Дуккха а хан хьалха дуьйнна суна ца гора иза велалуш, бакъду, цкъацкъа гора иза велакъежаш. Амма даима баланехь а, гIайгIанехь а гуш вара иза. Бусалба нехан хьолах лаьцна хаттарш алссам деш а хуьлура иза. Терго а, тидам а беш вара иза бусалба нах, шайн хIусамех а баьхна, лелхош лелоран, хьийзоран, царна керстано дечу талорийн, чубихкаран, 1азапехь балоран, каро декъий а доцуш, доьза байъаран.
Соьга боху цо цхьана дийнахь: «Ва Ахьмад, вай дац ткъа бакъон тIехь, вайн мостагIий харцон тIехь а болуш?».
Жоп делира аса: «Дан-м ду и иштта!».
«Вай дац ткъа Делан аг1о лаьцна, цара лаьцнарг шайтIанан аг1о а йолуш?».
Жоп делира аса: «Дан-м ду и иштта!».
«Вай дац ткъа сийлалле а, дикалле а кхойкхуш, уьш сийсазлоне а, харцоне а кхойкхуш а болуш?».
Аса элира: «Дан-м ду и иштта!».
«Вай дац ткъа барт безаш а, зуламаш дар ца дезаш а, уьш ямартхой а, цIий Iанош берш а болуш?».
Аса элира: «Бакъду, бакъду!».
ТIаккха АллахIа вайна толам хIунда ца ло царна тIехь? Вай хIунда лаьтта техьа лаьхкина лелош а, хIусамашкара дохийна а, дойуш а, 1азапехь даллош а, талораш деш а, луьрачу набахтешкахь латтош а? Хьера валлал х1ума ду х1ара-м! Ма-дарра аьлча-м, ша шен вен мегаш делахьара, айса-сайна тоьхна велла дIаваллал боккха болх бу х1ара-м.
Бетах х1ума тухий, кхетамчуьра дохуш, оцу тоьхначу х1уманах метта дахкале - юха а бетах тухий карайойту-кха цара!
Овг1ан-махкара, оцу чохь 10 шарахь луьра та1зараш а, къиза 1азапаш а, талораш а дина, арабевлла г1азкхий. К1еззиг хан юкъайолале, юха 1америкахой чу а бахана, кхин а сов та1зарехь, 1азапехь даллош халкъ ду тахана овг1анаш.
Нохчийчу а баьхкина, оцу чохь къиза 1азапаш а латтийна, нохчех шайн набахтеш а юьзна, байъиначарех шайн декъий чудохку меттигаш (моргаш) а юьзна, арабевлла к1еззиг хан юкъайолале, юха а чубаьхкина г1азкхий. Хьалхачул къиза а, луьра а та1зараш, талораш деш, хьийзош бу цара маьрша нах - царна нийсо езар бен кхин бахьана доцуш.
Иракъехь къиза талораш а дина, байъарш а дина, «Яьссачу арахь дарц» («Буря в пустине») ц1е тиллина, шайн маршонах нах бохо 1алашо юьхьарлаьцна т1ом (операци) бина к1еззиг хан ялале, къизаллехь дукха къиза а, боьхаллехь т1ех боьха а 1азапаш эцна, юха а цига чубахана 1америкахой. Иракъера къам вуно ч1ог1а хьийзош ду цара, 1азапехь даллош ду, ц1ийлахь керчош маьрша адамаш ду, къизаллехь латтош бехк боцу нах бу.
Иштта д1а кхин а - Овг1ан-махкахь керстанаша динчу зуламашна тIера д1адоладелла Кашмирехь бусалба нахана арсаш хьекхаре кхаччалц, Х1индехь дIадохийначу бусалба нехан маьждигашна тIера д1адоладелла бусалба мехкашкахь лаьттачу лазамашка а, гIайгIанашка а кхаччалц...
Бусалба шахьаршкахь хIиттина баланаш, гIайгIанаш, бохамаш, ирс дайъарш, лазарш, тайп-тайпана луьра Iазапаш хьегар. Цул а сов, сийсаз дина цара вай, уьстагIашна санна, арсаш хьоькхуш, я царна чул а атта.
Боснехь, ХIарсакехь, Нохчийчохь, Иракъехь, Овг1ан-махкахь, Косовохь бусалбанашна хьоькхуш долу арсаш бахьана долуш, уьстаг1ийн долчул а сий дацаре даьлла-кха тахана бусалба нехан хьал.
Нохчийн къомана тIехь керстано хIоттийна Iазап: зуда, стаг, бер, нана, йо1, к1ант, йиша, ваша - гергар а, цагергар а доцуш, арсаш хьоькхуш, дIа а буьгий, тIепаз бойуш, вовшашна а гойтуш, къиза хьийзош, йоI йоьIараллех йохош, стаг стогаллех вохош... Цул сов хууш ма дац вайна хIинца хинйолу чов мичахьара схьахир ю а.
Бераш диссина байлахь, зударий биссина майранаш кхелхина, майранаш биссина зударий белла.
Вайн зудабераш ду мостагIийн берех шайн кийранаш а буьзна дIалелаш! И бер шайн кийрахь кхолла ца далийта, молханан буьртиг эца таро а йоцуш.
Бусалба умматан хьал маццалц лаьттар ду техьа кху тайпанара?!
Бусалба стаг Iуьйренга ваьлча, тIаьхьа велхош болчу бохаме бен, я вер-ваккхаран хабар хазаре бен - кхин сатуьйсийла йоцуш дIахIоьттина-кха тахана хьал.
«Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIи. Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIи».
Цул тIаьхьа вилхина дIавахара иза! Гуттар а чIагIделира цуьнан велхар, соьга а хьоьжуш, со шеца цхьаьна велхаре са а туьйсуш. Сайн кисанара мерах хьокху йовлакх цуьнга дIа а кховдийна, элира аса цуьнга:
«Халид!
لاتحزن إن الله معنا
«ГIайгIане ма хила, баккъалла а, АллахI вайца ву».
Бакъ долуш, АллахIера толам кхача герга бу хьуна вайна. ВаллахIи, АллахIера толам гергахь ма бу. Тахана бусалба нахана хуьлуш болу бохамаш - элчанан заманахь дин дIахIотто долийча хилла болу бохамаш бен ма бац, х1окху динан гIо а, толам а хилале хьалха хилла долу лазарш бен ма дац.
Динна хьалха халонаш хIуьттур ю, хьо цец ма валалахь. АллахIан некъ бу, оцу тIехь тоьлларг Аллах1 хиларан шеко яц.
ЛадогIахь цкъа х1окху кхаьънашка.
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
قال تعالى: (يُرِيدُونَ لِيُطْفِؤُا نُورَ الَّلهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَالَّلهُ مُتِمُّ نُورِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ * هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ, بِالْهُدَى وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ, عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ). الصف: 8-9
«Царна лаьа АллахIан серло дIаяйъа шайн багошца, (шаьш олучу дешнашца, холмачхо ву иза, поэт ву иза, пханар хьожуш ву иза бохуш долчу). Ткъа АллахI Шен серло 1алашйийр йолуш ву, керсташна и цадезахь а. Иза ву - Шен элча ваийтинарг, куьйгаллица а, бакъдолчу динца а, муьлххачу динал и уггар лакха далийта а, дукха деланаш болучарна (мушрикашна) и ца дезахь а» («ас-Саффу»: 8, 9).
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
قال تعالى: (وَلَقَدْ سَبَقَتْ كَلِمَتُنَا لِعِبَادِنَا الْمُرْسَلِينَ * إِنَّهُمْ لَهُمُ الْمَنْصُورُونَ * وَإِنَّ جُنْدَنَا لَهُمُ الْغَالِبُونَ). الصافات: 171-173
«Тхан (толам лур бу аьллачу) дашо хьалхе яккхина, Тхан лайшна, элчанашна. Ткъа, баккъалла а, уьш ма бу (керсташна тIехь) шайна гIо ден берш. Баккъалла а, Тхан эскар тоьлан дерг ма-ду» («ас-Саффат»: 171-173).
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
قال تعالى: (وَعَدَ الَّلهُ الَّذِينَ ءَامَنُواْ مِنْكُمْ وَعَمِلُواالصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي اْلأَرْضِ كَمَااسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَي لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِّنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لاَ يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا وَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَلِكَ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ). النور: 55.
«АллахIа ваIда йина, шух иман а диллина, дика Iамалш йиначарна лаьтта тIехь царех халифаш бан, царал хьалха хилларш халифаш бина ма-хиллара, церан дин а чIагIдийр ду царна, Ша царна хаьржина долу, кхерамаллин метта хийцина кхерамазалла лур ю. Цара Iибадат дийр ду Суна, Соьца цхьа хIума накъост ца тухуш. Цул тIаьхьа керста хилларг, ткъа уьш телхинарш (фасикъаш) бу» («ан-Нур»: 55).
Ткъа х1ара ва1да - сецна яьлла, сацам бина баьлла ваIда ю, гIо а, толам а хирг хиларца. ВаIда йина стигланийн а, лаьттанийн а паччахьалла Шен карахь долуш волчо. ВаIда йина, адамийн дегнаш а, хьекъалаш а, к1еснаш а, церан ницкъаш а, герзаш а, цара хIитто х1илланан гураш а Шен карахь долуш волчо, Шеца накъост а воцуш, Ша цхьаъ волчо.
Ткъа ян инкарло-м яц хьан оцу багарбинчу хаамашна?
Цул тIаьхьа хьайн бIаьрг цец ма бийлийта ахьа - оцу керстанан алсам хиларх а, цара бусалбанашна т1ехь 1азап дало бинчу кечамашна а. Хьо кхера а ма кхера церан герзах а, церан шаьш лелочу х1илланех болчу аьттонех а. Баккъ долуш, церан хIилла а, мекарло а, адаман б1аьргаца гуш мел йоккха хеталахь а, гIийла ю хьуна.
АллахIа, Лекха ву Иза, боху:
(إِنَّهُمْ يَكِيدُونَ كَيْدًا * وَأَكِيدُ كَيْدًا * فَمَهِّلِ الْكَافِرِونَ أَمْهِلْهُمْ رُوَيْدَا). الطارق: 15-16.
«Баккъалла а, х1илла дан ойла ю церан. Со а ву х1илла дан ойла йолуш. Ткъа хан лохьа керстанашна, лохьа царна кIеззиг хан» («ат-Т1арикъ»: 15- 16).
ХIаъ, бита ахьа уьш кIеззигчу ханна. Ткъа уьш кIеззиг битаран хан хила мега хьуна - шо, я ши шо, я итт шо, я ткъа шо, я б1е шо, я эзар шо... Амма, мел дукха делахь а шераш, яц хьуна и кIеззиг хан бен. Хьуна гарехь, уьш, цхьаьна а гулбелла, бертахь белахь а, бусалба нахана дуьхьал тIемаш дан. Амма, валлахIи, уьш вовшах латарна т1ебовллал, я латтал барт боха герга ма бу хьуна церан.
Сийлахь-воккхачу АллахIа боху:
...بَأْسُهُمْ بَيْنَهُمْ شَدِيدٌ‘ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّى...). الحشر: 14.
«Царна шайна юкъахь къиза мостаг1алла ду. Хьуна уьш бертахь хетало, амма церан дегнаш вовшех къаьстина ду» («ал-Хьашр»: 14).
ЛадогIахь цкъа юха а х1окху кхаьънашка:
عن تميم الداري رضي الله عنه قال: سمعت رسول الله صلى الله عليه وسلم يقول: ((ليبلغن هذا الأمر ما بلغ الليل والنهار‘ ولايترك الله بيت مدر ولاوبر إلاأدخله الله هذا الدين بعز عزيز‘ أوبذل ذليل: عزا يعزالله به الإسلام‘ وذلا يذل الله به الشرك )) أخرجه أحمد والحاكم‘ وصححه الألباني.
Тамим ад-Дарийс, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла:
«Суна хезна Делан элчано, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, олуш: «ХIара дин кхачанза диссане дуьсур ма дац, буьйса а, де а мел кхаьчначу. АллахIа дуьтур ма дац я лаьттах дина цIа, я т1арг1ах дина цIа, АллахIа х1ара дин цу чу кхачийна бен. Сийлахь верг сийлахь веш, сийсаз верг сийсаз веш. ГIора ду цуьнца, АллахIа ислам чIагIдийр долуш. Сийсазалло ю цуьнца, АллахIа цуьнца ширк сийсаз деш».
И хьадис далийна Ахьмада а, Хьакима а, «бакъ хьадис» ду а аьлла ал-Албанийс.
عن حذيفة بن يمان رضي الله عنه أن رسول الله صلى الله عليه وسلم قال:)( تكون النبوة فيكم ما شاءالله أن تكون ‘ ثم يرفعها الله إذا شاء أن يرفعها ‘ ثم تكون خلافة على منهاج النبوة ‘ فتكون ما شاء الله أن تكون ‘ ثو يرفعها الله إذاشاء أن يرفعها ‘ ثم تكون ملكا عاضا ‘ فيكون ماشاءالله أن يكون ‘ ثم يرفعها الله إذاشاء أن يرفعها ‘ ثم تكون ملكا جبريا ‘ فتكون ماشاء الله أن تكون ‘ ثم يرفعها الله إذاشاء أن يرفعها ‘ ثم تكون خلافة على منهاج النبوة )). أخرجه أحمد‘ وصححه العراقي ‘ والألباني.
Йамана кIанта Хьузайфата, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Шуна юкъахь пайхамаралла лаьттар ду, АллахIана латта лиъначул, цул тIаьхьа АллахIа иза дIаойъур ду, Шена и дIаайъа лиъча. Цул тIаьхьа халифат хир ю, пайхамарийн некъа тIехь, ткъа иза лаьттар ю АллахIана латта лиъначул, цул тIаьхьа Цо и дIаойъур ю, и дIаайъар Шена лиъча. Цул тIаьхьа зуламе паччахьалла хир ду, и лаьттар ду АллахIана латта лиъначул. Цул тIаьхьа АллахIа иза дIаойъур ду, Шена дIаайъа лиъначу хенахь, цул тIаьхьа ницкъаллин паччахьалла хир ду, и а лаьттар ду АллахIана латта лиъначул, цул тIаьхьа АллахIа иза дIаойъур ду, и дIаайъа Шена лиъча, цул тIаьхьа халифат хир ю, пайхамарийн некъа тIехь».
И дийцина Ахьмада, и бух болуш ду аьлла ал-Iиракъийс а, ал-Албанийс.
عن سعد بن أبي وقاص رضي الله عنه أن رسول الله صلى الله عليه وسلم قال: ((لاتزال طائفة من أمتي ظاهرين على الحق ‘ لايضرهم من خذلهم حتى يأتي أمر الله وهم كذلك )). رواه مسلم
СаIд бин Абу-Ваккъаса, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Сан умматах тоба лаьттар ю билггалчу бакъонна тIехь, царна зен дийр дац уьш тесна (гIо ца деш) битиначара, уьш оцу тIехь а болуш АллахIера болх (толам я кхалхар) баллалц».
И дийцина Муслима.
عن أبي بن كعب رضي الله عنه أن رسول الله صلى الله عليه وسلم قال: ((بشر هذه الأمة بالنساء‘ والنصر‘ والتمكين‘ ومن عمل منهم عمل الآخرة للدنيا : لم يكن له في الآخرة نصيب )). أخرجه أحمد ‘ والحاكم وصححه ووافقه الذهبي والألباني
КаIбан кIанта Убайс дийцина, АллахI реза хуьлда цунна, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
И хьадис дийцина Ахьмада, бух болуш ду аьлла Хьакима, аз-ЗахIабис, ал-Албанис.
Хьуна хаьий, вай жуьгташца тIом бийриг хилар - тахана вай, машар боьхуш, шайна тIаьхьатасаделла лелаш болчу, дехарийла а дахана, шайна тIаьхьадевлла лелаш болчу?!
Бусалба нехан т1ом хир бу жуьгташца, бакъ долуш, цара бойъур а бу уьш. Бусалба нахаца цхьаьна царна дуьхьал тIом бийр бу массо а хIумано - тIулго а, дитто а.
عن أبي هريرة رضي الله عنه أن رسول الله صلى الله عليه وسلم قال: ((لاتقوم الساعة حتى يقاتل المسلمون اليهود‘ فيقتلهم المسلمون‘ حتى يختبأ اليهودي من وراء الحجر والشجر فيقول الحجر أو الشجر: يامسلم! ياعبد الله!هذا يهودي خلفي فتعال فقتله‘ إلا الغرقد فإنه من شجر اليهود)). رواه البخاري ومسلم.
Абу-ХIурайрата, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Къематде хIуттур дац бусалба наха жуьгташца тIом баллалц, уьш бусалба наха байъалц а. Жуьгтий дIалечкъар бу тIулга а, дитта а тIехьа. ТIаккха тIулго а, дитто а эр ду: «ХIай бусалба стаг! ХIай АллахIан лай! Жуьгти ву хьуна, х1ара суна тIехьа верг. Схьа а волий, вехьа иза». ГIаркъад (дитт) доцучо, ткъа иза жуьгтийн дитт ду».
И хьадис дийцина Бухарис а, Муслима а.
Бусалба наха схьайоккхур йолуш ю жаIар охIланан (керста нехан) юкъара меттиг - Ватикан, уьш элий а хир бу цуьнан. Цара караерзор ю Рим а, Ислам динца олалла а дийр ду цара цунна тIехь, бусалба наха куьйгалла а дийр ду цуьнан, инша АллахI.
ЖаIаран охIла - керстанаш бу Косовохь бусалба нехан накхошна тIе арсашца жаIарш ехкинарш, цул хьалха - Боснехь а, кхечу а бусалба нехан мехкашкахь, тахана - Нохчийчохь а, Овг1ан-махкахь а, Иракъехь а.
Бусалба нехан кара ясакх схьалур ю цара, уьш сийсаз хилла а болуш, нагахь уьш Ислам дине ца берзахь.
عن عبد الله بن عمرو بن العاص رضي الله عنه قال: ((بينما نحن عند رسول الله صلى الله عليه وسلم نكتب‘ إذ سئل: أى المدينتين تفتح أولا:أقسطنطينية‘ أم رومية ؟ فقال: رسول الله صلى الله عليه وسلم: "مدينة هرقل تفتح أولا" يعني القسطنطينية)).أخرجه أحمد‘ والحاكم وصححه ووافقه الذهبي‘ والألباني.
Iас кIентан Iамра кIанта IабдуллахIа, АллахI реза хуьлда цунна, элира:
«Тхо АллахIан элчанна, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, уллохь язъеш а долуш, оцу хенахь цуьнга хаьттира: «Шина гIаланах хьалха муьлханиг йоккхур ю - Константинополь я Рим?». ТIаккха АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира: «Вай хьалха йоккхур ерг ХIиркъалан гIала ю» (иза Константинополь ю).
И дийцина Ахьмада а, Хьакима, цо иза бух болуш ду аьлла, цунна тIетайна ЗахIаби а, Албани а.
Кхин кхаьънаш ду, уьш доцурш а, царех ду х1орш...
Ислам дин адамийн кхолламца догIуш дин хилар а, и дин адам дуьненахь а, эхартахь а ирсе деш, юкъарча хилар а. Нахана кхерамазаллехь а, ирсехь а дахар тардалац Ислам доцчу динан IиндагIана бухахь.
Нуьцкъала олаллина к1ел сецор а, зуламаш а, лечкъораш а, байъарш а, цул сов доьзалш вовшахбахар а, синIаткъаман лазарш садийлар а - и дерриге а де мел дели совдуьйлуш лаьтта уггаре алсам кхиамаш а, хийцамаш а айбеллачу шахьарашкахь. Бахьана хIун ду цуьнан? Цуьнан бахьана цхьаъ ду: церан доьхна а, хийцина а долчу динаша церан дегнаш ирсе ца до эхартах уьш дIахIиттарца.
Масала, 1америка схьаэцча. 1997-чу шарахь тайп-тайпанара зуламаш дар шайн кара дирзиначеран дукхалла 8 миллион 43 эзар стаг вара. Царех 74 процент - шайгара уггаре даккхийра зуламаш дийлинарш бара. Къола дечарех хIора 1000 стагана юкъахь 199 стаг бен вац!
Юкъарчу барамехь айделлачу зуламийн шеран чот йича, и хилла 25 миллион 14 эзар зулам! Ягар йинчу исправкашца зударий битаран барам 60 процент хьалабаьлла! ХIора дийнахь 1900 йоI ядайо, царех 20 процент шайн дайшна-наношна хьалхара!
(ХIара хаамаш схьаэцна 1американ дукхаллин учотан юкъара).
ТIаккха, муха, х1ун хета шуна: иштта 1ар-дахаро юкъаралла, аьтто а, толам а луш, латтор ю моьтту шуна? Ма бакъ дац и
АллахIа, Лекха ву Иза, боху
فَلاَ تَعْجَلْ عَلَيْهِمْ إِنَّمَا نَعُدُّ لَهُمْ عَدًّ (. مريم: 84.
«Ткъа уьш х1алакбан Тхоьгара сихо ма леха, баккъалла, Тхо церан (денош, буьйсанаш, садеIарш) чот еш дагар деш ду (царна Iазап хин долчу хене кхаччалц т1аьхьатоттуш)» («Марьям»: 84).
Оцу кхаьънех ду х1орш а...
Де мел дели бусалба нехан мехкашкахь вайна гушдерг - нах дине берзар а, ШариIатан саготта хиларш алсам довлуш латтар а, цул сов бусалба йоцучу пачхьалкхашкахь Ислам дине берзарш сов даьлла хилар а ду.
Амма вайна тахана гуш долу бусалба нехан хьал - байъарш, хьийзор, хIусамашкара бохор, Iазапехь баллор, зуламаш дар, талораш дар, олалле берзо г1ертар ду. Ткъа и сурт тахана иштта хиларх, умматан хьал даима лаьттар дац оцу хьолехь. ХIан-хIа, де догIур ду Ислам тоьлуш, толам бац лаьмнашна т1ехьа, герггахь бу иза, инша Аллах1.
Коьрта дерг - толам схьа маца бог1ур бу алар дац. Коьрта хаадезарг - толам хирг хилар ду, шеко а йоцуш, тIеэгначу баланийн а, сингаттамийн а, халонийн а дуккхалле ца хьоьжуш.
Дала, Лекха ву Иза, боху:
وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَّصْرُ الْمُؤْمِنِينَ(. الروم: 47.
«Хьакъ ду Тхуна т1ехь - муъма нахана толам балар» («Рум»: 47).
Ширачу таьптарийн агIонаш ахьа дIалистича, яханчу заманашкахь бусалба наха Iаьвшинарг гур ма дара хьуна. Цаьрга кхаьчна баланаш, сингаттамаш, арсаш хьекхар, берийн месаш къежъялар. Амма бусалба наха шайн догIмийн хьесап дина, лелийначуьнан ойла а йина, тоба а дина. Уьш шайн Деле бирзича, АллахIа царна тIера дIаайбина бала, кхераман метта кхерамазалла елла, сийсазалло дIаяькххина, сий а айдина.
Бусалбанашна тIебиссинчу баланех цхьаъ 656-чу шарахь (бусалба нехан терахьан хьесапца) боьссина берг бу. Оцу шарахь массо а бусалба паччхьалкхашкахула баьржина г1езалой (татараш, монголаш), Халифатан корта хиллачу Баг1даде а кхаьчна уьш. Цунна го а лаьцна, цул тIаьхьа цара вийна бусалба нехан паччахь (халиф), х1аллакдина цуьнан эскар, хIаллакбина цунна гонахьара нах.
Баг1дад гIаличуьра ара ца бовлуш, шайн куьйга кIел мел вогIу стаг а, зуда а, бер а дуьйш лаьттина уьш шовзткъа дийнахь.
Хьуна хаьий, шовзткъа дийнахь цара маса бусалба адам дийна? Маса адамна арсаш хьаькхна, цхьамзанаш Iиттина, силам чу кхийсина?
ЛадогIа, шуна охьаяздо Имам ибну Касира шен историн жайнахь, цигахь цара хIоттийна дерриге хьал дуьйцуш. Цо боху:
«Уьш бахара Баг1дад чу, цара байъира шайн ницкъ мел кхочург а, шайн куьг т1е мел кхочург а. Стаг а, зуда а, бераш а, баккхий нах а, кегий нах а. Оцу къизачу хенахь наха лачкъа меттигаш лоьхура, уьш лочкъура даккхийрачу къаххаш, эрзаш юккъе, кхеллеш дIакхуьйсучу меттигашкахь а. Цу хьолехь лаьттира уьш шовзткъа дийнахь, гуча ца бовлуш. Дуккха а цхьаьна лечкъина нах шайна карийча, неI къевлина, и не1 каг а йой, я гонаха цIе а тосий, багабора. Нах хьовдара къайлабовла тхевнашна тIе, ткъа цара уьш а бойъура, Iенош ц1ий! Шовзткъа дийнахь цара дайъина синош - цхьа миллион барх1 бIе бусалба стаг, зуда, бер, воккха стаг, жима стаг дара!».
Ткъа АллахIа кхоьллина а, Цуьнга доьрзур долуш а ду-кха вай.
Стаг шен зудчуьнца а, берашца а, деца а, ненаца а схьа а кхойкхий, кешнийн керта а буьгий, массарна а арсаш хьоькхура, уьстагIашначул атта а хьокхуш. Оцу стеган йоьIарий а, шайна хазахетта болу зударий а, йийсаре бой, хьийзабора.
Шовзткъа де дIадаьлча, Баг1дад чуьра арабевлла г1езалой (татараш, монголаш), ирахь лаьтташ ягонза йитина цхьа а х1усам а йоцуш, некъаш тIехь охьатийсина байъиначийн декъий а долуш. ТIе догIа деана, церан хьожа кхетар а, талхар а чехкадаьлла, хIаваъ бехделла, оцу хьожанах даьллачу лазарех хIаллак хилла дуккха а Шемара халкъ, оцу лазарийн боьха хIаваъ цига дIа а кхаьчна.
Шовзткъа де даьлча, кешнашкара а, кхечу меттигашкара а лечкъиначуьра гучабийла бевлла нах, кешнашкара ден а белла баржийча санна. Вовшашна ца бевзачу хьоле бирзина Хилла уьш: дена кIант ца вевзаш, вешина ваша ца вевзаш... И хIоьттина къематде бIаьрга дайча, хьекъалх телхира бухабиссинарш а. Ткъа царех бухабиссинарш, ун а хьакхаделла, белира.
АллахI цхьаъ ву-кха, Шеца накъост а воцуш, Цуьнан ю исбаьхьа хаза цIераш.
Иштта боккхачу баланах АллахIа хьалха баьхна уьш, и бала тIера дIа а айбина царна. Бусалба нах шайн дине а бирзина, цул тIаьхьа шайн сийлалле а бирзина, шайн Делаца тоба а дина, Цуьнга бирзича.
Дала ша боху:
وَمَآ أَصَابَكُمْ مِّن مُّصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُوعَنْ كَثِيرٍ(. الشرى: 30.
«Шуьга боьссина бала - ткъа шун куьйгаша динарг бахьанехь ду, геч а до Цо дукханна» («Шура»: 30).
И бала царна боссар а, цул хьалха а, цул тIаьхьа а 1овжош эгна баланаш а, кху вайн замане кхаччалц хьийзина баланаш а - церан бахьана АллахI бусалба наха шайна оьгIаз вахийтар ду. Цуьнан бахьана дац Аллах1на керстанаша тоьлам баккха лаар.
Делахь а Дала боху:
...قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِأَنْفُسِكُمْ...( آل-عمران:165.
«...Ала, иза шуьгара шайггара ду» («ХIали-Iимран»: 165).
...إِنَّ الَّلهَ لاَ يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّى يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ...( الرعد:11
«Баккъалла, АллахIа къомера хьал хуьйцур дац, цара шайгара хьал нисдаллалц» («РаIд»: 11).
Хила мега хоттуш а, олуш а верг: т1ейогIучу хенахь Ислам динан хьал муха хир ду-техьа олий? МостагIий а хилча цунна дуьхьал цхьаьнакхетта? Цара шайн берриге ницкъ а хилча цунна дуьхьал баьккхина? Шайн Iазап а, шайн цIераш а, ницкъ а берриге бусалба нахана тIебоьттина хилча, къаьсттина Ислам дине кхойкхучарна а, и даржочу Iелим-нахана а?
Х1ун хир ду-техьа, ядеран бумбанаш мостагIчуьнан карахь хилча? Халкъ хIаллакден герз мостагIчуьнан карахь хилча, дерриге д1аьвше герз керстанан карахь хилча? Ткъа бусалбанаш, герз а доцуш, ницкъ а боцуш, хилча?
ХIара хаттар хоьттуш верг вицвелла-кха, бусалба нахана гIо деш верг АллахI хиларна, церан гIора а, ницкъ а Аллах1 хиларна:
قَاتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ الَّلهُ بِأَيْدِيكُمْ...( التوبة: 14.
«ТIом бе цаьрца, АллахIа Iазап лур ду царна шун куьйгашца» («Товбат»: 14).
Бусалба нах бахьана бен дац, амма АллахI ву Ша яздинарг церан куьйгашца чекх доккхуш а, кхочуш деш а:
فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَكِنَّ الَّلهَ قَتَلَهُمْ وَمَارَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَكِنَّ الَّلهَ رَمَى...( الأنفال: 17.
«Уьш байъинарш шу дац, уьш байъинарг АллахI ву. Кхоьссинарг ахьа кхоьссина яц, кхоьссинарг АллахI ву» («Анфал»: 17).
ХIай деган лазамца хоьттуш верг, вицвелла хьуна хьо, стигланашкахь а, лаьттанашкахь а мел дерг АллахIана тасбихь деш хиларх. Цунна тасбихь дечех ю хьуна церан бумбанаш а, герзаш а, набахтеш а.
ХIай деган 1ийжамца хоьттуш верг, вицвелла хьуна хьо, АллахIа Шена муьлхха а цхьа хIума хилар лиъча, оцу хIумане ала дезаш бен цахилар: «хила» боху дош - тIаккха иза хуьлу.
وَمَآ أَمْرُنَآ إِلاَّ وَاحِدَةٌ كَلَمْحِ بِالْبَصَرِ(. القمر: 50.
(«Бутт»: 50).
ХIара хаттар х1отториг вицвелла, и бусалба нехан мостагI оцу тайпанарчу аьттоне а, гIоране а кхаьчна хилар адамийн къинхьегамца, адамаша хьегначу къица, иза ишттанехьа вовшашка д1а-схьа луш къинхьегам бац. Царех терра бусалбанаш а ма бу, Iилманехь хьалхе яккха а, кхиам баккха а таронаш йолуш. Бусалбанаш а ма-бу дахаран хьолан агIо ч1аг1ъян таронаш йолуш, Ислам динан баххаш лар а деш.
Бусалба нехан аьтто бу тахана дуьненахь хиллачу а, баьхначу а кхиамашна тIера кхин дIа а кхиамаш баха. Хьо, саца а сецна, и бумбанаш а, герз а динчу хьекъалийн ойла ян воьлча, оцу юкъахь бусалба нехан хьекъалех пайда эцна хилар ца гуш вуьссур вац. ВаллахIи, вац-кха.
ХIара хоьттуш верг вицвелла, пайхамара а, цуьнан асхьабаша а толамаш баьхначу заманахь, Ислам толаме дирзинчу хенахь, царна дуьхьал къурайшаша а, жуьгташа а, мушрикаша а, Iаьрбоша а лелийна хIилланаш, мекарлонаш. Г1ажароша (персаша) а, румоша (римлянаша) а, жаIарийн охIлано (керстанаша) а бусалба нахана дина тIелатарш. Г1езалоша (татараша, монголоша) х1оттийна къематде...
Изза ду тахана дерг а, амма ницкъаш тайп-тайпанара а, бес-бесара а бу. Тахана Исламана дуьхьалонаш еш берш, Ислам динна дуьхьала къуйсуш берш - жаIаран охIла а, жуьгтий а, сионисташ а, коммунисташ а, мушрикаш а, мунепикъаш а, зуламхой а, иштта кхиберш а бу.
Сийлахь волчу Дала боху:
كَتَبَ الَّلهُ َلأَغْلِبَنَّ أَنَاْ وَرَسُلِى إِنَّ الَّلهَ قَوِيٌ عَزِيزٌ(. المجادلة: 21.
«АллахIа т1едожийна: «Толам билггал Аса а, Сан элчанаша а боккхур бу!» Баккъалла, АллахI - Доллучунна ницкъ кхочуш, Нуьцкъала ву» («Лер»: 21).
Шен дашехь Бакъ волчу АллахIа боху:
وَقُلْ لِّلَّذِينَ لاَيُؤْمِنُونَ اعْمَلُوا عَلَى مَكَانَتِكُمْ إِنَّا عَامِلُونَ * وَانْتَظِرُواإِنَّا مُنْتَظِرُونَ * وَ لِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَاْلأَرْضِ وَإِلَيْهِ يُرْجَعُ اْلأَمْرُ كُلُّهُ, فَاعْبُدْهُ وَتَوَكَّلْ عَلَيْهِ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ(. هود: 123
«Ала, АллахI цхьаъ цавечаьрга, шай аьтто берриг де, Оха дийр ду. Хьоьжуш а Iе шу, Тхо 1ийра ду хьоьжуш. АллахIан ду стигланашкахь а, лаьттахь а къайлах дерг, Цуьнга боьрзур бу берриге болх. Ткъа Iибадат де Цунна, тIе а товжа Цунна, хьан Дела вац аша дечунна терго йоцуш» («ХIуд»: 123).
Амма вайна и толам хилийтархьама, ларбанза ца бовлуш бехкаманаш бу.
Хьалхарниг: Сийлахь-воккха волчу вайн Делаца долу хьал тодар. Цуьнах коьртаниг - даггара АллахI цхьаъ вар а, дог ц1енна Цунна т1едерзор а, дерриге ширкан дакъойх дIацIандалар а ду. Масала: АллахI воцчуьнга кхайкхар я АллахI воцчуьнга орца дехар, кешнаш даздар, царна тIехь зих1арташ дар, АллахI воцчуьнца дуйнаш баар - уьш доцчу а кхин мел долчу ширках дIацIандалар.
ШолгIаниг: АллахIаца вайн юкъаметтиг чIагIъяр. Оцу т1аьхь хьалха дан дезарг - пхи ламаз дарна тIехь безам сов баккхар а, вай ницкъ ма-кхоччу суннат-ламазаш дар а, зуькар дар а, Къур1ан дешар сов даккхар а ду.
КхоалгIаниг: вай вешан догIмийн хьесап дар, вайна тIе бала хIунда боьссина техьа аьлла ойла яр. Вайна АллахIа гIо муха дийр ду, вай Цунна Iеса хуьлуш хилча вайн лергашца а, вайн бIаьргашца а аьлла? Цул тIаьхьа, вайн доьзал Исламан баххашна тIехь кхиийний вай? Царна ламаз Iамийний вай? Царна Къур1ан Iамийний вай? Вайн зударийн догIмаш дIахьулдиний вай?
Сийлахьчу АллахIа боху:
أَوَ لَمَّآ أَصَابَتْكُمْ مُّصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِّثْلَيْهَاقُلْتُمْ أَنَّي هَذَا قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ...( آل-عمران:165
«Шуьга бохам кхаьчначу хенахь (шух кхузткъе итт Ухьудехь кхалхарца), шаьш царна цул шозза сов бохам биннашехь (Бадрахь церан кхузткъе итт верца а, кхузткъе итт йийсар варца а), аша элира: «Мичара хили вайна хIара (хIара сийсазалла, вай бусалба доллушехь а, вайна юкъахь элча воллушехь а)? Ала цаьрга: «Иза шу догIмашкара ду! (шайга ларъяр тIедиллина меттиг аша дIахецарна сийсаз хилла шу)» («Али Iимран»: 165).
БоьалгIаниг: вайх хIораммо а шен ницкъ кхоччург дар - даьхница а, дегIаца а, ойланца а, диканиг даржош а, берриге бусалбанаш дине кхойкхуш а. Вайна оцу тIехь мел хала делахь а, вайн оцу тIехь мел дукха ницкъ дIабалахь а, хан а, даьхний а дIадалахь а. Ткъа, баккъалла а, и къеззиг бен дац дин айдаран а, и толоран а новкъахь.
Хьовсийша! Юха а дикка хьовсийша! Исламан мостагIаша мел дукха ницкъаш а, даьхний а, хьелаш а, хенаш а, къинхьегамаш а дIало бусалба нах нийсонах тилорхьамма а, дакъаз бахархьамма а, хьал чолхе дарца уьш хьере беш а, къа даржош а: дерзина суьрташ тIехь долу таьптарш, цIармат мел дерг схьагойту тилвизар. Я дуьххьал дIабечу кхайкхамашца а, Ислам а дитина, жаIарийн дин тIелацаре кхойкхуш болчу.
ВаллахIи, Делаца чIагIо ма йо аса, керста наха шайн керстаналла чIагIдан луш болчу ницкъах а, даьхнех а, Ислам дин толо, вай цара лучух аххалц мукъане а луш делахьара, дуьненчуьра хьал нислур ма дара, къепе доьрзур ма дара, низам х1уттур ма дара. ВаллахIи, дар-кха.
يَالَيْتَ قَوْمِى يَعْلَمُونَ
«Сан къам делир-кха хууш».
ПхоьалгIаниг: толаме хьежар мел деха дахлахь а, и мел лан безаш хилахь а, йиш яц и хирг хиларх дог дилла.
Хьаббаба, Дела реза хуьлда цунна, элира:
«Со веара Делан элчанна т1е, АллахIера къинхетам а маршо а хуьлда цунна, иза шен обанах бинчу гIайбанна тIетевжина а волуш, хьаьж-цIийнан IиндагIехь, баккъалла, тхуна мушрикашкара хало кхаьчнера, аса дийхира цуьнга: «ХIай Делан элча, доIа ца до ахьа вайна АллахIе?». ТIаккха шен юьхь а цIийъелла, охьа а хиъна, цо элира: «Шул хьалха хиллачарна аьчкан ахкарш тIехьоькхура даьIахкана тIекхаччалц (дилха охьа доккхуш), цо шен динах воха ца вора иза, коьртан юккъе херх х1оттабой, ши дакъа деш хилла, цо а вохош ца хилла иза шен динах. АллахIа хIара болх (дин) кхочуш бийр бу, говрахь верг СанIаэра Хьадрамовте воьдуш, АллахIах бен кхера цхьа х1ума а доцуш».
ЯлхалгIаниг: нехан дегнаш чу диллар - кху динах тешар а, и тоьлург хиларна т1е ойланаш ерзор а, царна юккъехь толам хирг хилар гойту аяташ д1адаржор а, иштта хьадисаш а, и чIагIдеш исторехь хилла а, бусалба наха баьхна а толамаш бовзийтар а.
Ворх1алгIаниг: вайна тIехь декхар ду - ла ца дегIар иман гIийла долчу нахе а, шайн мостагIашна куьйгаш айдиначаьрга а, цаьрга шайна тIехь олалла дар дIаделлачаьрга а, цара шайна тIехь куьйгалла дарна реза хиллачеран къамелашка а, АллахIан къинхетамах а, Цуьнгара толаме а дог диллина болучеран къамелашка а.
Дала боху, церан хьал дуьйцуш:
وَإِذْ يَقُولُ اْلمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَّرَضٌ مَّاوَعَدَنَاالَّلهُ و!رَسُولُهُ إِلاَّ غُرُورًا(. الأحزاب: 12.
«Мунепикъаша а, шайн дегнашкахь цамгар йолучара а элира: «АллахIа а, Цуьнан элчано а вайн йина ваIда Iехор бен дац» («Ахьзаб»: I2).
ХIара ду и мунепикъийн хьал - ерриге хенашкахь а, заманашкахь а, меттигашкахь а, амма иман диллиначара эриг х1ара ду:
وَلَمَّارَأَى اْلمُؤْمِنِونَ اْلأَحْزَابَ قَالُوا هَذَا مَا وَعَدَنَاالَّلهُ وَرَسُولُهُ, وَصَدَقَ الَّلهُ وَرَسُولُهُ, وَمَازَادَهُمْ إِلآَّ إِيمَانًا وَتَسْلِيمًا(. الأحزاب: 22.
«Муъмин нахана тобанаш гиначу хенахь цара элира: «ХIара ду-кха, АллахIа а, Цуьнан элчано а вайна ваIда йинарг. Бакъдерг дуьйцу АллахIа а, Цуьнан элчано а!». Иманехь, муьтIахь хиларехь бен сов ца бехира цо уьш» («Ахьзаб»: 22).
АллахIе доьху вай Шен динна гIодар, бусалба нахана толам балар, Шен дош лакха даккхар. Амин!

