• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

7-гIа дакъа

Опубликовано: 14 октября 2010

74. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) элира аьлла: «Умматаш гайтира суна (стигала ваьккхиначу буса). ТIаккха, цхьа пайхамар гира сунна - нахах кIеззигчу тобанца[1], кхин пайхамар а - цуьнца цхьаьна цхьа-ши стаг а волуш, кхин пайхамар а - цуьнца цхьаьна цхьа а воцуш. ЦIеххьана дуккха а нах хIиттира суна хьалха. ТIаккха сан ойла хилира - иза сан уммат ду-кха аьлла. Амма соьга элира: «ХIара – Муса а, цуьнан къам а ду». Со цхьана агIор дIахьаьжча, ткъа цигахь кхин а дуккха а нах гира сунна. Соьга элира: «ХIара ду хьан уммат. Цаьрца цхьаьна кхузткъе итт эзар ялсамане гIон верг ву, хьесап а, Iазап а доцуш». Цул тIаьхьа, хьала а гIаьттина, шен цIа чу вахара иза. ТIаккха ойлаеш, къамеле бевлира нах. Оцу ялсамане боьлхучеран хьокъехь царех цхьаболучара элира: «Схьахетарехь, АллахIан элчанан накъостий (асхьабаш) хилларш хир бу уьш». Ткъа вукхара элира: «Доллачул хьалха - бусалба динехь бина а, АллахIаца цхьа а накъост ца нисвина а берш хир бу уьш». Кхин а шайн дагахь дерш элира цара. ТIаккха АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уьш болучу чувеара, ткъа цара дIадийцира цуьнга шайна хеттарг. Цо элира: «Уьш – шайна доIанаш дешар ца лоьхуш берш а бу, (дегIа тIера меттигаш дарбанна) яга ца йийриш а, и ца лоьхурш а, олхазар тIемадаларах доьзна лоруш долучу харц хьесапех ца тешаш берш а[2], шайн Далла тIе болх буьллуш берш а бу». ТIаккха Iуккаша бин Мухьсина, хьала а гIаьттина, элира: «АллахIе дехахь - со царех цхьаъ вар». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цаьрца хир ву хьо». Цул тIаьхьа кхечу цхьамма а, хьала а гIаьттина, аьлла: «АллахIе дехахь - со а хилийтар царех цхьаъ». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Оцу тIехь Iуккашас хьалхе яьккхи хьол а»»[3] (Бухари: 5750, Муслим: 220).

 

75. (ХIара а ду) иштта ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) кест-кеста олура аьлла: «Я, АллахI! Хьуна муьтIахь хили со. Хьоьга иман дилли аса. Хьуна тIе таваккал ди аса. Хьоьга вирзи со[4]. Хьо бахьана долуш къийсало со[5]. Я, АллахI! Хьан сийлахьаллица ларло со - кхин дела вац, Хьо (цхьаъ) воцург, - Ахьа со тилорах. Лийр воцу дийнаниг ву Хьо. Ткъа жинаш а, адамаш а лийр долуш ду» («АллахIумма лака асламту, ва бика аманту, ва Iалайка таваккалту, ва бика хасамту. АллахIумма аIузу биIиззатика, лаилахIа илла анта ан тудиллани, антал хьаййул лази ла йамуту, вал жинну вал инсу йамутун») (Бухари: 7383, Муслим: 2717). 

 

76. (ХIара а ду) иштта ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахI кхачаме ву тхуна, тIехдика лардархо а ву И!»[6] - И дешнаш ИбрахIим (пайхамара) (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цIерга кхоьссиначу хенахь аьлла. Изза (дешнаш) Мухьаммад (пайхамара а) (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла - наха шега аьллачу хенахь: «Боккъалаъ, нах гIиттина шуна дуьхьал - озалойша царех!»[7]. Цо (муххале а) иманехь совбехира уьш. Цундела цара элира: «АллахI кхачаме ву тхуна, тIехдика лардархо а ву И!»[8] (Бухари: 4563, Насаи).

 

77. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялсамане гIура долуш ду - шайн дегнаш олхазарийн дегнех тера долу адамаш» (Муслим: 2840).

 

Цхьаболучара кхузахь буьйцуш берш - шайн болх АллахIе буьллуш берш бу аьлла, ткъа вукхара кхузахь дуьйцуш дерш - кIеда дегнаш долу (адамаш) ду аьлла[9].

 

78. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. (Шен хенахь) иза, АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) цхьаьна Нажд[10] агIор гIазоташкахь хилла. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) цигара вухаверза новкъа ваьллачу хенахь, иза а хилла цаьрца цхьаьна вухавогIуш. Делкъанна садуIучу хенахь цхьа боьра болучу кхаьчна уьш, юькъа яьлла коканийн хьун (я коьллаш) а йолуш. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) гIаш ваьлла, ткъа нах тайп-тайпаначу агIор дIасабахана, диттийн IиндагIе бовла дагахь. АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) акказин IиндагIехь дIатарвелла, шен тур оцу тIе хьала а оьллина. «КIеззиг дийшина Iаьхкича, цIеххьана АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) тхайга кхойкхуш (хезира) тхуна. (Тхо цунна тIедаьхкира). ДIахьаьжча, цунна уллохь цхьа акха Iарбо вара. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) дийцира): «Оцу (стага), со вижина а волуш, сан тур баттара схьа а даьккхина, суна тIе (хьалаайдина). Ткъа со самаваьлча, даьккхина тур а карахь, лаьтташ вара иза. Цо элира: «Хьамма ларвийр ву хьо сох?». Ткъа аса кхузза жоп делира (цунна): «АллахIа!»». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна)) оцу стагана таIзар ца дира, тIаккха иза[11] охьахиира» (Бухари: 2910, Муслим: 843).

 

Оцу хьадисан кхечу ривайатехь Жабира дийцина: «(Шен хенахь) тхо АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) цхьаьна Зат ар-РикъаI[12] гIазотехь дакъалоцуш дара. Дехха IиндагI дина (лаьтташ долучу) диттана тIе кхаьчначу оха (и IиндагIе меттиг) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) йитира. Цул тIаьхаь цига мушрикех цхьа стаг веара. АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дитта тIехь кхозуш долу тур а гина, и (тур шен) баттара а даьккхина, цо хаьттина: «Кхоьрий хьо сох?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «Дера ца кхоьру». (Оцу стага) хаьттина: «Сох кIелхьара хьамма воккхур ву хьо?». (Цунна дуьхьал цо) жоп делла: «АллахIа!».

 

(Оцу хьадисан) Абу Бакр ал-ИсмаIилис шен «Сахьихь» жайнахь далочу ривайатехь (тIаьхьадогIург дийцина): «Ткъа (оцу стага) хаьттина: «Сох кIелхьара хьамма воккхур ву хьо?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «АллахIа!». ТIаккха цуьнан карара тур охьадуьйжира. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), гIалкх (тур) кара схьа а эцна, хаьттина цуьнга: «Ткъа (хIинца) хьо хьамма воккхур ву сох кIелхьара?». Оцу стага элира: «Къинхетам бехьа!». (Оцунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Тоьшалла дой ахьа: АллахI воцург кхин дела цахиларца а, со АллахIан элча хиларца а?». Цо аьлла: «ХIан-хIа, ва амма аса ваIда йо хьуна - хьуна дуьхьал тIом ца бан а, хьоьца тIом бечарех дIацакхетан а!». ТIаккха цо иза дIахийцира. (Оцу стага) шен накъосташна тIевахча, (цаьрга) аьлла: «Нахах уггаре дика стаг волучуьра вогIу со шуна тIе!»». 

 

79. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийицина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шу, шаьш дан ма-деззара АллахIана тIе таваккал деш (болх АллахIе дIалуш) делахьара - Цо шуна, цхьа а шеко йоцуш, олхазаршна ма-даллара рицкъа лур ма-дара, Iуьйранна мецачу чоьнца дIа а доьлхий, (сарахь) дуза а дузий юхадогIуш долучу» (хIара хьадис Тирмизис даладо: 2345, «хьасан» хьадис ду аьлла волучу).

 

80. Абу Iумар ал-Бара бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийицина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (цхьана стаге) элира аьлла: «ХIай, хьенех! Хьайна (дIавижа) метта вала лиъча, ала: «Я АллахI! Хьуна муьтIахь хили со[13]. Хьоьга ерзий аса сайн юьхь[14]. Сайн гIуллакх Хьан кара дели аса[15]. Сайн дерриге гIуллакхаш, сайн лаамехь а[16], Хьуна хьалхахь кхерарна а[17], Хьоьх теший аса[18]. Хьоьх лочкъийла а, кIелхьараволийла а яц-кха - Хьоьга верзар йоцург! Со тешна - Ахьа доссийначу Хьан Жайнах а, Ахьа ваийтиначу Хьан пайхамарах а» («Алло́хIумма асламту нафси́ илайка, ва фаввадту амри́ илайка, ва ваджжахIту ваджхIи́ илайка, ва алжаъту захIри́ илайка, рагIбатан ва рахIбатан илайка. Ла́ малджаа ва ла́ манджа́ минка илла́ илайка, а́манту бикитабикаллази́ анзалта, ва бинабиййикаллази́ арсалта)». Цхьа а шеко йоцуш, (и аьллачу) буса хьо лахь - хьо виначу хенахь хиллачу хьолехь (санна) валар хир ду хьан, ткъа нагахь Iуьйре хиллалц вахахь - дика карор ду хьуна[19]» (Бухари: 6313, Муслим: 2710).

 

Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь ялош йолучу кхечу ривайатехь дийцина, ал-Барас элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «Хьайна дIавижа (лиъча) – ламаз эца, ламаз дале хьалха айхьа оьцуш дерг санна. ТIаккха хьайн аьтту агIонна тIе дIавижа. ТIаккха ала: …». Цул тIаьхьа (ал-Барас лакхахь хьахийначух) тера цхьа хIума дийцира. ТIаккха (аьлла цо): «Оцул тIаьхьа (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «И дешнаш айхьа (хIора дийнан чаккхенехь) тIаьххьара олуш дерг хилийта ахьа»». 

 

81. Абу Бакр ас-Сиддикъ IабдуллахI бин Iусман бин Iамир бин Iамр бин КаIб бин СаIд бин Тайм бин Мурра бин КаIб бин Луайй бин ГIалиб ал-Къураши ат-Таймис (АллахI реза хуьлда цунна) - иза а, цуьнан нана а, да а асхьабех дара (АллахI реза хуьлда царна) - дийцина: «Тхо хьехахь дIалевчкъина долучу хенахь[20], тхешан кортошна юххехь мушрикийн когаш гира суна. Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь муьлхха а царех цхьаъ шен когашна кIел оьхьахьажахь - цхьа а шеко йоцуш, вайша гур ву-кха цунна!». (Суна жоп луш, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ХIун аьлла хета хьуна, хIай, Абу Бакар, шиннах лаьцна, цаьршинца кхоалгIаниг АллахI волучу!» (Бухари: 4663, Муслим: 2381).      

 

82. Муъма нехан нанас Умму Саламата - цуьнан цIе ХIинд бинт Абу Умаййа Хьузайфа ал-МахзумиййахI ю (АллахI реза хуьлда цунна) - дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хIусамера ша араволучу хенахь гуттар а олура: «АллахIан цIарца (араволу со). АллахIана тIе болх билли аса. Я АллахI! Со Хьоьца ларло тиларах а, со кхечо тилорах а, гIалат валарах а, кхечо со гIалат ваккхарах а, айса цхьанна зулам дарах а, сайна кхечо зулам дарах а, сонта леларах а, я кхечара соьца сонталла лелаярах а» («БисмиллахIи, таваккалту IалаллохIи. АллохIумма инни аIузу бика ан адилла ав удалла, ав азилла, ав узалла, ав азлима, ав узлама, ав ажхIала, ав йужхIала Iалаййа») (Сахьихь хьадис ду хIара, сахьихь иснад ялош дийцина а ду Абу Дауда а, Тирмизис а: 3423, кхинболучу мухьаддисаша а. Тирмизис аьлла: «ХIара хьасан, сахьихь хьадис ду». Кхузахь далийнарг Абу Дауда дийцинарг ду).

 

 

 

83. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Шен цIера ша араволучу хенахь хIара дешнаш) аьллачуьнга: «АллахIан цIарца! АллахIана тIе болх буьллу аса. АллахI воцучу Цхьанггехь я ницкъ а бац, я гIора а дац[21]» («БисмиллахIи, таваккалту IалаллахIи, вала хьавла вала къуввата илла биллахI») олу[22]: «Нийсачу новкъа вуьгуш ву хьо, хьалхаваьккхина хьо[23], ларвина хьо[24]». ШайтIа а генадолу цуьнах» (ХIара хьадис Абу Дауда: 5094, Тирмизис: 3423, Насаис, иштта кхинболучу (мухьаддисаша) а даладо. Тирмизис аьлла хIара «хьасан» хьадис ду).

 

 

 

(Оцу хьадисан) Абу Дауда (далош долучу) кхечу ривайатехь аьлла ду: «Ткъа (цхьана шайтIано) вуькхуьнга олу: «Стагера хьайна (луург кхочуш муха) дало хьоьга, нийсачу новкъа вуьгуш волучу, хьалхаваьккхина волучу, ларвина волучу?!».

 

 

 

84. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волуш (Меднахь) вехаш ши ваша хилла. Цаьршиннах цхьаъ гуттар а пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу оьхуш хилла[25], ткъа важа, шен пхьолица (корматаллица) болх а беш, (хене вала хIума йоккхуш) хилла. (Мухха а цкъа) болх беш волучо пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен вешина арз[26] даьхьна. Ткъа цо аьлла: «Хьан рицкъа хьуна иза бахьанехь луш хила тарлуш ду хьуна»[27].

 



[1] Кхаанна тIера иттанга кхаччалц долу терахь ду цигахь дуьйцург.

 

[2] Вуьшта аьлча: Олхазар муьлхачу агIор тIема долу хьаьжжина, деш хиллачу харц хьесапашка ла а доьгIуш, шайна доьгIначунна дуьхьал хила ца туьгу уьш. Ислам-дин даржале йолучу хенашкахь Iаьрбошна юккъехь чIогIа даьржина лелаш хилла: олхазарш муьлхачу агIор тIема довлу а хьожий, шайн кхоллам цуьнах базор.

 

[3] Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хьулда цунна) оцу стагана иштта долу жоп делла хила тарло - оцу стагана дина доIа къобалдина хир доцийла хууш.

 

[4] Цигахь дуьйцург - доллучу дикане верзар а, стаг АллахIана герга веш мел долучунна тIеверзар а ду.

 

[5] Вуьшта аьлча: «Сайн мостагIашца къийсамаш латтабо аса, Ахьа сайна диссийна бакъо гойтуш долу билгалонаш а, тоьшаллаш а бахьана долуш».

 

[6] «Али Iимран» сурат, 173-гIа аят.

 

[7] «Али Iимран сурат», 173-гIа аят.

 

[8] «Али Iимран сурат», 173-гIа аят.

 

[9] Кхузахь дуьйцуш дерш - сихха дикачух кхета а, цунна муьтIахь хила а похIма долу адамаш ду.

 

[10] Нажд – Iаьрбийн ахгIайренийн шуьйрра коьрта чIаплам (плоскогорье) ю.

 

[11] Оцу гIуллакх тIехь къамел билггал хьанах лаьцна ду къаьсташ дац.

 

[12] Зат ар-РикъаI - меттиган цIе ю, Меднара дIа бIе километар  къилбаседа-малхбалехьа йолучу. ГIатIафан тайпанна дуьхьал дина гIазот, 626-чу шеран июнь баттахь хилла ду, 628-чу шарахь хиллера аьлларш а бу.

 

[13] Вуьшта аьлча: «Сайн са Хьуна муьтIахь ди аса».

 

[14] Вуьшта аьлча: «Духхера дохковаьлла со».

 

[15] Вуьшта аьлча: «Дерриге къастор Хьуна дити аса».

 

[16] Кхузахь дуьйцуш дерг - АллахIера ял яккха гIертар ду.

 

[17] Вуьшта аьлча: «Эхартахь хин долучу Iазапах кхерарна а».

 

[18] Вуьшта аьлча: «Суна хаьа, ницкъ луш верг Хьо цхьаъ бен цахилар. Цундела аса

 

[19] Вуьшта аьлча: «…цунна дуьхьал йоккха ял хир ю хьуна».

 

[20] Кхузахь юьйцург - пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Абу Бакар а (АллахI реза хуьлда цунна) Маккара дIа Медине кхелхачу (хIижрат дечу) хенахь лорах тIаьхьабевлла богIучу къурайшхойх оцу чохь дIалечкъина хилла йолу хьех ю и.

 

[21] Иштта маьIна хила тарло: «Цхьа АллахI бен вац ницкъ а, гIора а луш».

 

[22] Кхетамаш баларшкахь хьахадо: и дешнаш я АллахIа олуш ду, я малеко.

 

[23] Кхузахь дуьйцург - стаг хьалхаваккхар ду дуьненахь а, эхартахь а сингттаме мел хиндолучух.

 

[24] Вуьшта аьлча: «Муьлххачу а мостагIчуьнан вонах а, хIуьттаренах а, зенах а ларвина ву хьо».

 

[25] Цуьнгарачу хьехамашка ладегIа а, цуьнгара доллу дика хIума Iамо а.

 

[26] Оцу стага арз дина, болх бан безаш ша цхьаъ хиларна.

 

[27] Вуьшта аьлча: «И хьан рицкъанан дакъа хьуна АллахIа луш хила тарло, ахьа цуьнан гIайгIа беш болун дела, хIунда аьлча АллахI шен лайна гIодеш ву, ша и лай шен вешина гIодеш мел волу».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft