• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ЖоьжагIатин цIеран Iазап

Опубликовано: 31 января 2008

Пир1унан а, Х1аманан а, Къарунан а, Убай бин Халфан а х1усам ю и, уьш боцчу а халхкъан юкъара нахана 1азап латтийначу 1азапхойн а х1усам ю и, ницкъбархойн а, зуламхойн а, г1елоярхойн а х1усам ю и, дог-ц1ена боцчийн а, хьарамло лелочийн а, къинош долчийн а, телхинчийн а, эхь доцчийн а х1усам ю и.

1абдуллах1 бин Убаййан а, кху умматера ямартхошха а, мунепакъашха а йолчу, цуьнан тобанан х1усам ю и. Х1орш бу цу чуьра бахархой - керстанаш а, телхинарш а, зуламхой а, тилларш а, мунепакъаш а, ямартхой а шаьш хилла болу.

Церан меттиг мичахь ю аша хеттахь, угтаре бухарчу к1оргенехь ю и, 1аламийн Далла уггаре генахь ю и, Аллах1ан 1азапан х1усам ю и, Аллах1ан къинхетамах генаяьккхина х1усам ю и, Аллах1ан гергарчийн х1усамах генаяьккхина х1усам ю и.

Цу 1адочу къематдийнахь схьаялор ю и жоьжаг1ати, тесна къузткъей итт эзар дуьрста а йолуш, х1ора дуьрста лаьцна къузткъей итт эзар малик а долуш, и ийзош хир ду уьш цу махьшар майдане. Къиза ю цуьнан йовхо, бух а бу цуьнан к1орга.

Цуьнан тоьшалла бакъдолу хьадис ду. Пайхамара (Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна) аьлла:

 

((ناركم جزء من سبعين جزءا من نار جهنم)) قيل: يا رسول الله إن كانت لكافية‘ قال: ((فضلت عليهن بتسعة وستين جزءا كلهن مثل حرها)) رواه البخاري (3365)‘ومسلم (2843)‘والترمذي (2589)‘ وأحمد(27342) .

                         

«Шун ц1е (дуьненчуьрниг) жоьжаг1атин ц1еран кхузткъей итт декъах цхьа дакъа бен дац». Цхьамма хаьттина: Х1ай, Аллах1ан элча, дуьненчуьрниг хилча а тоьаш ма-яра. Цо аьлла: «Цул а кхузткъей исс дакъа совъяьккхина и, царех х1ора дакъа а и санна (дуьнен чуьра ц1е санна) довха а долуш» (Бухарис, Муслимас, Тирмизис, Ахьмадас дийцна и).

 

عن أبي هريرة رضي الله عنه قال: كنا مع رسول الله صلى الله عليه وسلم إذ سمع وجبة فقال النبي صلى الله عليه وسلم: ((أتدرون ما هذا‘ قلنا: الله ورسوله أعلم‘ قال: هذا حجر رمي به في النار منذ سبعين خريفا فهو يهوي في النار الآن حتى انتهى إلى قعرها)) رواه مسلم (2844).

 

Аби Х1урайрата, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Тхо Аллах1ан элчанца цхьаьна а долуш, лапъаьлла цхьа г1овг1а хезира тхуна. Пайхамара, Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна, хаьттира: «И х1ун дара (и х1ун г1овг1а яра) хиирий шуна?». Оха элира: «Аллах1 а, Цуьнан элча а ву-кха диках хуург. Цо элира: «Жоьжаг1атичу кхоьссина т1улг бара и, кхузткъей итт шо хьалха дуьйнна, х1инццалц цу чу оьхуш лаьттина и, буха кхаьчна ца болуш, х1инца кхечи и буха» (Муслимас дийцна и).

 

وفي الصحيحين عنه صلى الله عليه وسلم أنه قال: ((يقال لليهود والنصارى – وهم الذين يتسمون الآن بالمسيحيين - : ماذا تبغون؟ فيقولون: عطشنا ربنا فاسقنا‘ فيشار إليهم ألا تردون‘ فيحشرون إلى جهنم كأنها سراب يحطم بعضها بعضا‘ فيتساقطون في النار)) رواه البخاري (4581)‘ ومسلم (182).

 

Шина а «Сахьихь» жайнахь хьадис ду, пайхамара, Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна, элира аьлла: «Жуьгташка а, керстанашка а эра ду: «Х1ун эшара шуна?». Жоп лур ду цара: «Тхан Дела! Хьагделла тхо, хи малийтахьа тхоьга». Т1аккха хаам бийра бу цаьрга, хит1е дуьйла шайна аьлла, жоьжаг1атина хьалххахь д1агулбийра бу уьш, царна йилбазг1ала санна хеталуш йолчу, ша-шен юуш, т1аккха, цу чу эгар бу уьш» (Бухарис (4581), Муслимас (182) дийцина и).

 

(وَنَسُوقُ الْمُجْرِمِينَ إِلَى جَهَنَّمَ وِرْدًا) مريم:86

 

«Къинош дерш лохкур бу Оха жоьжаг1ате, (ч1ог1а хьагделла бежанаш а, эмкалаш а) хи т1е лохкуш санна» («Марьям»: 86).

 

         Х1ай, Аллах1ан лаьш! Нехан хьал муха хир ду аьлла хета шуна, шовзткъей итт шарахь шайн когаш т1аьхь лаьттинчу, цу заманчохь цкъан цкъа а х1ума а ца йиъначу, цу хеначохь хин къурд а ца биначу, мацаллийна шайн до1ахаш а лилхинчу, мацаллийна шайн яххьаш а хаьддачу, хьогаллийна шайн кийранаш а баьгначу.

Цул т1аьхьа жоьжаг1атин ц1ерга буьгур бу уьш, хи маларе хьаьгна а болуш. Амма карор дац царна шаьш цуьнга сатуьйсуш дола хи, жоьжаг1атин ц1е бен, чукхуьссур бу уьш цунна:

 

(إِذَا أُلْقُوا فِيهَا سَمِعُوا لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ) الملك:7

 

«Уьш цига чу кхиссича, хезар ду царна кхехкачу хенахь цуьнан 1ехар» («ал-Мулк»: 7).

 

Цаьрга йолчу оьг1азлонах а, дераллех а юьзна хир ю и Аллах1а Ша.

 

(تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ الْغَيْظِا) الملك:8

 

«Дераллийна эккха (ят1а) герга хир ю и» («ал-Мулк»: 8).

 

Тобанашкахь чукхуьйсур бу уьш цига, багалеярций, сийдоцург дийцарций, дов дарций, бехкаш дахарций т1еоьцур бу уьш цу чохь болучара:

 

(كُلَّمَا أُلْقِيَ فِيهَا فَوْجٌ سَأَلَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَذِيرٌ. قَالُوا بَلَى قَدْ جَاءَنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبْنَا وَقُلْنَا مَا نَزَّلَ اللهُ مِنْ شَيْءٍ إِنْ أَنْتُمْ إِلاَّ فِي ضَلاَلٍ كَبِيرٍ. وَقَالُوا لَوْ كُنَّا نَسْمَعُ أَوْ نَعْقِلُ مَا كُنَّا فِي أصْحَابِ السَّعِيرِ. فَاعْتَرَفُوا بِذ َنْبِهِمْ فَسُحْقًا لِأَصْحَابِ السَّعِيرِ) الملك:8-11 

 

«Цу чу тоба масазза кхоьсси а, цуьнан г1аролаша хоттур ду цаьрга: «Д1ахьедархой-элчанаш ца баьхкира шоьга?». Цара эра ду: «Х1аъ, д1ахьедархой-элчанаш бахка ма баьхкира тхоьга, амма харц бира оха (уьш), ала а элира оха: «Х1умма а ца доссийна Аллах1а (шуьга), ч1ог1а тилла ду шу». Цара эра ду: «Оха цаьрга ладоьг1на а, тхо кхетаме а хиллехьара, ц1ергахь хин болучарна юкъахь хир ма дацара тхо (тахана)». Шайн къиношна къера хир бу уьш. (Аллах1а Шен къинхетамах) гена бохийла ц1ергахь бахархой!» («ал-Мулк»: 8-11).

 

Х1ара ду ц1ерга боьлхучу хенахь царна дуьхьала кхетан дерг: бехкбаккхар, лер, сийсазбар, дагахьбаллам бар, вас яр. Т1аккха дегнаш эт1ар ду церан г1айг1анна, дегнаш лелхар ду церан сингаттамна, до1ахаш лелхар ду церан халахетарна, кийрашкахь мелдерг дешар ду церан балийна. Амма цу дерригено бан цхьа а пайда хир бац царна.

Ткъа уьш цу чу кхаьчча-м, ма къиза 1азап ду-кха царна кечдина! Ма луьра та1зар ду-кха цаьрга хьоьжуш 1аш! Ма балане 1азап ду-кха уьш ларбеш!

Т1оьхула охьа долчу 1азапо д1ахьулбийр бу уьш, когашна бухара хьала долчу 1азапо хьулбина къайла баьхна хир бу уьш:

 

(لَهُمْ مِنْ فَوْقِهِمْ ظُلَلٌ مِنَ النَّارِ وَمِنْ تَحْتِهِمْ ظُلَلٌ ذَلِكَ يُخَوِّفُ اللهُ بِهِ عِبَادَهُ يَا عِبَادِ فَاتَّقُونِ) الزمر:16    

 

«Ц1еран лабанаш хир ю царна т1оьхула, бухахь а хир ю царна лабанаш. Кхерам тоса Аллах1а цуьнца (цу дийцинчу 1азапаца) Шен лаьшна. Х1ай, Сан лаьш, кхоьрийла шу Соьх» («Зумар»:16).

 

Даар хир ду церан жоьжаг1атичуьрчу диттах-заккъумах. Боьха дитт ду и, чам къаьхьа болуш, хьожа вон йолуш. Цуьнан суьртан ирчалло 1адош, нуьцкъах даор ду царна и, лаъмаза къурдаш дойтур ду цаьрга цуьнан, ца деззашехь, боьха хетташехь. Ва амма, цу дериггене ца хьоьжуш, дааре тевжар бу уьш, ч1ог1а къиза мацбелла хиларна, ткъа диъча, барстор а бац цо уьш, дилха а дуьллур дац цо царна т1е, мацалла д1а а йоккхур яц цо церан.

Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

((إتقوا الله حق تقاته‘ فلو أن قطرة من الزقوم قطرت في بحار الدنيا لأفسدت على أهل الأرض معايشتهم)) رواه الترمذي(2585)‘وابن ماجة(4325)‘وأحمد(273‘3126)‘وصححه العلامة الألباني رحمه الله في صحيح الجامع(5250).

 

«Кхера ма-деззара Аллах1ах кхера, заккъум-диттах цхьа т1адам дуьненан х1ордашна чу божийча, лаьтта (т1аьхь бехачу) ох1ланан дахар дохор ма дара цо» (И хьадис дийцина Тирмизийс (2585), ибн Маджата (4325), Ахьмада (273, 3126), Албанийс (Дала къинхетам бойла цуьнах), бакъ хьадис лерина а ду и «Сахьихь ал-Джами1» ц1е йолчу жайнахь (5250)).

 

              Шайн гайш шаьш юьзча цу боьхачу даарах, дилха ца дуьллучу даарах, мацалла юха ца йоккхучу даарах, ц1е летта дага дулур ду церан кийраш хьогаллийна, хих там лохур бу цара, орца доьхур ду цара:

 

(وَإِنْ يَسْتَغِيثُوا يُغَاثُوا بِمَاءٍ كَالْمُهْلِ)   

 

«Цара хи дехча, лалийна дашах тера долу хи лур ду царна

 

 ( يَشْوِى الْوُجُوهَ)

 

(яххьаш йоттуш долчу), цу т1ера жижигаш охьа а эгош,

 

(بِئْسَ الشَّرَابُ) الكهف:29 

 

Ма вон малар ду-кха и» («Ках1ф»: 29).

  

Мер ду цара и, ца деззашехь, лаъмаза, ца бевлла, ч1ог1а хьагъеллачу эмкало санна, хи меларх ца юзуш йолчу. Цуьнах цара беш болу хин къурдаш церан кийра эгча, йоьхьаш а хедош кхочур ду и чу.

Х1ара ду и церан малар, шен довхаллехь кхехкачу йоькех тера долу, ла хала хиларехь лаьллачу эчигах тера долу, хьожин боьхаллехь ноткъах тера долу.

Аллах1а, Лекха ву И, боху:

 

 (وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ. مِنْ وَرَائِهِ جَهَنَّمُ وَيُسْقَي مِنْ مَاءٍ صَدِيدٍ. يَتَجَرَّعُهُ وَلاَ يَكَادُ يُسِيغُهُ وِيَأْتِيهِ الْمَوْتُ مِنْ كُلِّ مَكَانٍ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍ وَمِنْ وَرَائِهِ عَذَابٌ غَلِيظٌ) إبراهيم: 15-17.

 

«Х1ора вухахьара волу нахана г1елойийриг эшамехь ву. Цунна хьалха (цуьнга хьоьжуш 1аш) жоьжаг1ати ю, мала а дийр ду цунна ноткъан хи. Къурдаш деш мер ду цара и, халла бен къурдаш ца далуш. Массо аг1ор валаран (бахьанаш) т1ех1уьттур ду цунна, амма лийра вац и, кхин а ду цунна хьалха ладезаш доккха 1азап» («Ибрах1им»: 15-17).

 

Ткъа церан духарх дерг дийцича, вон а, эхье а, кхардаме а, балане а духар хир ду церан:

 

(قُطِّعَتْ لَهُمْ ثِيَابٌ مِنْ نَارٍ) الحج:19  

 

«Ц1еран кучамаш йорур ю царна» («ал-Хьадж»: 19).

 

Церан дог1мийн барамехь, цу духаро жоьжаг1атин йовхонах хьалха бохур бац уьш, мелхо а, сов йоккхур ю цо и марсаяларехь а, йовхаллехь а. Шиъ йовхо цхьаьна кхетар ю царна - жоьжаг1атичуьра ц1еран йовхо а, ц1ерах хадийна даьккхинчу духарийн йовхо а:    

 

(سَرَابِيلُهُمْ مِنْ قَطِرَانٍ وَتَغْشَي وُجُوهَهُمُ النَّارُ) إبراهيم:50

 

«Церан духарш силамах хир ду, церан яххьех хьаьрчина ц1е а хир ю» («Ибрах1им»: 50).

 

Даиман лаьтта долчу 1азапехь хир бу уьш, хедан боцчу баланехь хир бу уьш:

 

(لاَ يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ) الزخرف:75

 

«Цхьана минотана садо1ийла лур яц царна, (моссо диканах дог диллина) б1арзбелла 1ийра бу уьш цу чохь» («аз-Зухруф»: 75).

 

Церан дилха датта мосазза дели а, кхехка моссазза кхихки а, керла дилха дуьллур ду Аллах1а царна т1е, 1азап 1овшийтархьамма.

Бакъдолуш, Хьикмате а, Нуцкъала а ву Аллах1.

Жоьжаг1атара ц1е лаг1ъяла герга мосазза яха а, д1аян герга мосазза яха а, латарехь сов йоккхур ю и Аллах1а:

 

 (كَلاَّ إِنَّهَا لَظَى. نَزَّاعَةً لِلشَّوَى. تَدْعُوا مَنْ أَدْبَرَ وَتَوَلَّى. وَجَمَعَ فَأَوْعَى) المعارج:15-17.

  

«Х1ан-х1а! Жоьжаг1атин ц1е ю и. Коьртан зорг (не1) ша схьадоккхуш йолу. Цо шена т1е кхойкхур ву, (Дела бакъ варха) букъ тоьхнарг а, (иман дилларха) д1авирзинарг а. Даьхний гулдина д1адиллинарг а» («ал-Ма1аридж»: 15-17).

                 

             Цуьнан летаро, марсайийларо тоьттур бу уьш лаккха хьала:

                 

(كُلَّمَا أَرَادُوا أَنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا أُعِيدُوا فِيهَا وَقِيلَ لَهُمْ ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ) السجدة: 20 

 

«Царна цу чуьра арабовла мосазза лии а, юха берзор бу уьш цу чу, эра а ду цаьрга: «1овша шайна ц1ергахь 1азап, шаьш харц дина дола» («ал-Садждат»: 20).

 

Тайп-тайпанара хир ду царна луш дола 1азап, цаьрга сацада1ийтархьамма. Т1аккха эра ду цара:

 

(وَقَالَ الَّذِينَ فِي النَّارِ لِخَزَنَةِ جَهَنَّمَ ادْعُوا رَبَّكُمْ يُخَفِّفْ عَنَّا يَوْمًا مِنَ الْعَذَابِ). غافر:49

 

«Жоьжаг1атахь та1зар хьоьгуш болчара эра ду жоьжаг1атин г1аролашка: «Шайн Делега до1а дайша, тхуна та1зар дайде алий, цхьана денна дай-дай а»».

 

Валлах1и, 1азап даиман дайдаре сатуьйсуш хир ма бац уьш, я 1азап сацоре дог дохуш а, доьхуш а хир ма бац уьш, я цхьана сахьтана сацор доьхуш хир ма бац уьш. Цара доьхург: деккъа 1азап цхьана дийнахь дайдар хир ду-кха. Амма жоп лур дац царна маликаша бехк боккхуш бен, жоп лур дац царна маликаша эзар шо даьлча бен.

Маликаша эра ду цаьрга, эзар шо даьллачул т1аьхьа: 

 

(أَوَلَمْ تَكُ تَأْتِيكُمْ رُسُلُكُمْ بِالْبَيِّنَاتِ)

 

 «Шун элчанаш цабаьхкира шуьга, б1аьрла билгалонаш а йохьуш?» («Г1афир»: 49,50).

 

1аламаташ а, аяташ а дохьуш элчанаш цабаьхкира шуьга?

Цара эра ду: «Дера баьхкира».

Маликаша эра ду т1аккха: «Кхайкха шайна, керстанийн кхайкхам жоп лур доцу кхайкхам бу; х1унда аьлча: цара а ца делира элчанашна жоп, дуьненчохь цара цаьрга Аллах1ан новкъа нисбаларе кхайкхинчу хенахь, дуьнен чохь Далла г1уллакх а, 1ибадат а даре цаьрга кхайкхинчу хенахь.

Т1аккха баларе сатосур ду цара. 1азапан ч1аг1алла ца лалуш, 1азапан хало совъяьлла, эра ду цара:

 

(يَا مَالِكُ) «Х1ай, Малик; жоьжахатийн г1аролан ц1е ю и: (لِيَقْضِ عَلَيْنَا رَبَّكَ) Дайъина д1адаха алахьа тхо хьайн Делега», х1аллакде алахьа тхо, 1ожалла е алахьа тхан. Цо эра ду цаьрга: (إِنَّكُمْ مَاكِثُونَ) «Абадаллац (даиман) 1ийра ду шу цу чохь» (лан а ца леш).

 

Маликаша эра ду цаьрга:

 

(لَقَدْ جِئْنَاكُمْ بِالْحَقِّ وَلَكِنَّ أَكْثَرَكُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ) الزخرف:77‘78.

 

«Оха бакъо ма еара шуьга, амма шух дукхах болчарна цайийзир-кха и бакъо» («аз-Зухруф»: 77,78).

 

(كَذَلِكَ يُرِيهِمُ اللهُ أَعْمَالَهُمْ حَسَرَاتٍ عَلَيْهِمْ وَمَا هُمْ بِخَارِجِينَ مِنَ النَّارِ) البقرة:167

 

«Цу кепара д1агойтур ду царна Аллах1а цара мел лелийнарш‚ уьш царна г1айг1ане хилла. Жоьжаг1атара ара а бевра бац уьш» «Бакъарат»: 167).

 

Т1аккха боьрзур бу уьш 1аламийн Далла т1е, Сийлахьаллин а, Вокхаллийн а, Нийсонан а да ша волчу, эра ду цара:

 

   (قَالُوا رَبَّنَا غَلَبَتْ عَلَيْنَا شِقْوَتُنَا وَكُنَّا قَوْمًا ضَالِّينَ. رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْهَا فَإِنْ عُدْنَا فَإِنَّا ظَالِمُونَ)‘

 

«Цара эра ду: «Тхан Дела! Тхан дакъазалло к1елдитна-кха тхо, тилла нах а хили-кха тхо. Тхан Дела! Кху чуьра арадахахьа тхо. Нагахь тхо къинош даре юхадерзахь, т1аккха, баккъала а, зуламхой хуьлу хьуна тхо».

 

             Цаьрга эра ду т1аккха т1ех Хьикматечо:

 

(قَالَ اخْسَئُوا فِيهَا وَلاَ تُكَلِّمُونِ. إِنَّهُ كَانَ فَرِيقٌ مِنْ عِبَادِى يَقُولُونَ رَبَّنَا ءَامَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ. فَاتَّخَذْتُمُوهُمْ سِخْرِيًّا حَتَّى أَنْسَوْكُمْ ذِكْرِى وَكُنْتُمْ مِنْهُمْ تَضْحَكُونَ) المؤمنون:106-108.

 

«Цо эра ду: «Цу чохь диса (1е) шайна, кхардамца, къамел ма-де Соьга! Бакъдолуш, Сан цхьа лаьш бара олуш: «Тхан Дела! Иман диллина Оха. Ткъа гечде Ахьа тхуна, къинхетам а бе, къинхетамечарех диканиг ма-вай Хьо». Ткъа шу кхаьрдира царех, уьш бахьанехь Сан хьехам шайна бицбаллалц. Дела а дийлира шу царах» («ал-Муъминун»: 106-108).

 

            Х1ай, Аллах1ан лаьш!

           Аллах1ан элчано, Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна, аьлла:

 

((إن أهون أهل النار عذابا من له نعلان وشراكان من نار يغلى منها دماغه كما يغلى المرجل (القدر) ما يرى أن أحدا أشد عذابا منه وإنه لأهونهم عذابا))رواه البخاري(6562).

 

«Жоьжаг1атин ох1ланах уггаре дай 1азап дерг, ц1еран ши мача а, ши бахтар а дерг хир ву, цара цуьнан коьрта хье а кхехкош, яй ма-кхехккара, цунна хетар дац, шеначул ч1ог1а цхьанненна 1азап луш. Баккъалла а, цу чохь болчех уггаре дай 1азапехь верг хир ма-ву и» (Бухарийс дийцна (6562)).

 

               Аллах1ан элчано, Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна, аьлла:

 

((يؤتى بأنعم أهل الدنيا من أهل النار‘ فيصبغ في النار صبغة – أي: يغمس فيها – ثم يقال: يا ابن آدم‘ هل رأيت خيراً قط؟ هل مر بك نعيم قط؟ فيقول: لا‘ والله يا رب)) رواه مسلم (2807)‘ وأحمد (12699‘13248).  

 

«Жоьжаг1атин ох1ланах волу, дуьненчохь уггаре ирсе (зовкъе) ваьхнарг схьавалор ву, жоьжаг1атичу а 1оьттина, (сихха хьала а ваьккхина), т1аккха хоттур ду цуьнга: «Х1ай, Адаман к1ант! Цкъа дика гиний хьуна? Цкъа ни1матан чам хиъний хьуна?». Жоп лур ду цо: «Х1ан-х1а, Валлах1и ца гина-кха, сан Дела»» (Муслимас (2807), Ахьмада (12699, 13248) дийцина).

 

                 Баккъалла а, Валлах1и, дицлур ма ду цунна, дуьненчохь шега мелкхаьчна долу дика, шегахула т1ехмелдаьлла ни1мат, ша мелхьегна долу зовкх, цкъа бен ц1ерга 1оьттина воццушехь а. Ткъа муха хир ду цуьнан хьал, абадаллац цу чохь 1авезаш и хилча, цкъан цкъа а цу чуьра ара а ца волуш?

 

               Аллах1а, Леккха ву и, боху:

 

(إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَظَلَمُوا لَمْ يَكُنِ اللهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلاَ لِيَهْدِيَهُمْ طَرِيقًا. إِلَّا طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللهِ يَسِيرًا) النساء:168‘169

 

«Баккъала а, Делах цатешнарш а, зулам динарш а, гечдийр дац царна Аллх1а, я цхьана ялсамане боьдучу новкъа а буьгур бац Цо уьш, жоьжаг1ате боьдучу новкъа бен, цу чохь уьш абаделлац 1ийра бу. Иза Аллах1ана хала а дац» («ан-Нисаъ»: 168, 169).

 

Дала аьлла:

 

 (وَمَنْ يَعْصِ اللهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا) الجن:23

 

«Аллах1анна а, Цуьнан элчанна а 1еса хиллачунна, кечйина жоьжаг1атин ц1е ю, уьш цу чохь абаделлац 1ийра бу» («ал-Джинна»: 23).

 

             Дала боху:

 

(إِنَّ اللهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا. خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا لايَجِدُونَ وَلِيًّا وَلاَ نَصِيرًا. يَوْمَ تُقَلَّبُ وُجُوهُهُمْ فِى النَّارِ يَقُولُونَ يَلَيْتَنَا أَطَعْنَآ اللهَ وَأَطَعْنَا الرَّسُولاَ. وَقَالُوا رَبَّنَا إِنَّآ أَطَعْنَا سَادَتَنَا وَكُبَرَاءَنَآ فَأَضٌّلونَا السَّبِيلاَ. رَبَّنَا ءَاتِهِمْ ضِعْفَيْنِ مِنَ الْعَذَابِ وَالْعَنْهُمْ لَعْنًا كَبِيرًا) الأحزاب:66-68.

«Баккъалла а, не1алт аьлла Аллах1а имансизашна (керстанашна), ц1е а кечйина царна. Абаделлац цу чохь хир бу уьш, доладийриг я г1оьнча карор вац царна.  Церан яххьаш жоьжаг1атахь хоьрцучу дийнахь эра ду цара: «Аллах1анна а, элчанна а муьт1ахь хилла делира вай!». Кхин а эра ду цара: «Тхан Дела! Тхайн къаношна а, элашна а муьт1ахь хилира тхо, цара тилий-кха тхо нийсачу некъах. Тхан Дела! Шозза алсамадаккхахьа царна 1азап, т1ехдоккха не1алт а алахьа царна»» («ал-Ахьзаб»: 66-68).

 

Я, Аллах1! Жоьжаг1атах хьалхадаха Ахьа тхо, ялсаманичу а дахийта Ахьа тхо, дика диначийн а, Хьайха кхийриначийн а х1усамаш шаьш йолчу, геч а де Ахьа тхуна, тхан дайшна-наношна а, берриге бусалба нахана а.

Гечдийриг, Къинхетам бийриг Хьо цхьаъ ву-кха, тхан Дела!

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft