• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ДоIанан дозалла

Опубликовано: 03 февраля 2008

ДО1АНАН ДОЗАЛЛА

  

Хьоме вежарий, йижарий! Марша дог1ийла шу!

Тахана вайн цхьаьнакхетар до1анан дозаллех лаьцна дийцархьамма ду.

Х1ай, Аллах1ан дуьхьа вовшашна дезар т1ехь долу вежарий а, йижарий а, бусалба нах а! Адам дехаш ду кху заманчохь, лаамаш телхина еанчу, питанаш алсамдевлла еанчу, шеконаш яьржина еанчу, харц лаамаш а, телхина сатийсарш а даьржина еанчу, сингаттамаш а, г1айг1анаш а  яьржина еанчу, баланаш ч1аг1белла еанчу, адам хьередар совдаьлла еанчу, цатемаш жигарабевлла еанчу.

Цу дерриге питанашкахь г1айг1ане доьжна лаьтташ долу адам д1ах1оьттина, Сийлахь-лекха волчу Аллах1аца д1ах1оттадала муш оьшуш, ша Кхоьллинчуьнца з1е тасар хьаште долуш.

Кху дерриге хьеречу хьелашкахь сингаттаме доьжна адам д1ах1оьттина, ша Кхоьллинчуьнца ч1ог1а уьйр оьшуш - шен дагна синтем  лур болу а, иман лур долу а, тем-сада1ар лур долу а, собар лур долу а.

Кху дерриге телхина даьхкинчу деношкахь, бохамаша к1елдитина, хьийзон адам д1ах1оьттина, дехха деха латтаре хьашт долуш, к1оргга до1а синош чу а оьзна, цу заманахь х1ара дерриге питанаш а дицдина, цул сов х1ара дерриге 1алам а дитина - синтемах доьхна детталуш долу, вовшахлеташ хьийзаш долу, вовшашца 1оттаделла долу, барт боцуш лаьтташ долу.

Иза цхьана ханна Сийлахь-воккхучу Аллах1ана хьалха д1ах1уттур ду, шен дехар а, муьт1ахь хилар а гойтуш, ши куьг а лаьцна, шен дог хьаста а долуьйтуш, шен дилхане зуз а доуьйтуш, велхар а оьккхуьйтуш, б1аьргара хи а додуьйтуш.

Т1аккха шена хаалун йолчу парг1атонан дуьхьа, и юьйцуш ала дешнаш доцуш йолчу, дерриге луг1атан жайнашкахь долчу дешнашца цхьаьна ала г1оьртича а.

Иза - до1а ду, иза - до1анца Аллах1ан не1аре х1оттар ду.

До1а - пекъар волу лай шен бахаме волчу Делаца д1ах1уттуш йолу з1е ю.

До1а - г1орасиз волу лай шен нуьцкъала волчу Делаца д1ах1уттуш болу муш бу.

До1а - миска волу лай дерриге хьелан да волчу Делаца йолу уьйр ю.

Боккъалла а, х1ора адамна а цу до1ега долу хьашт доккха ду. Иштта адамна хьашт ду ша г1орасиз хилар а, пекъар хилар а хаар. Х1ора адамна хаа деза, кху дуьненахь Сийлахь а, Воккха а  волчу Аллах1е верзар бен к1елхьара волийла цахилар.

Шен г1орасизалла а, пекъаралла а, г1ийлалла а хууш Аллах1е верза везар доккха хилар хаар а хьашт ду х1ора адамна. Цу Аллах1е и верзахь, цуьнан верзар бахаман а, ницкъан а, сийлаллин а, воккхаллин а Да волучуьнга верзар ду.

До1а дуьйцу дакъа ч1ог1а сийлахь дакъа ду.

Цуьнах дийцар деха хиларе а хьаьжна, сайн къамел доцца, масех аг1о чулоцуш дина, кхачам бийр бу аса.

Хьалхара: Къур1анчуьра а, Суннатера а долчу до1анан дозалла.

Шозлаг1а: До1а къобалдина хилийта хиланза ца болу бехкамаш.

Вежарий! Тидам леррина т1ебахийтий ладог1алаш, х1унда аьлча, вайна гуш дуккха а нах бу, къа-бала балхош, до1а динера ша дукхазза а дукхазза, жоп ца дели суна Сийлахь-везачу Аллах1а бохуш. Бахьанаш х1ун ду т1аккха? Дика ладог1алаш, Аллах1а соьх а, шух а къинхетам бойла.

Кхозлаг1а: До1анан г1иллакхаш.

Доьазлаг1а: Шайн до1анна жоп лун дерш муьлш бу?

Пхоьазлаг1а: Шайн до1а къобалдийриш муьлш бу?

 

Хьалхара дакъа.  

Къур1анчуьра а, Суннатера а долчу до1анан дозалла.

 

Валлах1и, Къур1анчуьрчу до1анан дозаллех дуьйцуш, «Бакъарат» суратера цхьа аят бен дацахьара а, цуьнан дозалла ган а, Делан къинхетам боккха хилар хаа а, тоьар ма-дара иза Сийлахь а, Леккха а волчу Аллах1ан дош дуй:

وإذا سألك عبادى عنى فإني قريب أجيب دعوة الداعى إذا دعانى فليستجيبوا لي واليؤمنوا بي لعلهم يرشدون البقرة: 186

«Хьоьга сан лайша Соьха дерг хаттахь, ткъа Со уллохь ву, кхайкхинчунна дехарна жоп луш ма вуй, цо Соьга кхайкхичахь. Цара а лойла Суна жоп, Соьха теша а тоьшийла. Уьш хила мегар-кха нийса новкъа нислуш» («Бакъарат»: 186).

Х1ара аят, бусалба вежарий, тамаше аят ду. Бусалба стеган дагчу тешар а, дикане догдахар а кхуллуш, там а беш, цут1е сина парг1ато а луш аят ду и.

Тамаше карчаме алар а, къеггина-сирла масал а ду кху аятехь, вай цуьнан тергам а, тидам а бар декхар долуш. Цу масалх дерг хьахор вай.

Хьалхара: Аллах1а (Хастаме а, Лекха а волчу), пайхамаре наха цхьа муьлхха а х1ума хаьттича, цу хаттарна жоп ло, х1ара-х1ара д1аала, х1ай Мухьаммад, олу. Масала:

يسألونك عن الأهلة قل هى مواقيت للناس والحج . البقرة: 188

«Бутт ц1инбаларх хоьтту цара хьоьга, д1аала: «Цо  наханна а, хьаджанна а хенан яккъаш билгалйо»» («Бакъарат»: 189).

ويسألونك ما ذا ينفقون قل مآ أنفقتم من خير فللوالدين والأقربين واليتمى والمساكين وابن السبيل‘ وما تفعلوا من خير فإن الله به عليم . البقرة:215

«Цара хоьтту хьоьга, х1ун харж ян еза шаьш бохуш, ала: «Муьлхха а дика, аша д1асалуш долу, кхача деза дена-нанна, уллера гергарчарна, байшна, мискачарна, некъахошна. Аша дина муьлхха а дика, Аллах1 и хууш ву»» («Бакъарат»: 215).

يسألونك عن الشهر الحرام قتالٍ فيه قل قتال فيه كبير  . البقرة: 216

«Хьарамчу баттахь т1ом бар муха ду хоьтту цара хьоьга, ала: «Цу баттахь т1ом бар доккха (къа, зулам) ду»» («Бакъарат»: 216).

ويسألونك عن المحيض قل هو أذاى . البقرة: 221

«(Зударийн) ц1ано йохарх дерг х1ун ду хоьтту цара хьоьга, ала: «Бала хьоьгуьйту цо»» («Бакъарат»: 221).

يسألونك عن الأنفال قل الأنفال لله ولرسوله. الأنفال: 1

«Х1онсашха дерг хоьтту цара, ала: «Х1онсаш Аллах1ан а, цуьнан элчанан а ю»» («Анфал»: 1).

(يسألك الناس عن الساعة قل إنما علمها عند الله).

«Къематан де х1оттарх дерг (маца х1утту бохуш) хоьтту хьоьга наха, ала: «Боккъалла а, цуьнах дерг хаар Аллах1ехь ду»».

يسألونك عن الخمر والميسر قل فيهما إثم كبير البقرة: 218.

«Цара хоьтту хьоьга вахочу маларех а, шовкъечу ловзарех а дерг, ала: «Доккха къа ду цаьргахь»» («Бакъарат»: 218).

Х1ара цхьа аят доцчу дерриге аяташкахь д1аала аьлла ду. Кху цхьана аятехь Сийлахь-веза волчу вайн Дала ца аьлла шен пайхамаре (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Хьоьга сан лайша соьх дерг хаттахь, ахьа д1аала».

Валлах1и ца аьлла-кха. Муххале Аллах1а шен лайшна жоп далар ша-шена т1еэцна-кха, ша-шен сийлахь долчу дег1аца, юкъарча а воцуш, жоп делла-кха Цо, олуш: «Хьоьга сан лайша соьх дерг хаттахь, ткъа со уллохь ву».

 

Цо ца аьлла: «Ала, х1ай Мухьаммад, Со уллохь ву алий».

Х1унда ца аьлла хаа лаахь, дера ца аьлла, лайний, цуьнан Сийлахь-везачу Аллах1аний юккъехь юкъарча ца хилийтархьамма.

Кхайкха Аллах1е хьайна луъучу хенахь. До1анан ши куьг айде сийлаллин Да волчу Аллах1е хьайна луъучу заманчохь. Амма пайхамаре ма-деха, эвлаяашка а ма-кхайкха, валига а ма-деха.

Хьайн до1анан ши куьг хьастадалийта цу цхьана Аллах1ана шенна. Миччахьа меттехь а, муьлххачу хенахь а сийлаллин-возаллин Да волу Аллах1 карор ву шуна, хезаш а, гуш а, цул совнаха жоп луш а.                               

(وإذا سألك عبادى عنى فإني قريب) 

«Хьоьга сан лайша соьх дерг хаттахь, ткъа Со уллохь ву», - ма бохий Цо.

Тхан Аллах1-Дела! Дехар дац Хьоьгара бен, сатийсар дац Хьоьгара долчуьнга бен, болх биллар дац Хьуна т1е бен, г1о дехар дац Хьоьгара бен, орца дехар дац Хьоьгара бен, дуй баар дац Хьан ц1арца бен, т1аваф дар дац Хьан хьажин ц1ийнан гонаха бен.

Сан иманехь волу ваша! Хьан 1акъидат нийса хуьлийла! Хьан тавхьид нийса хуьлийла! Хьан иман ч1ог1а хуьлийла! Хьан до1анан куьйгаш, цхьаъ бен воцчу Аллах1е кхойкхуш, хьалаойуш хуьлийла кху дешнашца:

«Сан Дела!  Хьоьх доцчу тешарх ц1ена ву-кха со, Хьоьга доцчу сатийсарх ц1ена ву-кха со,  Хьуна бен муьт1ахь цахиларх ц1ена ву-кха со, Хьуна т1е бен болх цабилларх ц1ена ву-кха со, Хьуна муьт1ахь хуьлуш бен собаре цахиларх ц1ена ву-кха со, Хьуна муьт1ахь хуьлуш бен охьацата1арх ц1ена ву-кха со, Хьан сийлахь долчу шина куьйгахь долчуьнга бен дог цадахарх ц1ена ву-кха со, Хьан доккхачу воккхаллех бен цакхерарх ц1ена ву-кха со».

И хуьлийла хьан 1акъидат а, хьан тавхьид а, хьан иман а!

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 (إذا سألت فسأل الله وإذا استعنت فاستعن بالله)

«Айхьа дехахь, Аллах1е деха, хьайна г1о эшахь, Аллах1ера лаха».

Аллах1 оьг1аза воьду, ахьа Шега дехар дитича.

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

(من لم يسأل الله يغضب عليه).

«Аллах1е цадехначунна Аллах1 оьг1аза воьду».

И хьадис дийцинарг Тирмизи а, кхиберш а бу. И хьадис «Хьасан» даржехь ду, и оцу даржехь леринарг шайх Албани ву шен «Сахьихь ал-джами1» ц1е йолчу жайнахь.

(من لم يسأل الله يغضب عليه).

 «Аллах1е цадехначунна Аллах1 оьг1аза воьду».

Аллах1 оьг1аза воьду, ахьа шега дехар дитича. Аллах1у Акбар!

Ма доккха х1ума ду и. Аллах1ана хьоьгара лууш дерг - хьо Цунна хьаставалар ду-кха. Хьо Цуьнга хьашт долуш хилар а, хьо г1орасиз хилар а, хьо миска хилар а хаар ду-кха хьуна. Бахаман а, ниц1къан а, сийлаллин а да волчу Аллах1е товжар ду-кха хьо. Х1унда? До1а 1ибадат долун дела.

Хьадисехь деъна, ша хьадис «Сахьихь» ду, шайх  Албанис «Сахьихь» лерина и шен «Сахьихь ал-джами1» ц1е йолчу жайнахь. Асхьабех и дийцинарг Ну1ман бин Башир ву, пайхмара (Аллах1ера къинхетам  а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"الدعاء هو العبادة"

«До1а 1ибадат ду».

До1а бохург - Аллах1на хьаставалар ду, Цуьнга кхайкхар ду, хьайн хьашт Аллах1е диллар ду, хьайна оьшург а, хьайн хьашт а кхочушдар Аллах1е дехар ду.

До1а 1ибадат ду. Цул совнаха, Аллах1ана гергахь до1анал сийлахь х1ума цхьаъа дац. Хезирий шуна, х1ай Аллах1ан лайш! Аллах1ана гергахь до1анал сийлахь х1умма а дац.

Хьадис ду, и дийцинарг имам Ахьмад ву «Адаб ал-муфрад» ц1е  йолчу жайнахь, имам Бухари а ву. Ша хьадис «Сахьихь» ду.

"ليس شيء أكرم على الله من الدعاء"

«Аллах1ана гергахь до1анал сийлахь х1умма а дац».

Аллах1у Акбар! Аллах1 оьг1аза воьду - Шега ца ехча, адам оьг1аза доьду - шега ехча. Х1унда аьлча, и адам къен долун дела, нахана гарехь дехаш далахь а; и адам г1орсиз долун дела, нахан гарехь г1ора долуш делахь а.

 (يا أيها الناس أنتم الفقراء إلى الله والله هو الغني الحميد إن يشأ يذهبكم ويأت بخلق جديد وما ذلك على الله بعزيز . فاطر:14-15

«Х1ай нах! Шу Аллах1е хьаште ду, ткъа Аллах1 - Вехаш, Хастаме ву. Цунна лаахь, шу х1аллакдина, кхин керла кхолларалла кхуллур ду Цо, иза - хала дац Аллах1ана».

Х1ай, адам! Аллах1ан бахамашна улле биллича, хьан бахам х1ун ю?

Х1ай, адам! Аллах1ан ницкъана улле биллича, хьан ницкъ х1ун  ю?

Х1ай, адам! Аллах1ан ч1аг1амна улле биллича, хьан ч1аг1ам х1ун ю?

Х1ай, адам! Паччахьийн паччахь волчу Аллах1ан паччахьаллина улле диллича, хьан паччахьалла х1ун ю?

يا أيها الإنسان ما غرك بربك الكريم. الذي خلقك فسواك وعدلك . الإنفطار: 6‘7.

«Х1ай, адам! Хьо тиларе вигнарг (1ехийнарг) х1ун ду, хьан дика Дела хьокъехь. Хьо кхолла а кхоьллина, хьан сурт дуьззина д1ахоттийна волчу» («Инфит1ар»: 6,7).   

И ду до1а, до1а - 1ибадат ду. До1анал Аллах1ана гергахь сийлахь х1умма а дац.

Дика ладог1а соьга, кху хьадисе, муъмин стеган дагчу синтем а, иманан г1ора а дуттуш долчу. Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) боху:

«Аллах1 эхье (эхь хеташ), комаьрша ву, стага шен до1анан ши куьг хьалаайдича, и шиъ х1умма а доцуш даьсса духатоха эхь хета Цунна». 

Аллах1у Акбар! Аллах1на хьоьх эхь хета-кха, хьуна Аллах1ах эхь ца хета.

Ла илах1а иллаллах1. До1анна ши куьг айде Сийлахь-везчу Аллах1е. Ала цу хьо кхоьллинчу а, хьайна рицкъа лучу а Деле:

- Со г1ийла ву, аса г1о доьху Хьоьга!

- Къиношна гечдийриг вац Хьо бен!

- Дуьнено 1ехий со, Хьан гечдаре сатуьйсу аса!

- Сан Дела, тоба дина, Хьайга кхойкхуш долу сан дог духатуху Ахьа?

Аллах1е товжа, Иза хезаш, уллохь хилар, до1анна жоп луш хилар а хаа. Ч1ог1ачу т1улгана бухахь боданечу буса 1аьржачу зингатан такхар а, цо охьабуьллу ког хезаш а ву И.

 
لقد سمع الله قول التى تجادلك فى زوجها وتشتكى الى الله والله يسمع تحاوركم. الله سميع بصير . المجادلة: 1

«Аллах1на хезна зудчуьнан дешнаш, шен майрачунна хьокъехь долчунна, хьоьца къийсаме яьллачу а, Аллах1е кхойкхучу а. Аллах1на хезна шун къийсам, Аллах1 - Хезаш, Гуш ма-вай» («Мужадалат»: 1). 

Бусалба нехан Нана йолчу 1айшата (Аллах1 реза хуьлийла цунна), Валлах1и аьлла, цу чохь сонехь ма-яра ша, ткъа цара вовшашка дина къамел хезна ма-дацара суна, Аллах1на хезнера и, ворх1 стиглана т1ехула волчу. Х1унда аьлча, дерриге хезаш а, уллохь а, до1анна жоп луш а ма вай Аллах1.

 

 إذهبا إلى فرعون إنه طغي - خطاب الله لموسي وهارون - فقولا له قولا لينا‘ لعله يتذكر او

يخشي قالا ربنا اننا نخاف ان يفرط علينا او ان يطغي قال لا تخافااننى معكما اسمع وارى . طه: 44

«Пир1унна т1е г1о ший а - Мусага а, Х1ароне а деш къамел ду и, - «магийначуьнан дозанал» т1ехваьлла и. К1еда къамел де цуьнга, хьехаме ладог1а мега цо, я Делах кхера мега и. Цу шимма аьлла: «Тхан Дела! Кхоьру тхо, цо тхуна та1зар дарна сихо ярна, я «магийначуьнан дозанал» т1ехваларна». Аллах1а аьлла: «Ма-кхера, Со ма-вай шуьшинца. Со хезаш а, гуш а ву»» («Т1ох1а»: 44).

Хезаш а, гуш а ву боху Аллах1а ша, х1ай до1а дийриг.

Сийлахь-везачу Аллах1на хезаш ву хьо, сийлахь-везачу Аллах1на гуш ву хьо. Уьш Аллах1ан куьцаш ду.

Къобал данза д1аматетта уьш!

Кхечийн куьцех тармаде уьш!

Аллах1ан хазар кху тайпана ду - ма ала.

Аллах1ан гар иштта ду - ма ала.

 

 ليس كمثله شيئ وهو السميع البصير . الشورى:11

«Цуьнах тера х1умма а дац, Иза хезаш-гуш ву» («Шура»: 11).

Хьекъалш дац Цунна т1екхуьуш, я кхетамаш а бац Цуьнан сурт х1отто таро йолуш, я б1аьргаш а дац Цунна т1екхуьуш.

 لا تدركه الأبصار وهو اللطيف الخبير

«Б1аьргаш т1ецакхуьу Цунна, Иза къинхетаме, хууш а ву» («Ан1ам»: 103).

Ц1ена ву И, шех тераниг кхиниг цхьа а хиларх. Дуьхьала верг вац Цунна, тераниг а вац Цуьнах, доьзалхо а вац Цуьнан, да а вац Цуьнан.

 قل هوالله أحد. الله الصمد. لم يلد ولم يولد. ولم يكن له كفوا أحد . الإخلاص.

«Ала: «Иза - Аллах1 - Цхьаъ ву! Аллах1 - абаден абденналц д1а ву! Вац Цуьнах ваьлларг, цхьаьннах а ваьлла вац Иза! Цуьнца нисвала хилла вац цхьа а, йиш а яц хила цхьа а!»» («Ихлас»).

Сийлахь-везчу Аллах1е кхайкха, Аллах1 хезаш, уллохь, жоп луш хилар а хаа.

Х1окху хьалхарчу до1анан дозаллех долу дакъа дерзадо аса кху доккха а, сийдолчу а хьадисаца.

Бухарис а, Муслима а дийцина, Аби Муса ал-Аш1арийс (Аллах1 реза хуьлда цунна) элира аьлла: 

كنا مع رسول الله صلى الله عليه وسلم فى سفر فجعل الناس يرفعون أصواتهم بالتكبير (الله أكبر‘ ويرفعون اصواتهم بالدعاء) فقال النبي صلى الله عليه وسلم (المعلم المربى‘ والامام والقدوة) أيها الناس! اربعوا على أنفسكم‘ انكم لا تدعون أصما ولا غائبا‘ إنما تدعون سميعا بصيرا‘ والذي تدعون أقرب الى احدكم من عنق راحلته

«Тхо Аллах1ан элчанца (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) некъаца дара. Т1аккха цхьа нах, «Аллах1у Акбар» аларца, шайн аьзнаш ийдан буьйлира («Аллах1у Акбар» аларца, до1анаш деш, шайн аьзнаш ийдан бевлла уьш). Т1аккха пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (нийсаче новкъа нисбечу хьехархочо, масал долчу имамо) элира: «Х1ай, нах! Шайн аьзнаш охьата1аде, къорачуьнга я генарчуьнга кхойкхуш дац шу, хезаш а, уллехь а волчуьнга кхойкхуш ду шу, аша кхойкхург шуна уллехь ма ву шу т1ехевшинчу дийнатийн вортанал а»».

Аллах1а сийлахь долчу Къур1анахь боху:

 (ولقد خلقنا الإنسان ونعلم ما توسوس به نفسه‘ نحن أقرب اليه من حبل الوريد).

«Адам а кхоьллина оха, цуьнан сино цунна хьоьхург хаьа тхуна, цунна уллохь ду тхо, цуьнан вортанан пхенал а».

Абу Муса-л-Аш1арийс (Аллах1 реза хуьлда цунна) боху:

«Цунна (элчанна) (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) т1ехьа вара со, сайллахь бохуш 1аш: «Ла хьавла вала къуввата илла биллах1». Т1аккха пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Х1ай, Къайсан к1ант 1абдуллах1! Ялсаманера хазна йийца аса хьуна?». Аса элира: «Йийцахьа, х1ай Аллах1ан элча». Т1аккха элира цо (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Ла хьавла вала къуввата илла биллах1» ю»».

Кхайкха шайн Деле, хьоьх цхьа зен хьакхаделча, айхьа Цуьнга кхайкхича и д1адоккхуш волчу. Аллах1у Акбар!

 أمن يجيب المضطر إذا دعاه ويكشف السوء ويجعلكم خلفاء الأرض أإله مع الله  قليلا ما تذكرون . النمل: 62 

«Оьшучунна жоп лург а, боьссина бала д1абоккхург а, лаьтта т1ехь шух дай (верасаш) дийриг а мила ву? Дела ву. Ткъа Аллах1ца (Кхин дела ву ткъа Аллах1ца цхьа а? До1а хезаш а, жоп луш а? Х1унда тийжа шу Аллах1 воцчунна т1е, Аллах1е кхайкхина тоам ца беш? Бохуш 1аш Аллах1 воллушехь: أليس الله بكاف عبده («Аллах1 тоьаш вац шен лайна?»)? Пайхамарашка а, эвлаяашка а х1унда кхойкху аша, Аллах1 ша цхьаъ бен ма-вац хезарг а, жоп лург а?) хьехам д1аоьцурш ма-к1еззиг бу-кха» («Намл»: 62).

 

Цхьана Аллах1е кхайкха: أدعونى أستجب لكم («Соьга кхайкха, Аса жоп лур ду шуна»), цхьана Аллах1е товжа, цхьана Аллах1е деха. Хьо цхьанхьа арахь тилча, т1аккха ахьа Цуьнга дехча, хьо ц1аверзош волчу. Шуна йокъа х1оьттинехь, т1аккха аша Цуьнга кхайкхича, лаьттан ялта хьийкъина кхиош волчу. Аллах1у Акбар!

 (أأنتم تخلقون أم نحن الخالقون).

«Шу ду, ткъа, кхуллуш дерш, я тхо ду кхуллурш?».

 (أأنتم تزرعونه ام نحن الزارعون).

«Шу ду, ткъа, и ялта хьаладолуьйтурш, я тхо ду и ялта хьаладолуьйтурш?».

Дерриге х1ума шен карахь дерг Сийлахь-веза Аллах1 ма ву.

(قل إن الأمر كله لله).

«Ала: «Дерриге х1ума Аллах1ан ду» (Аллах1ан карахь ду)»».

И дерриге х1ума шен карахь долчунна т1етовжа, Хастаме а, Ц1ена а, Леккха а волчу.

Х1ара доцца дийцар дара, Къур1анчуьра а, Суннатера а долчу до1анан дозаллех.

 

Шозлаг1а дакъа.

До1а къобалдина хилийта хиланза ца болу бехкамаш.
 

Кху цхьаьнакхетарехь хьахо леринчух бара Дала до1анна жоп дала хиланза ца бовлу бехкамаш. Дика тидам белаш кху коьртачу х1уманна. Хьалха вай ма-хьаххор, дукха нах къа-бала балхош а, аьрзнаш хезош а хуьлу: «Аллах1е дукха до1анаш дира аса, жоп ца делира суна», бохуш. Т1аккха х1ун бехкамаш бу, хиланза йиш йоцуш берш, до1а къобалдайта а, цунна жоп далийта а?

1. Нигат, кхайкхар, тешар, до1а, Аллах1ан дуьхьа а долуш, ц1андар ду.

Хастаме а, Ц1ена а волчу Аллах1а ма-аллара:

 ادعوا الله مخلصين له الدين . غافر: 13.

«Аллах1е кхайкха, Цуьнах тешар ц1ан а дай» («Г1афир»: 13).

Нигат ц1андарх а, Делах тешар ц1андарх а «ихлас» олу. «Ихлас» бохург 1амал ц1анъяр ду дерриге ширкийн м1оданах, ширкан дакъойх.

Аллах1а (Леккха ву И) 1амалех къобал ца йо ц1ена ерг а, нийса ерг а бен. Ц1ена ерг - Аллах1 резавар лоьхуш йина 1амал ю. Нийса ерг - Аллах1ан элчано деанчу Шар1аца йог1уш йинарг ю.

Цундела, х1ай Аллах1ан лай, нигатан ц1аналла йоцуш йиш яц.

Шуна хууш хир ду хьехачу ваханчу кхааннан дийцар. Ломан буьххьера т1улг чу а керчина, цу т1улго хьехан не1 д1а а къевлина чохь бисинчу. Т1етовжа а, к1елхьара бовла а меттиг боцуш, Аллах1е товжар бен. Стенца Аллах1е тевжина хаьий шуна уьш? Велига кхайкхиний цара? Пайхмаре орца дехний цара? Эвлаяашна т1е болх биллиний цара? Ма ца дехна! Ма ца биллина! Царна хууш хилла зен дар а, пайда бар а Аллах1ан карахь бен цахилар.

Хастаме, Лекха волчу Аллах1е тевжина уьш. Стенца тевжина уьш? Шайн дикачу 1амалшца тевжина-кха. Вуьшта аьлча, ц1енчу нигатца а, даггара Аллах1 резавар хьамма йинчу шайн 1амалашца а дехна цара Аллах1е. Цхьамма цхьа до1а дина, ша йина дика 1амал хьахош. Вуккхо ша йинчу кхечу 1амалца до1а дина. Кхозлаг1чо а дехна ша йинчу дикачу 1амалца.

И хьадис дийцинарш Бухари а, Муслим а ву, асхьабех волчу 1абдулла бин 1умарера (Аллах1 реза хуьлда цунна).

Схьагуш дерг, хьоме вежарий, Аллах1а церан до1анна жоп делла хилар ду, цаьрга боьссина бала д1аайбина хилар а ду, г1айг1а а, сингаттам а д1аяьккхина хилар а ду, шен ниц1къаца а, омрица а новкъара т1улг д1абаьккхина хилар а ду. Цу дерригенан бахьана ц1ена нигат долуш йинчу 1амалца дехча жоп далар ду.

Аллах1е тевжина уьш шайн дикачу 1амалшца, шаьш «ихласца» йинчу 1амалшца. Аллах1а (Леккха ву И) боху:

فمن كان يرجوا لقاء ربه فليعمل عملا صالحا ولا يشرك بعبادة ربه أحدا . الكهف: 110

«Ша Далла дуьхьал кхетаре сатуьйсучо, милла велахь а, дика 1амал йойла, шен Далла 1ибадат деш, Цуьнца цхьа а накъост а ма-войла» («Ках1ф»: 110).

Цундела до1а Аллах1е бен ца деш ц1андар йиш йоцуш ду. До1а элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) еанчу нийсонца нисса дог1уш хилар йиш йоцуш ду. Цуьнан маь1на дац элчанера хезнарг бен до1а дан мегар дац бохург. Цуьнгара хезнарг г1олехь а, дика а, деза а хиларехь цхьа а шеко яцахь а, делахь а, адамна мегаш ду элчано дина аьлла хьадисашкахь доцу до1анаш дар, элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) еана йолчу до1а даран нийсонна юкъара ца ваьлчахьанна.

Аса ца боху шуна: «Сан Дела, хьенехан хьокъан дуьхьа доьху аса Хьоьга!» аьлла, до1а дан мегар ду! Я вели волчу хьенехан хьокъан дуьхьа доьху аса ала мегар ду а ца боху аса! Адамийн хьаккъаш дан а дац Сийлахь-везачу Аллах1на т1ехь.

Лай, шен, Делан юкъаметтиг дика йолуш валахь, цунна дика ду и. Амма цуьнгара г1о а, орца а дехар маггане а мегар дац, х1унда аьлча шех вели олуш волу и стаг Делан лай ву, шен карахь я зен дар а, я пайда бар а доцуш. Пайда бар а, зен дар а шен карахь дерг цхьа Аллах1 бен вац. Цо и цхьаьнне кара делла дац, цхьанна аятехь я хьадисехь дац иза хьахийна. Дала пайда бар а, зен дар а шен шен карахь хилар хьахийна дерриге аяташкахь а, хьадисашкахь а.

До1а къобал даран шозлаг1а бехкам:

2. Хьанал рицкъа даар а, хьарамчух генавалар а ду.

Аллах1е доьху вай, со а, шу а хьарамчу рицкъанах ц1андар, суна а, шуна а хьанал рицкъа далар, цуьнах вайна беркат дар, вайна а, хьарам долчу рицкъанна а юкъ генаяккхар, малхбаленна а, малхбузенна а юкъ гена ма-яккхар.

Ма дукха нах бу-кха, тидам ца беш, т1алам ца беш, дуург хьанал хилча а, хьарам хилча а. Даар деза вайна, гулдар деза вайна, цул т1аьхьа вай гулдинчух кошахь, лаьтта бухахь жоп дала дезаре к1еззиг хьоьжу вай, я хьовса а ца хьовсу. Мискъалан заррат буха ца дуьтуш, жоп доьхург хиларехь яц-кха цхьа а шеко.

Цул совнаха, лаьттан кийра дирзича цу даьхнех пайда оьцун берш верасаш боллушехь, гулдар деза вайна. Ахьа гулдинчух пайда верасаша оьцу, амма жоп кошахь ахьа айхьа ло.

 

يا نفس تجزع أن تكون فقير

والفقر خير من غنى يطغيها

وان غنى النفوس هو الكفا

فإن أبت فإن جميع ما فى الأرض لا يكفيها

هى القناعة فالزمها تكن ملكا

لو لم يكن لك الا راحة البدن

وانظر لمن ملك الدنيا بأجمعها

هل راح منها بغير القطن والكفن

وأموالنا لذوى الميراث نجمعها

ودورنا لخراب الدهر نبنيها

Х1ай дег1, къоьллах кхоьру хьо?       

Къоьлла-м г1олехь ю хьуна, хьо тилочу бахамал а.

 

Дег1-са дехаш хилар кхачам бу хьуна,

Цуьнах цунна тоам ца хилахь.

 

Лаьтта т1ехь долу дерриг тоьарг дац цунна.

 

И барам бу, цуьнах таслахь хир ву хьоьх паччахь,

И хьуна хирг дег1ан синтем бен бацахь.

 

Дерриге дуьненан дай лаьттиначаьрга хьажа хьо.

Бамба а, марчо а эцна бен бахний уьш цу чуьра?

 

Вайн даьхний ирс оьцучарна гулдо вай.

Вайн г1ишлош заманца йохарна юг1у вай.

 

Цуьнан маь1на дац шуна хьанал даьхний гулдан ца мега бохург: даьхний-м дуьненахь хиланза ца болу г1ирс бу. Хьанал рицкъа лаханза а ца долу, къахьегар а бахьанаш лелор ду, лелонза ца долуш, амма эхарт диц ма де бохург ду и, Аллах1ан хьакъ диц ма де бохург ду и, дуьненал сийлахь а, деза а долу эхарт лахарх вуха ма-веттийта бохург ду и. И ду лууш дерг а, оьшург а.

Хьоме вежарий! Хьанал ерг яар бохучо чулоцу: хьанал йолчух яар, хьанал долчух малар, хьанал долчух т1едохар, хьаналчу кхачанах кхетар.

Юург цхьа хурма, я цуьнан барамехь х1ума бен яцахь а, хьарамниг яарх ларлолахь.

Элчане (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьежна цхьана буса 1айшат (Аллах1 реза хуьлда цунна), дог доьхна а, хийца велла а шен меттахь тевжина 1ачу. Т1аккха цуьнга хаьттина цо, хилларг х1ун ду аьлла. Элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) х1ун жоп делла хаьий шуна? Цо аьлла:

قال صلى الله عليه وسلم: "وجدت تمرة على فراشي فأكلتها وأخشي أن تكون من تملر الصدقة"

«Кху сайн меттахь цхьа хурма карийнера суна, ткъа и йиъна аса, саг1ина елла хурма и хиларх кхоьруш ву-кха со».

Хаийла шуна! Сийлахь-везачу Аллах1а до1а къобалдеш цахилар хьарамъерг йиъначуьнгарий, хьарамъерг меллачуьнгарий, хьарамъерг т1ейоьхначуьнгарий.

Хьадисехь деъна, Муслима дийцинчу. Абу Х1урайратас (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 

"إن الله طيب لا يقبل إلا طيبا".

 ولقد أمر الله المؤمنين بما أمر به المرسلين فقال تعالى: (يا أيها الرسل كلوا من الطيبات واعملوا صالحا) فقال تعالى: (يا أيها الذين آمنوا كلوا من طيبات ما رزقناكم) ثم ذكر النبي صلى الله عليه وسلم "الرجل أشعث أغبر يطيل السفر يمد يديه إلى السماء‘ يقول: يا رب! يا رب! ومأكله حرام‘ ومطعمه حرام‘ فمشربه حرام‘ وملبسه حرام‘ وغذي بالحرام‘ فأنى يستجاب لذلك

«Боккъалла, Аллах1 ц1ена ву, ц1енаниг бен къобалдеш вац». Аллах1а, муъмин нахе дина, элчанашка дина доллу омра, Аллах1а (Лекха ву И) (элчанашка) аьлла: «Х1ай элчанаш, ц1еначух даа, дика г1улкхаш а де». (Леккха ву И) Цо (бусулба нахе) аьлла: «Х1ай иман диллинарш, Оха шайна деллачу ц1енчу рицкъанах даа». Цул т1аьхьа пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вийцира: «Цхьа стаг, месаш хьаьрчина, ченах вуьзна, беха некъ беш, т1аккха шен ши куьг стигала а кховдадой: «Сан Дела! Сан Дела!» олуш волу. Цуьнан юург хьарам хилча, цо мерг хьарам хилча, цуьнан духар хьарам хилча, хьарамчу кхачанах кхетта а хилча, ткъа жоп муха лур ду цунна?»».

Х1ара пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къамел ду: цу стагана жоп муха лур ду?

Х1ай, сан хьоме вежарий! Хьарам ерг йиъна, т1аккха ахьа до1а дича, жоп муха лур ду хьуна? Хьарам духар ахьа т1едоьхна, т1аккха ахьа динчу до1анна жоп муха лур ду хьуна? Хьарам ерг мелла, т1аккха ахьа до1а дича, жоп муха лур ду хьуна? Хьарамчу кхачанах а кхетта, т1аккха ахьа до1а дича, жоп муха лур ду хьуна?

Имам 1абдуллах1а а, имам Ахьмада а (Аллах1 реза хуьлда цу шинне а) дийцина, шен дас гулдинчу «Зух1д» ц1е йолчу жайнах.

Бани  исраилашка цхьа бала боьссина хилла, т1аккха майдане арабевлла уьш, Сийлахь-везачу Аллах1е бала д1аайбар деха. Т1аккха Аллах1а церан пайхмаре хаам беш аьлла: «Ала цаьрга»:

أن بني اسرائيل قد أصابتهم بلاء‘ فخرجوا إلى الصعيد‘ يسألون الله جل وعلا‘ فأوحى الله إلى نبيهم فقال: قل لهم: الآن خرجتم الى الصعيد بأبدان نجسة (نجستها المعاصي والذنوب) ورفعتم إليّ أكفا قد سفكتم بها الدماء وملئتم بها بيوتكم من الحرام‘ الآن اشتد غضبي عليكم فلن تزدادوا منى إلا بعدا

«Майдане ара девлла шу х1инца, нажжаз дог1машца (къиноша а, 1есалло а нажжаз динчу), соьга хьала куьйгаш а уьйъу аша, шаьш цаьрца ц1ийш 1енийна долу, шаьш цаьрца хьарам долчух шайн х1усамаш юьзна долу, Сан шуьга йолу оьг1азло  ч1аг1ъелла, соьгара диканехь совдевр дац шу, гена довларехь бен».   

Кхозлаг1а бехкам до1а къобал дечу бехкамех бу:

3. До1а дийриг ойла Сийлахь-везачу Аллах1на т1еерзийна а, даггара Цуьнах тешна а хилар ду.

Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадисехь аьлла, Ахьмада а, Тирмизис а, кхечара а дийцинчу, шайх Албанис «Сахьихь» а лерина долчу. Цо (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

"أدعوا الله وأنتم موقنون بالإجابة‘ واعلموا  أن الله لا يقبل دعاء من قلب غافل لاه".

«Аллах1е до1а де, Цо жоп даларех дог тешна а долуш. Хаийла шуна, Аллах1а до1а къобалдеш цахилар бала боцучу а, терго йоцучу а дагера». 

Ма дарба ду-кха иза! Ма дукха къа-бала балхораш хезна-кха вайна дукха бусалба нахера, деха-деха до1анаш до шаьш, жоп х1унда ца дог1у-техьа бохуш. Х1унда ца дог1у т1аккха? Дегнаш г1опул долун дела ца дог1у-кха, дегнаш даггара Далла т1едирзина доцун дела, ойланаш берриге боьранашкахь кхерсташ йолун дела, дог меттах ца долун дела, дог хьасталуш доцун дела, Делах кхерра дег1е зуз дог1уш доцун дела, б1аьргара хи долуш доцун дела, Сийлахь-везачу Аллах1аца къамел дар марзо кхеташ йоцун дела ца дог1у-кха.

Пхоьазза я иттазза до1а дича, кхид1а до1а дан мало йо, деха до1анаш дина аьлла хета. Х1унда хета? Делаца къамел даран марзо ца хаало. Вайн дегнаш ц1ена делахьара, вай Сийлахь-везачу Делаца къамеле дийларах дузур ма-дацара. Ва муха дузу, вай къамел дийриг Сийлахь, Веза, Нуьцкъала верг хилча.

Аллах1а, Валлах1и, г1опалчу а, акха ойла йолчу а дагера до1а къобалдеш ма дац.

Т1аьххьара, сан хьоме вежарий!

نقلا عن الإمام القرطبي من براهيم بأنهم بسوق البصرة يوما فلتف الناس حوله وقالوا: يا أبا إسحاق! يرحمك الله! ما لنا ندعوا الله فلا يستجاب لنا؟ فقال ابراهيم: لأنكم أمتم قلوبكم بعشرة أشياء‘ عرفتم الله فلم تؤدوا حقوقه‘ وزعمتم حب رسوله وتعملوا بسنته‘ وقرأتم القرآن ولم تعملوا به‘ وأكلتمنعم الله ولم تؤدوا شكرها‘ وقلتم بأن

الجنة حق ولم تعملوا به‘ وقلتم بأن النار حق ولم تهربوا منها‘وقلتم بأن الموت حق ولم تستعدوا له‘ ودفنتم موتاكم ولم تعتبروا بهم‘ وانتبهتم من نومكم فانشغلتم بعيوب الناس ونسيتم عيوبكم.

«Имам Къурт1убис охьадеъна, Ибрах1имера, Басрарчу базарахь хилла уьш, цхьана дийнахь, нах  гонаха бевлла юкъавоьлина цара и, цара хаьттина цуьнга: «Ва аба Исхьакъ! Аллах1а къинхетам бойла хьоьх! Х1ун ду техьа и, Аллах1е до1анаш до оха, тхуна жоп цадалар?». Ибрах1има аьлла: «Х1унда аьлча, аша шайн дегнаш дайина-дакъийна итт х1уманца; Аллах1 вевзина шуна, амма Цуьнан хьаккъаш кхочуш ца дина аша. Цуьнан элча веза олу аша, амма цуьнан Суннато бохург ца дина аша. Къур1ан дешна аша, амма цуьнца 1амал ца йина аша. Аллах1ан ни1маташ диъна аша, амма царна шукар ца дина аша. Ялсамани хилар бакъ ду элира аша, амма цу чу кхача 1амал ца йира аша. Жоьжаг1ати хилар бакъ ду элира аша, амма цуьнах довда ца девдира шу. Валар бакъду элира аша, амма цунна кечам ца бира аша.  Шайн белларш д1абоьхкира аша, амма цуьнах хьехам ца ийцира аша. Шайн набарех самадевлира шу, шайн сакхташ а дицдина, неха сакхташ дуьйцуш».

إنا لله وإنا إليه راجعون!

 

Аллах1а кхоьллина а, Цуьнга доьрзур долуш а ду-кха вай!

Кхозлаг1а дакъа.

До1анан г1иллакхаш.

Кху вайн цхьаьнакхетарехь хьахо леринчу дакъойх кхозлаг1ниг - до1анан г1иллакхаш дара. 

До1анан  дуккха а г1иллакхаш ду, ч1ог1а дацдина хьахор ду вай уьш, хан к1еззиг хиларна.

Хьалхарниг: до1анан г1иллакхех ду до1а дечо ларъян еза Сийлахь-везачу Аллах1а до1анна жоп луш йолу хенаш а, хьелаш а, хастам бу Аллах1ана! Уьш дукха ю, Цуьнан диканаш а, комаьршаллаш а, совг1аташ а алссам ду, кху беркатечу а, ирсечу а умматана делла.

1) Беттанех - мархин (рамадан) бутт бу.

Хьадисехь ду, Тирмизис дийцинчу, цо «Хьасан» даржехь а лерина и. Ахьмада а, кхечара а дийцина и. Уьззза хьадис Хьафиз ибн Хьажарас а лерина «Хьасан» даржехь. Иза Аби Х1урайрата (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина хьадис ду, пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"ثلاثة لا ترد دعوتهم الصائم حين يفطر...".

 «Кхоъ ву, церан до1а жоп даланза ца дуьтуш, (царех цхьаъ) марха дерг (ву), цо марха достучу хенахь (до1а дича)...».

                                         

 2) Денойх - 1арафат де ду.

Уггаре сийлахь до1а 1арафат дийнахь динарг ду, цу дийнахь дина до1а жоп луш до1а ду.

Тирмизин хьадисехь дийцина ма-хиллара, цо «Хьасан» леринчу. Асхьабех и хьадис дийцинарг 1амр бин Шу1айб ву, шен дегара, шен ден-дегара, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 ((خير الدعاء دعاء يوم عرفة‘ وخير ما قلت أنا والنبيون من قبلي: لا إله إلا الله وحده لا شريك له له الملك وله الحمد وهو على كل شئ قدير)).

«Уггаре дика до1а 1арафат дийнахь дина до1а ду, аса а, соьл хьалха баьхкинчу пайхамарша а аьллачух уггаре диках дерг: لا إله إلا الله وحده لا شريك له له الملك وله الحمد وهو على كل شئ قدير ду. («Дела вац, Аллах1 бен, ша цхъаъ ву И, шеца цхьа а накъост а воцуш, паччахьалла а, хастам а бу Цунна, дерригенна ницкъ кхочург а ву И»)». 

Имам Ахьмада дийцина, асхьабех волчу 1абдуллах1 1амр бин ал-1асан а, Абу Х1урайратан а хьадис, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Аллах1а - доллучунна ницкъ кхочуш а, сийлахь-воккха а волчу, Шен маликашна дозалла до, 1арафат дийнан суьйре герга яхча, 1арафатарчу нахаца. Цо олу: «Хьовса Сан лайшка, ченех буьзна, месаш а хьирчина Суна баьхкинчу»».

3) Денойх - п1ерасканан де а ду.

Хьадисийн мог1аршкахь дукха дийцина, п1ерасканан дийнахь цхьа сахьт хилар билгалдеш, лено цу сохьтехь шен хьашт Деле дехахь, Аллах1а цо дехнарг цунна лур долуш.

Бухарис а, Муслима а дийцина, Абу Х1урайрата (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис, Абу ал-Къасима (пайхамара - Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

في يوم الجمعة ساعة لا يوافقها مسلم‘ وهو قائم يصلي يسأل الله خيرا إلا أعطاه الله إياه. وقال بيده يقللها يزهدها.

«П1ерасканан дийнахь цхьа сахьт ду, цу сохьтехь бусалба стаг ламазе х1оьтттина, Аллах1е дика доьхуш нислахь, Аллах1а и (цо доьхург) даланза дуьтур доцуш. Шен куьйгаца хичаш еш элира цо, и к1еззигдан а, совдаккхан а йиш йолуш ву и (до1а дийриг)». 

4) До1анна жоп лучу хенашха - п1ерасканан буьйса а ю.

5) До1анна жоп лучу сахьташха - буьйсанан кхозлаг1чу декъан сахьташ ду.

Хьадис деъна Бухарин а, Муслиман а жайнахь, Аби Х1урайратас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина долу, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"ينزل الله كل ليلة إلى سماء الدنيا حين يمضي ثلث الليل الأول ويقول: أنا الملك من ذاالذي يدعونى فأستجيب له من ذاالذي يسألنى فأعطيه‘ من ذاالذي يستغفرنى فأغفر له‘ حتى يضيئ الفجر".

«Аллах1 х1ора буьйсана охьавуссу дуьненан стигланна т1е (шен Сийлаллица там ма-ббу). Ма-алийла аша: «Иштта охьавуссу И алий, я охьа муха вуссу И ма-алийла аша»».

Цхьаболчу 1еламнехан жайнашкахь ма-хиллара, цара олу: «Охьавуссу бохург Сийлахь-везачу Аллах1ан къинхетам буссу бохург ду».

Х1унда олуш ду и иштта? Аллах1 дика вевза хьуна Аллах1ана шеначул? Аллах1 дика вевза хьуна Аллах1ан элчаначул (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)?

Аллах1 охьавуссу, амма воссаран куц-сибат халкъах цхьаьннечух тера дац цуьнан («Цуьнах тера х1уммаъ дац, Иза Хезаш, Гуш ву»).

«Аллах1 (Леккха ву И) охьавуссу дуьненан стигланна т1е буьйсанан дуьххьара долчу кхозлаг1чу декъаьхь. Цо олу: Со ву паччахь, мила ву Соьга кхойкхург, ткъа жоп лур ду Аса цунна. Доьхург мила ву Соьга, лур ду аса цунна. Гечдар доьхург мила ву Соьга, ткъа гечдийр ду аса цунна 1уьйранна сатассалц»».

Абу Умамата дийцина, 1амар бин 1абасата Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна, дийцира аьлла.

((أقرب ما يكون الرب من العبد في جوف الليل الآخر‘ فإن استطعت أن تكون ممن يذكر الله في تلك الساعة فكن)).

«Дела Шен лайна уггаре уллохь хуьлуш йолу хан - буьйсанан т1аьххьара дакъа ду, цу сохьтехь Аллах1 хьехочех хила хьайн ницкъ кхачахь, хила хьо».

И хьадис «Сахьихь» ду, дийцинарг Тирмизи ву, «Муснад аш-шамиййина» ц1е йолчу жайнахь Т1абарани ву, «Тамх1ид» ц1е йолчу жайнахь ибн 1абдал-Барр ву.

Абу Умамата дийцина, Аллах1ан элчане (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьамма хаьттира аьлла:

((أيّ الدعاء أسمعُ؟ قال: جوف الليل الآخر ودبر الصلوات المكتوبات)).

««Сиха жоп дала герга дерг муьлха до1а ду?». Цо жоп делира: «Буьйсанан т1аьхьара дакъа а, фарз ламазашна т1аьхьа а (ден до1анаш ду)»».

И хьадис «Сахьихь» ду, дийцинарг Тирмизи ву, «Кубро» ц1е йолчу жайнахь Насаи ву, «Мусанниф» ц1е йолчу жайнахь 1абду-р-раззакъа ву.

6) До1анна жоп лучу сахьташха ю - молла  кхайкхарний, къамат дарний юккъера хан.

Тирмизис а, Ахьмада а  дийцина, ибн Хузаймата а, ибн Хьиббана а «Сахьихь» лерина долу хьадис, Аби Х1урайратас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

.«الدعاء بين الأذان والإقامة لا يرد»

«Молла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина до1а жоп даланза дуьтуш дац».

Тирмизис дийцинчу риваятехь ду: «Х1ун деха оха, х1ай Аллах1ан элча», аьлла хаьттича, цо (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла:

"سل الله العافية فى الدين والدنيا والآخرة".

 «Аллах1е деха динехь а, дуьненахь а, эхартахь а ирс».

7) До1анна жоп лучу сахьташха ду - хьо, хьайн Сийлахь-везачу Далла хьалха суждане а вахана, сецна йолу хан.

Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла (и хьадис дийцинарг Муслим ву):

"أقرب ما يكون العبد من ربه وهو ساجد فأكثروا الدعاء".

«Лай шен Далла уггаре уллохь хуьлуш йолу хан (меттиг) - иза сужданехь волу хан ю, ткъа до1анаш дукха дойла аша».

8) До1анан г1иллакхашха ду - до1а дийриг Сийлахь-везачу Аллах1е хьаставелла хилар, Цуьнан Воккхаллин сийдеш хилар.

Хьадисехь деъна, Бухарис дийцинчу, Анас бин Малика (Аллах1 реза хуьлда цунна) элира аьлла:

ورد فى الحديث الذي رواه البخاري من حديث أنس ابن مالك رضي الله عنهما رأيت رسول الله صلى الله عليه وسلم يرفع يديه حتى رأيت بياض إبطيه.

«Аллах1ан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, до1анехь шен ши куьг айдина, цуьнан пхьаьрсан к1елара къайлеш цхьаьна гуш».

9) До1анан ч1ог1а коьртачу г1иллакхех ду - жоьпанна сихо ца яр.

Хьадисехь деъна, Бухарис а, Муслима а дийцинчу, Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"يستجاب لأحدكم ما لم يعجل".

 «Шун до1анна жоп лур ду, сихо ца йичахьанна».

Вайх дукхах болчара сихонаш йо, иза до1ица томехь йоцчу амалех ду.

Муслиман риваятехь ду:

"قيل: وما الإستعجال يا رسول الله صلى الله عليه وسلم يقول قد دعوت وقد دعوت فلم أر يستجاب لى فيستحضر عند ذلك ويدع الدعاء".

«Цхьамма хаьттира: «Сихо яр (бохург) х1ун ду, х1ай Аллах1ан элча?» (Аллах1ера къинхетам а, маршо а  хуьлда цунна). Цо жоп делла: «Дийхира аса, дийхира аса, сайна жоп луш ца карадо суна олий, т1аккха саца а соций, до1а дуьту цо. И ду сихо яр бохург».

Аллах1аца г1иллакхехь цахилар ду, Цуьнгара сихо яр а дезна, до1а дар дитар.

10) До1анан ч1ог1а коьртачу г1иллакхех ду - айхьа до1а дечу хенахь хьайн до1анехь цхьанне стаганна къилахь дерг а, вониг а цадехар, нехан гергарлонаш хадор долу х1ума цадехар, ахьа хьайн берашна сардам буллуш до1а а, кхайкхам а цадар.

Дукха нах бу-кха цу лазарна чуэгна, шайн даьхнийна сардамаш бухкуш, шен зудчунна ша оьг1аза вахча, цунна вониг кхайкхош, цунна сардам буллуш. Шен доьзалхочунна ша оьг1аза вахча, цунна сардам буллуш а, не1алт кхайкхош а. Сийлахь-везачу Аллах1а жоп ма ло цу сардаманна а, до1анна а. Юха-т1аккха д1ах1утту и стаг, шен куьг коьртанна т1е а дуьллий, корта а лоций: «Сан Дела! Сан Дела! Кху балин бахьана х1ун ду техьа?» - бохуш. «Цуьнах хьалха ваккхахьа со!» - бохуш.

Хьадисехь деъна, Абу Давудас «Сахьихь иснад» йолуш дийцинчу, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:   

"لا تدعوا على أنفسكم ولا على أولادكم ولا على أموالكم فتصادفوا من الله ساعة ليل فيها عطاء فيستجيب لكم".

«(вониг доьхуш) До1а ма-дойла аша, шайна а, я шайн берашна а, я шайн даьхнашна а, Аллах1а до1анна жоп лучу буьйсанан сохьтехь шун и нислахь, цо жоп лур ду шуна».

Бусалба вежарий! Х1ара вай дийцинарг доццачу до1анан г1иллакхашха дара.

Кху цхьаьнакхетарехь хьахон леринчух дара - Аллах1а шайн до1анна жоп лурш муьлш бу бовзийтар.

Хьалхарниг - марха дерг ву.

Шолг1аниг - нийсо ен а, 1едале а имам ву.

Кхоалг1аниг - шена зулам динарг а, бохам бинарг а ву.

Хьадисехь ду, дукха хан йоццуш вай дийцина ма-хиллара, Тирмизис дийцинчу, Ахьмада а, Хьафиз ибн Хьажара а «Хьасан» даржехь леринчу. Асхьабех иза дийцинарг Аби Х1урайрат (Аллах1 реза хуьлда цунна) ву, пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"ثلاثة لا ترد دعوتهم الصائم حين يفطر والإمام العادل  ودعوة المظلوم يرفعها الله فوق الغمام وتفتح لها أبواب السماء يقول ربنا لهذه الدعوة‘ وعزتي وجلالي لأنصرنكِ ولو بعد حين".

«Кхоъ ву, церан до1а жоп даланза ца дуьтуш: марха дерг - цо  марха достучу хенахь, 1едалехь имам, шена зулам динарг. Мархашна т1ехула хьаладоккху Аллах1а и, стигланан не1арш схьайоьллу цунна, вайн Дала цу до1ега олу: «Сайн воккхаллеха а, сайн сийллаллеха а ч1аг1о ма йо Аса, хьуна г1оданза (жоп даланза) 1ийра ма вац Со, цхьа хан яьлча дина а»».

Хаийла хьуна, Лекхачу Аллах1а 1азапехь валлийначуьнан до1анна жоп луш хилар, цуьнан до1а жоп даланза дуьтуш цахилар, и до1а дийриг кафир валахь а, гавур валахь а, керста валахь а.

Ма-олийла аша: «Х1ара-м керста вара, цхьа а хьурмат долуш вацар иза-м».

Бакъ ду: хьурмат дац цуьнан, и нажжаз кафир хиларна, цуьнан дегатешам телхина хиларна. Делахь а, цунна зулам дан бакъо а, йиш а яц, цуьнан хьакъ дайъа йиш яц вайн, цуьнгара бакъо йоцу хьакъ схьадаккха йиш яц вайн.

Цуьнан хьакъ цунна 1аддадитахьа, зулам ма-дехьа цунна, цо хьуна сардам буллуш до1а дахь, иза керста валахь а, цуьнан до1анна жоп лур ду хьуна Аллах1а. Цуьнан керстаналла - цунна шена ду, цуьнан волла - цунна шена ю, амма бохам хиллачуьнан до1а Аллах1а хьалаойъу мархашна т1ехула, стигланийн ерриге не1арш цунна схьа а йоьллу. Цо ала а ола цуьнга:

 "وعزتي وجلالي لأنصرنك ولو بعد حين".

«Сайн воккхаллеха а, сайн сийллаллеха а ч1аг1о ма йо Аса, хьуна г1оданза 1ийра ма вац Со, цхьа хан яьлча дина а»».

Пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет хилла,   Му1азега цо дина, иза Йемене воьдучу хенахь:

"واتق دعوة المظلوم".

«Кхералахь (ларлолахь), зулам диначуьнан до1анех».

Ма дукха нах бу-кха, цуьнан т1алам ца беш, цуьнах лар ца луш.

"واتق دعوة المظلوم فإنه ليس بينها وبين الله حجاب".

(Х1ай, Му1аз) «Кхералахь (ларлолахь) зулам диначуьнан до1анех (сардамех), цунний (до1анний, сардамний), Аллах1ний юккъехь пардо дац хьуна».

Цхьана байташ язъярхочо ма-аллара:

لا تظلمن اذا ما كنت مقتدرا

فالظلم ترجع عقباه الى الندم

تنام عيناك والمظلوم منتبه

يدعوا عليك وعين الله لم تنمِ

Хьо вацахь дерригенна ницкъ кхочуш, зуламах ларлолахь.

Зуламан т1аьхье дохко валаре йоьрзуш ю хьуна.

Хьан б1аьргашна наб озайо, амма бохам шена хилларг сема ву хьуна.

Хьуна деш до1анаш а долуш, Аллах1ан б1аьрг а бац хьуна набаро лоцуш.

Хьуна хаийла, Аллах1а хьо к1еззиг ханна вуьтуш хилар, амма хьо Цунна вицлуш цахилар диц ма-дойла ахьа. Хьо валахь Аллах1ан лайшха цхьанна зулам дина, Аллах1ан халкъах цхьанна бохам бина, и гавур валахь а, я бусулба валахь а, айхьа цунна дина зулам меттах1оттадойла ахьа, хьайна т1е де кхачале, цу дийнахь цхьа дирх1ам я динар хин доцучу, даржаш я г1анташ хин доцучу, йохка-эцараш я визараташ хин йоцучу.

Х1ай, Аллах1ан лай! Хьан диканаш схьа а эцна, ахьа зулам диначунна д1алур долчу дийнах кхера. Хьан диканаш кхачадахь, ахьа дуьненахь зулам диначунна къинош схьаэцна хьайна т1е кхуьссун долучу дийнах кхера. Зуламаш динарг, шен юьхь бухахь йолуш цу, т1е бертала жоьжаг1атичу тосур волчу дийнах кхера. Иза наханна бохамаш, зуламаш диначуьнан бекхам бу.

ولا حول ولا قوة الا بالله العلي العظيم.

Воьалг1аниг - бусалба стаг ву, шен  до1анна  жоп  луш, цо шен бусалба  вешина до1а дича.

Иштта, Аллах1а шайн до1анашна жоп лучарех бу шайн бусалба вежаршна до1а деш берш, цунна шена шайн бусалба вешо до1а диний ца хууш.

"ما من مسلم يدعوا لأخيه فى ظهر الغيب الا قال الملك ولك بمثل".

«Цхьа бусалба ма вац, шен (бусалба) вешина до1а деш волу, бусалба вешина цо шена дой ца хууш, Малайко олуш бен: «Хьуна хуьлда изза»».

Аби Давудан риваятехь ду:

"إلا وقالت الملائكة: آمين! ولك بمثل".

 «Малайкаша олуш бен: «Амин! Хьуна а хуьлда изза».

Сан хьоме вежарий, со виц ма-войла аша шаьш дечу до1анна юкъалаца.

Хьуна хаийла, Сийлахь-везачу Аллах1а хьан до1анна жоп лург хилар, ахьа цу хьайн вешина дехнарг санна дерг хьайна а лург хилар, элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йинчу ва1дица.

Пхоьалг1аниг а, ялхалг1аниг а - некъахо а, да а ву.

Иштта, хьоме вежарий, некъахочуьнан до1а а, дас шен к1антанна ден до1а а ду жоп луш.

Аби Х1урайрата (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла, Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"ثلاث دعوات مستجابات لا شك فيهن دعوة الوالد على ولده‘ ودعوة المسافر‘ ودعوة المظلوم".

«Кхоъ до1а ду, царна жоп лург хиларехь шеко йоцуш: дас шен к1антанна ден до1а а, некъахочуьнан до1а а, зуламехь валлийначуьнан до1а а».

Ч1ог1а дацдина дийцар нисдели вайн до1анах дерг, хан к1еззиг хиларна.

Т1аьххьара диснарг хьахор вай, юьххьехь хьахийнехь дико хила а мегара и. Иза - г1айг1а а, сингаттам а д1аойъу до1а ду. И хаар ч1ог1а оьшу вайна, х1унда аьлча х1ара зама сингаттамаш а, баланаш а совдевлла зама ю. Дагахь 1амадойла аша и, хьоме вежарий!

Аллах1е доьху аса, сан а, шун а г1айга а, сингаттам а, бала а д1абаккхар, и д1абаккхар карахь дерг Ша И цхьаъ ву-кха.

И до1а Пайхамаран хьадисехь дийцина ду. Ахьмада шен «Муснад» жайнахь дийцина и. Абу Я1лас а, Баззарас а, имам Т1абарис а дийцина и. Ибн ал-Къаййима шен «Бадаи1 ал-фаваид» ц1е йолчу жайнахь «Сахьихь» даржехь лерина и. Иштта шайх Албанийс «Силсилат ахьадис ас-сахьихьат» ц1е йолчу жайнахь «Сахьихь» даржехь лерина и. Асхьабех волчу 1абдулла бин Мас1удас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

"ما أصاب أحدا قط هم ولا حزن فقال: اللهم إنى عبدك ابن عبدك ابن امتك ناصيتى بيدك ماض فيّ حكمك عدل فيّ قضائك اسألك بكل اسم هو لك سميت به نفسك لو أنزلته فى كتابك او علمته أحدا من خلقك او استأثرت به فى علم الغيب عندك ان تجعل القرآن العظيم ربيع قلبي ونور صدري وجلاء جزنى وذهاب همى وغمى. قال النبي صلى الله عليه وسلم من قال هذه الدعوات أذهب الله همه وغمه وأبدله مكانه فرحا‘ قيل: يا رسول الله أفلا نتعلمهن فقال صلى الله عليه وسلم بل ينبغي لمن سمعه ان يتعلمهن".

«Цхьаьнгге цкъа а я бала а, я сингаттам а бог1ур бац, нагахь санна  цо алахь: «Веза Аллах1! Хьан лай ву со, Хьан лайн к1ант ву со, Хьан г1аьрбан к1ант ву со, сан къаьс Хьан карахь ю, суна т1ехь чекхдаьн дерг Хьан хьукма ду, суна гергахь Хьан кхиэл нийса ю, доьху Хьоьга Хьан массо а  ц1арца, Ахьа Хьайн яьккхина йолчу, Ахьа хьайн жайнахь йоссийна йолчу, Ахьа Хьайн холкъах цхьанна 1амийна йолчу, я Хьуна гергахь къайлах 1илманахь йолчу, доьху Хьоьга: сийлахь Къур1ан сан деган б1аьсте а, сан некъан нур а, сан сингаттам д1абоккхург а, сан г1айг1а-бала д1аойъург а дар». Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «И до1анаш диначунна г1айг1а а, бала а  д1абоккхур бу, цуьнан метта самукъа хуьйцур ду». Цхьаммо хаьттина: «Х1ай, Аллах1ан элча! 1амадай оха и?». Цо (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «И хезначунна  массарна а  т1ехь ду и 1амор»».   

Леккха волчу Аллах1е доьху вай, Цуьнан хазачу ц1ерашца, Цуьнан лаккхарчу сипаташца, со а, шу а,  ла дуг1уш хезначух, нийса долчунна т1аьхьа бозучарех дар.

Тхан Дела! До1анаш къобалдехьа тхан.

Тхан Дела! Тхаьш лардар доьху Хьоьга пайдехь доцучу 1илманах, Хьоьх ца кхоьручу дегнех, ца юзучу гайнех, жоп ца лучу до1анех.

Тхан Дела! Айхьа до1анаш къобал диначарех де Ахьа тхо.

Тхан Дела! Тхан до1а къобалде Ахьа, Тхан марханаш а, г1иттиначеран буса г1иттарш а къобалде Ахьа.

Тхан Дела! Тавхьид умматан юкъахь нийса болх баржа бе Ахьа, хьуна муьт1ахь берш сийлахь беш, Хьуна 1еса берш сийсаз беш болу, диканиг де аьлла омра даржош болу, хьарамниг дита олуш болу. И дерриге Хьайн карахь дерг Хьо цхьаъ ву-кха.

Тхан Дела! Къинхетамца маршо ехьа Ахьа, диканехь совваккхахьа Ахьа, беркат дехьа Ахьа, тхан пайхамар волчу, тхуна дукха везна волчу Мухьаммадана а, цуьнан  доьзална а, цуьнан асхьабашна а.

Цу дийцинчух нийса дерг - Аллах1ера ду, г1алат а, вицвелла даьлларг а - соьгара  а, шайт1анера а ду. Аллах1 а, цуьнан элча а ц1ена ву г1алат долчух.

Аллах1аца ларло со, диканиг шуна дага а даийтина, со и дицдинчарех хиларх.

  وآخر دعوانا أن الحمد لله رب العالمين

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft