а, баланашна а) воккхавиначунна[27] - (АллахIан) резахилар (карор) ду, оьгIазваханачунна - (АллахIан) оьгIазло хир ю» (Тирмизи: 2903, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» дарж долуш ду).

 

 

 

44. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу ТIалхьин (АллахI реза хуьлда цунна) кIант вара цомгаш. Абу ТIалхьа цIахь а воцуш, иза велла. ЦIавирзича Абу ТIалхьас хаьттина: «Муха ду сан кIентан гIуллакхаш?». Беран нанас, Умм Сулаймас, жоп делла: «Вуно тийна ву». ТIаккха цунна хьалха пхьор а диллина, хIума йиъна цо. Цул тIаьхьа цуьнца буьйса яьккхина цо. Ткъа иза паргIатваьлла ваьлча, цо аьлла цуьнга: «КIант дIаволла». Iуьйре ма хилла, Абу ТIалхьа, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хиллачух лаьцна дерриге дIадийцина цо цуьнга. Цо хаьттина: «Оцу буса цхьаьна дIадийшиний шу?». (Абу ТIалхьас) жоп делла: «ХIаъ». (ТIакха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Я АллахI! Беркат де Ахьа цаьршинна!». ТIаьхьа (Абу ТIалхьин зудчо) кIант вина. Абу ТIалхьас элира соьга: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевигахьа иза[28]» - цуьнца цхьаьна масех хурма а йохьуьйтуш. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «ХIуммаъ юй цуьнгахь?». (Аса) жоп делира: «ХIаъ, хурманаш ю». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), уьш схьа а эцна, Iовша а Iаьвшина, юха шен багара (Iаьвшина хурма) схьа а эцна, беран бага йиллира, (цуьнан багахь) дIасахьаькхира, цунна IабдуллахI аьлла цIе а туьллуш» (Бухари: 1301, Муслим: 2144).

 

 

 

Оцу хьадисан Бухарис далош долучу ривайатехь дийцина, ибн Iуйайна элира аьлла:

 

«Ансарех волучу цхьана стага элира: «Суна исс кIант ма гира, царех хIора а КъурIан доьшуш а волуш[29]». Цо буьйцуш берш - оцу керла виначу IабдуллахIан кIентий бу.

 

 

 

Оцу хьадисан Муслима далош долучу ривайатехь тIаьхьадогIург дийцина: «Умм Сулаймас вина волу Абу ТIалхьин кIант веллачу хенахь, цо аьлла шен гергарачаьрга: «Абу ТIалхье ма алалаш цуьнан кIантах дерг - аса айса аллалц». Иза цIавирзиначу хенахь, цунна хьалха пхьор диллина цо. ХIума а йиъна, хи а мелла. Цул тIаьхьа цунна хазъелла дIахIоьттина иза, цул хьалха цкъа а цаеллачу кепара. ТIаккха цуьнца дIавижина иза. (Умм Сулаймас), шена иза вуьзна а, (шеца деъначу гIуллакхах) кхачам хилла а гича, хаьттина: «ХIай, Абу ТIалхьа! Алахь соьга, наха юхалург муьлхха а цхьана (кхечу) цIийнан охIлане лелон муьлхха а цхьа хIума елча, цул тIаьхьа цара шаьш лелон  елларг дIаехча, царна и дIацалуш дуьхьал хила йиш юй церан?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». (Умм Сулаймас) аьлла: «ХIета, собаре хила! АллахIерачу йоле сатесна хила хьо, хIунда аьлча велла хьан кIант». ТIаккха оьгIазвахана иза. Цул тIаьхьа аьлла цо (Умм Сулайме): «Со бехваллалц а витина, тIаккха хоуьйтуш ду ахьа суна сан кIантах дерг?!». ТIакхха, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вахана, хилларг-лелларг дерриге дIадийицина цо цуьнга. Оцу хьокъехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «АллахIа беркате йойла шуьшинна шайн буьйса!». Оцул тIаьхьа Умм Сулайма берах хилира. (Цхьа хан яьлча) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана новкъа ваьлла новкъахь вара. Цуьнца (баханачарна юккъехь Умм Сулайма) а яра. АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, новкъара цIавоьрзучу хенахь буса Меднина чувогIуш Iедал долуш вацара иза цкъа а. Ткъа уьш Меднина герга гIоьртиначу хенахь, (бер деш догIу) лазарш дахка дуьйлира (Умм Сулаймина). Абу ТIалхьа (зудчуьнца цхьаьна) висира, ткъа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхиндIа ваха вуьйлира. Абу ТIалхьас элира: «Боккъалаъ, Хьо хууш ву-кха, хIай сан Дела, со АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна хила лууш хилар, иза дIавоьдучу хенахь а, иза юхавоьрзучу хенахь а. (ХIинца) цуьнах со вухасецош дерг а Хьуна гуш ду-кха!». ТIаккха Умм Сулаймас элира: «ХIай, Абу ТIалхьа! Иштта чIогIа а дац суна лазарш, дIагIохьа». Кхин а некъ а бина, нисса тхо[30] Медне дIамакхеччи, юханехьа лазарш а доладелла, кIант вира цо. Сан нанас[31] элира соьга: «ХIай, Анас! Ахьа иза Iуьйрре АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIекхачаваллалц цхьаммо а накха ма лойла цунна!». Iуьйре ма хилла, иза схьа а эцна, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу дIавигира аса иза».

 

 

 

45. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЧIогIа вац - дуккха а (болу нах) эшош верг, чIогIа ву – ша оьгIазвахча, чуьра ца волуш (собаре хилалуш) верг» (Бухари: 6114, Муслим: 2609).

 

 

 

46. Сулейман бин Сурада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) со пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хиина Iаш (волучу хенахь), цхьа ши стаг вовшашка бага леян волавелира. Ткъа цаьршиннах цхьаьннан юьхь цIийъелира, логана тIера дегапхенаш дусаделира. (И сурт гиначу) АллахIан элчано (АлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, цхьа дешнаш хаьа суна, цо уьш аьлча, билггал, цуьнан дог туьйра долу. Цо аьлча: «АллахIаца ларло со неIалт хиллачу шайтIанах» («АIузу биллахIи минаш шайтIониррожим») - оьгIазваханачуьра васталур ма вара иза». ТIаккха цуьнга аьлла цара: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) боху хьоьга: «АллахIе хьо ларвар деха неIалт хиллачу шайтIанах»» (Бухари: 3882, Муслим: 26I0).

 

 

 

47. МуIаз бин Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь Веза АллахI (Сийлахь ву И) Шен кхолламашна хьалхахь шен оьгIазло хьулйиначуьнга вист хир ву - Шегахь и кхочушъян аьтто а боллушехь, цуьнга харжийтаран дуьхьа хьурул-Iинех шена езннарг» (Абу Дауд: 4777, Тирмизи: 2022, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

 

 

 

48. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийхира аьлла: «Хьехар лохьа суна». Цо аьлла: «ОьгIаз ма эха!». Цул тIаьхьа а вукхо мосуьйттазза дира (шен дехар), амма пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоразза а олура: «ОьгIаз ма эха!» (Бухари: 6116).

 

 

 

49. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма стаг а, муъма зуда а хаддаза цуьнах шех а, цуьнан берех а, цуьнан бахамах а хьакхалун долучу зиэрашкахь (баланашкахь) хир ду – (и шиъ) къинойх цIена[32] Сийлахь-Везачу АллахIан дуьхьал кхетталц» (Тирмизи: 2401, цо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).

 

 

 

50. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Шен хенахь) Iуйайн бин Хьисн[33] веара Медине. Шен вешин кIант ал-Хьурра бин Къайс волучу тIевоьссира иза. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) шена гергаоьзначарех цхьаъ вара иза. Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна) кхеташонан декъашхой а, иза дагавуьйлуш берш а даима а КъурIан хууш берш хуьлура, уьш баккхийра нах[34] я къона нах хиларе а ца хьоьжуш. Iуйайна аьлла шен вешин кIанте: «ХIай, сан вешин кIант! Оцу урхалчина (амирана) гергахь хила ма-еззара дика юкъаметтиг (сий-ларам) йолуш ву хьо, со тIевитар дехахьа цуьнга». Ткъа цо и дехар тIедаьхьира Iумарна (АллахI реза хуьлда цунна). Оцу тIехь цуьнгара пурба а хилла, Iумарна (АллахI реза хуьлда цунна) тIе кхаьчначу цо аьлла: «ХIай, ибн ал-ХаттIаб! Аса дуй ма буу АллахIах: тхуна кIеззиг бен луш ма вац хьо, я тхуна тIехь нийсонца куьйгалла деш ма вац хьо!». (И хезна) Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) сел чIогIа оьгIазвахана, цунна таIзар дан ойла а йолуш. Амма ал-Хьуррас аьлла цуьнга: «ХIай, муъманехан урхалча (амир)! Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла-кха шен пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «КъинтIера волуш хила[35]. Диканиг де алий, омра де[36]. Боданенаш (жехIалаш) бита шаьш боллучохь!»[37]. Ткъа кхуьнах дерг аьлча - хIара-м нийсса боданечарех цхьаъ ма вуй». АллахIах ду ма буу аса: цо и аят дешначу хенахь, цуьнан чулацамна дуьхьал нислуш долу цхьа а хIума ма ца дира Iумара, хIунда аьлча иза виллина дIа Сийлахь-Везачу АллахIан Жайнин (Iедало аьллачунна) тIехь вара» (Бухари: 4642).

 

 

 

51. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, сол тIаьхьа хьакъ (кхачон цадогIучаьрга) дIадала хIуьттур бу[38]. (И санна) шу реза доцу гIуллакхаш лелон (а хIуьттур бу)». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! ХIун омра до ахьа тхоьга (оцу хене девлча)?». Цо жоп делира: «Шайна тIедиллина хьакъ дIалур ду аша, ткъа шайна догIург - АллахIе деха дезар ду аша» (Бухари: 7052, Муслим: 1843).

 

 

 

52. Абу Йахьйа Усайд бин Хьудайра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ансарех цхьана стага аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Со урхалча[39] ца хIоттаво ахьа, иштта хIара хьенех ма хIоттора?». (Цунна жоп луш) аьлла цо: «Боккъалаъ, сол тIаьхьа хьакъ (кхача цадезачаьрга) дIадала хIуьттур болуш бу, ткъа шу собаре хила - Хьовд-Iам[40] тIехь соьца цхьаьна вовшахкхетталц»» (Бухари: 7057,  Муслим: 1845).

 

 

 

53. Абу ИбрахIим IабдуллахI бин Абу Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша мостагIчунна (тIамна) дуьхьал ваханачу цхьана дийнахь[41], чубузучу агIор малх охьаберззалц хьоьжуш а Iийна[42], тIаккха нахана юккъе дIа а хIоьттина, аьлла: «ХIай, нах! МостагIчуьнца дуьхь-духьал кхетар ма лаа. АллахIе шаьш хьалхадахар а деха[43]. Ва амма, шаьш (илла а, билла а) цаьрца дуьхь-дуьхьал нисделлехь - тIаккха собаре хила, ялсамани (шайн) таррийн IиндагIашкахь юйла а хаа!». Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Я, АллахI! Жайна доссош волу, мархаш лоьлуьйтуш волу, бартахойн тукхамаш[44] эшийна волу! Эшабехьа уьш, царна тIехь тхуна толам а лохьа!» («АллахIумма мунзилал китаи, ва мужрийассахьаи, ва хIазимал ахьзаи, ихIзимхIум, вансурна IалайхIим») (Бухари: 2818, Муслим: 1742).

 



[1] Кхузахь бохург иштта чулацам болуш ду: «ТIеман халонаш ларехь шайн мостагIашца а чIогIа собаре хила».

 

[2] Кхузахь «рабитIу» бохучу дешан маьIна – ламаз диначул тIаьхьа маьждиг чохь сацар бохург ду, цул тIаьхьа догIучу ламазан хан а ларъеш. Цул совнаха, «рабитIу» бохучу дешан чулацам «рабитIа дIа ма тасалаш» бохучу маьIнехь а нисло. «РибатI» – дозанна уллера чIагIо ю, герзаца цигахь Iаш динна тIехула къийсам латтон эскарш («мурабитIуна») а долуш.

 

[3] Кхузахь дуьйцург - тайп-тайпанарачу баланех хуьлу зенаш ду, иштта хьал-бахам закатна а, кхиндолучу дикачу гIуллакхашна а харже баккха безаш хилар а ду.

 

[4] Кхузахь къамел - гергарачу нехан хьокъехь ду, шайн Iажаллица я Аллан новкъахь Цуьнан Iедал хIоттон бечу тIамехь кхелхина хилла болучу.

 

[5] Иза – АллахIа шега омра динарг кхочушдан стага чIоггIа бина сацам бу.

 

[6] Вуьшта аьлча: «Дерриге гуш, кхеташ хилийта».

 

[7] Кхузахь «иман» - «ламаз» боху маьIна долуш ду. Иштта цуьнан чулацам - цIано яран ял ламаз даран йолан эханга нислуш хир ю бохург а ду. ХIунда аьлча ян езачу кепара йина цIано а йоцуш дина ламаз – ламаз лоруш дац.

 

[8] Стаг КъурIанехь долучу АллахIан омрашна тIаьхьа вазаре хьаьжжина.

 

[9] Вуьшта аьлча: «…нахе цхьа а хIума ца еха, шен долучух тоам бан гIиртинарг».

 

[10] Кхузхаь юьйцуш ерг Занаб ю (АллахI реза хуьлда цунна).

 

[11] Вуьшта аьлча: «АллахIера хин йолучу йолан дуьхьа собаре хуьлда иза».

 

[12] СаIд (АллахI реза хуьлда цунна) цецвуьйлуш ву - шен йоIе АллахIана муьтIахь йолучуьра йоха ца юхуш, хаза собаре чекхъяларе кхайкхина волу пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) воьлхуш а гина.

 

[13] Хьевалар бахьанехь.

 

[14] Вуьшта аьлча: цкъа мозгIар волучу вогIуш, тIаккха бозбуунча волучу вогIуш.

 

[15] Iаьрбийн «Робб» бохучу дешан «Дела» а, иштта «эла» а аьлла маьIнаш ду.

 

[16] Паччахь вуно чIогIа ларлуш а, кхоьруш а хилла шен пачхьалкхерачу халкъо цхьана АллахIе иман дилларах.

 

[17] Вуьшта аьлча: динах ца воьхна, дуьхьал ваьллачу хIоранга а.

 

[18] Оцу балхо и зуда цецъяьккхиина хиллера бохург ду и, хIунда аьлча, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьолаллехь вехаш ву моьттуш хилла иза.

 

[19] Вуьшта аьлча: «Чарпаш (приступаш) яьхкича, дегIан цхьайолу меженаш ерзина йовлу сан, сан лаамца а доцуш».

 

[20] «Мушрикаша ечу гIелонна бина латкъамаш» бохург бу цуьнан чулацам.

 

[21] Вуьшта аьлча: Делах тешна стаг.

 

[22] Кхузахь дуьйцург - Ислам-дин ду.

 

[23] Хьунайн – Маккина юххера боьра ю, 630-чу шарахь ТIаиферчу мушрикашна тIехь бусалба наха толам баьккхина йолу, вуно йоккха хIонс а йоккхуш.

 

[24] Цхьацца тукхамийн баьччанийн хадам боллуш Ислам-дине безам бахийта, уьш тIетабан дина и пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

 

[25] Кхетамашкахь билгалдо - и стаг я ансарех, я церан бартахойх хилла хилар. Цундела цуьнга пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьокъехь ишттаниг аладалар хиъча, инзара ваьлла вара ибн МасIуд.

 

[26] «Кхин воьдийла йоцуш, сел чIогIа оьгIазваханера иза» бохург ду и.

 

[27] Кхузахь къамел - шен кхолламна хамталлаш а ца еш, собарца зиэраш а, халонаш а ловш чекхаваьллачух лаьцна ду.

 

[28] Къамел керла диначу берах лаьцна ду.

 

[29] «Царех хIора а КъурIан дагахь хууш вара» бохург ду и.

 

[30] Кхузахь буьйцурш - Абу ТIалхьа а, Умм Сулайма а бу, новкъа дIабаханачу вукхарна тIаьхьакхиъна хилла болу.

 

[31] ХIара хьадис дийцина волу Анас - керла диначу беран ненан агIор ваша ларалуш вара.

 

[32] Нагахь бусалба стага а, зудчо а, АллахIах тешаш, Цуьнгарачу йоле сатуьйсуш, тайп-тайпанара баланаш а, халонаш а лахь - шайн къинойх цIанбала бахьана хир ду и царна, оцу хьадисехь а, иштта кхин дуккха а хьадисашкахь гойтуш ма-хиллара.

 

[33] Iуйайн бин Хьисн - фазар цIе йолучу тукхаман (тайпанан) баьчча хилла ву. Цкъа дуьххьара пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мостагIалла лелийна цо. Делахь а, эххара - я бусалба наха 630-чу шарахь Макка яккха йиссинарг дукха хан йоццуш, я цул тIаьхьа - Ислам-дин тIеэцна цо. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веллачул тIаьхьа юха а, Ислам-динах а ваьлла, бусалба дин дIатесна цо. Харц пайхамаран ТIулайхьан агIор а ваьлла, тIом бина цо. ТIаккха бусалба нехан кара, йийсаре веъначу цо, юха а Ислам-дин тIеэцна. Цул тIаьхьа паргIатвитина иза Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна).

 

[34] Кхузахь буьйцуш берш - ткъе итт шарал сов бевлла баккхийнаш бу.

 

[35] Вуьшта аьлча: «Ахьа тIеэца еза оцу кепара сийлахь йолу оьзда дикаллаш, гечдалуш а, къинтIера валалуш а хилар санна йолу».

 

[36] Кхузахь дуьйцург - ШарIо магаре дийриг ду.

 

[37] «ал-АIраф», 198.

 

[38] Кхузахь дуьйцург - тIеман хIонс харцонца дIаекъар а, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш декъаха бахар а ду.

 

[39] И стаг - я муьлхха а цхьана кIоштан урхалча хIотта лууш хилла, я сагIанаш гулдархо хила лууш хилла.

 

[40] Кхузахь дуьйцург - Кавсар ду, оцу чуьрачу хица муъма наха къематдийнахь шайн хьогалла малъеш, муьйлуш долу.

 

[41] Кхечу дешнашца аьлча: тIеман цхьана тIелатарехь.

 

[42] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана тIом бан атта хилийта, йовхо лагIъяллалц Iаш хилла.

 

[43] И бохург – «Массо халонех а, вонех а шаьш хьалхадахар а деха» бохург ду.

 

[44] Кхузахь дуьйцуш дерш - 627-чу шарахь Меднина го лаьцна хилла долу бартахойн тайпанаш ду.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft