Хьалхара
хут1ба
Ислам динехь цхьа дешнаш ду: шен даггара уьш аьллачунна,
цара т1едоьхучуьнца 1амал йиначунна, цуьнца 1алашо Аллах1 резавар а йолуш,
ялсамани чу г1ур ву иза, хьесап доцуш, 1азап доцуш, барт хаттар доцуш.
(لا إله إلا لله) – «Кхин дела вац Аллах1 бен» боху
дешнаш ду уьш. Уггаре дикачарех дешнаш ду уьш, уггаре езачарех 1амал ю уьш,
иманан дакъошха уггаре лакхара дакъа ду уьш.
Баккъалла а, и дешнаш аьлларг динера уггаре лакхарчу дикалле
хьалакхаьчна ву. Маттехула уьш алар тоам болуш дац - Ислам дина чу вала а, я
Ислам динехь латта а. Цул совнаха, ваджиб ду бусалба стаг хилар, цуьнан маь1на хууш а, цо т1ехьоьхучуьнца 1амал еш а.
Цо т1ехьоьхург а, цо важиб
дийриг а - иза: ширк т1е цаэцар а, цхьаъ хилар Аллах1ана т1еч1аг1дар а, цо
чулаьцнарг а, цо т1ехьоьхург а нийса хиларх дог тешна а долуш.
Бусалба стаг даггара хила веза шен иманехь, шен 1акъидатехь,
Аллах1ана муьт1ахь а волуш – хьукмехь, омрехь, шар1ехь, къадарехь.
Бусалба стеган бакъо яц шен хьашташ далхо Аллах1е бен, я шен г1айг1анаш а, баланаш а д1аайдар
деха а Цуьнга бен.
«Нагахь Аллах1 хьоьха зеца хьакхалахь, цуьнах
хьалхаваккха (я к1елхьараваккха) аьтто хир бац, И воцучуьнан. Нагахь И хьоьха
диканца хьакхалахь, дерригенна ницкъ кхочуш ма вай И» («ал-Ан1ам»:
17).
Цуьнга деккъа цхьа до1а дар а ду доккха 1ибадат, уггаре
дезачу 1ибадатех долуш.
Элчано, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
"ليس شيء أكرم على الله من الدعاء"
«Аллах1ана гергахь до1анал сийлахь х1умма а дац».
Ибн
1аббаса, Аллах1 реза хуьлда цунна, боху:
يقول
ابن عباس رضي الله عنه: ((أفضل العبادة الدعاء))’
«Уггаре дезах 1ибадат - до1а ду».
Бала
т1екхозабеллачо Шега дехча - луш ву Сийлахь верг, Шегара г1о лехнарг – ларвеш
ву Сийлахь верг.
يقول رسول الله صلى الله عليه وسلم لإبن عباس رضي الله
عنه: ((إذا سألت فاسأل الله’ وإذا استعنت فاستعن بالله’ واعلم أن الأمة لو اجتمعت
على أن ينفعوك بشيء لم ينفعوك إلا بشيء قد كتبه الله لك’ وإن اجتمعوا على أن يضروك
بشيء لم يضروك إلا بشيء قد كتبه الله عليك)) رواه البخاري.
Элчано,
Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху ибн 1аббасе, Аллах1 реза
хуьлда цунна:
«Айхьа
дехахь - Аллах1ера деха. Айхьа г1о лахахь - Аллах1ера лаха. Хьуна хаийла,
дерриг халкъ цхьаьнакхетта гулделча, хьуна цхьа пайда бан, цара хьуна бийр бац хьуна
Аллах1а хьуна язбина болу пайда бен. Уьш гулбелла цхьаьнакхетча, хьуна цхьа зен
дан, цара хьуна дийр дац хьуна Аллах1а хьуна хила яздина долу зен бен».
Бухарис
дийцина и.
Эхье
ма лара хьайн Деле дехар, мел к1еззиг г1уллакх и далахь а.
Пайхамара,
Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху:
يقول النبي صلى الله عليه وسلم: ((سلوا الله كل شيء حتى الشسع إذا انقطع’
فإنه إن لم ييسره الله لم يتيسر)) رواه أبو يعلى.
«Массо х1ума деха Аллах1е, нагахь хаьддехь чимчарг1а а,
х1унда аьлча, Аллах1а и атта ца дахь, атта хир дац и».
Абу
Я1лас дийцна и.
Амма
велларг а, воцург а - шена пайда бар а, я шена зен дар а шен карахь долуш вац,
кхечунна пайда бар-м муххале а. Велларг шена кхечо дечу до1ане хьашт ву.
Пайхамара вайга омра ма-дарра: вай кешнашка дахча царна къинхетам беха, царна
до1а а де, аьлла. Цаьрга орца деха ца аьлла цо вайга.
Лекха,
Сийлахь вайн Дела Шен хазаран а, гаран а куьцаш долуш ву. Цуьнан Делалла емал дар а, Цуьнан Олаллин ларам цабар а ду - ахьа
Цунний, хьайний юккъехь до1анехь а, дехарехь а юкъарчаш бар, х1ара дешнаш
аьлларг И воллушехь а:
غافر: 60.(لكم أستجب ادعوني)
«Соьга
деха, Аса жоп лур ду шуна» («1афир»: 60).
«Ихлас» дош дохочух ду - Аллах1 воцчуьнан дуьхьа ц1ий
1анадар:
الأنعام:162-163.(قل إن صلاتى ونسكى ومحياى ومماتى لله رب العالمين. لا
شريك له وبذلك أمرت وأنا أول المسلمين)
«Ала: баккъалла, сан ламаз а, г1урба дер а, сан
дахар а, сан валар а – Аллах1ан дуьхьа ду, 1аламийн Дела волчу, Шеца накъост
воцуш. И суна т1едиллина, со муьт1ахьчарех (я бусалбанех) хьалхарниг а ву» («ал-Ан1ам»:
162-163).
Хьажи ц1енна гонаха го боккхуш т1аваф* дар а, хьажи ц1ийнан
Далла хьаставалар а, муьт1ахь хилар а шена чулаьцна долуш доккха 1ибадат ду.(*вуьшта
аьлча хьажи ценна го тасар ду.)
الحج: 29. (وليطوفوا بالبيت العتيق)
«Го тосийла цара ширачу Ц1енна гонаха» («ал-Хьаж»:
29).
Аллах1ан ц1а доцучу кхечу ц1еношна, къуббанашна а, кешнашна
а, гонаха т1аваф дар - ялсамане вахарх воккхучу бахьанех ду.
Хьашт хилла ехкинчу меттигашкахь Аллах1ан ц1арах дуй баар -
1аламийн Дела ларар а, И вазвар а ду. И воцчуьнан ц1арах дуй баар - Кхоьллиначуьнан
аг1о цаларар ду. Цундела пайхамара, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, боху:
((من حلف بغير الله فقد كفر أو أشرك))
«Аллах1
воцучух дуй биъначо керстаналла дина, я ширк дина».
Тирмизис дийцина и.
Нагахь цхьамма, б1аьрг ца хилийта, я шена цхьа пайда
т1ебаийта аьлла, лагжайнаш а, х1айкалш а оьхкинехь… Дала хаьржина ваийтинчу пайхамара,
Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, до1а дина, цо лоьхург кхочуш ма хилийта
Ахьа, цо лехначунна дуьхьал дерг хилийта Ахьа аьлла.
Пайхамара, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
боху:
«Шен коча х1айкал оьллиначунна, Аллах1а кхочуш ма
хуьлийтийла цунна цо лоьхург».
Абу Давудас дийцина и.
Пайхамар, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
бай1ат т1е ца оьцуш, вухаваьлла оьхкина х1айкалш а, жайнаш а долучаьргара.
Жух1ани тайпанах волчу 1укъбат бин 1амира дуьйцу:
«Пайхамарна, Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна, т1е цхьа тоба еара, царех иссан бай1ат т1е а эцна, цхьаьнгара т1е
ца оьцуш сацийра цо, цара элира: «Х1ай Аллах1ван элча, иссанца бай1ат ди ахь,
х1окху цхьаьнца ца ди ахьа». Цо аьлла: «إن عليه تميمة» - «Х1айкал
ду цунна т1ехь». Шен куьг цунна т1е
кховдийна, оззийна хада а дина, цул т1аьхьа бай1ат а дина, цо аьлла: «من علق تميمة فقد أشرك» - «Шена
т1е х1айкал оьллиначо ширк дина»».
(Ахьмад, ал-Хьаким).
Баланаш, бохамаш, г1айг1анаш т1еяьхкича, Ша Цхьаъ волчуьнга
товжа хьо, дика жоп лург ву хьуна И.
Нагахь муьлххачо Шен са а, дег1 а Аллах1ах д1ах1оттахь, шен
хьашташ Цуьнга кховдийнехь, Цуьнга вирзинехь, шен болх Цунна т1ебиллинехь - цо
мел дехначунна тоаме а, кхачаме а ву И. Хала мел дерг атта дийр ду Цо цунна.
Амма нагахь муьлхха цхьаъ И воцчух д1ах1отталахь, кхечуьнан
1илманах а, хьекъалех а, х1айкалех а синпарг1ато яхь, кхечуьнан г1оранна а,
ницкъанна а иза т1е товжахь - ша т1етевжиначунна вуьтур ву иза Аллах1а, сийсаз
а вийр ву Цо иза.
«Тайсирул-1азизил-хьамид» жайнахь аьлла:
«Х1ара хууш ду Къур1анан аяташха а, хьадисашха а
зеделлачаьргахула».
Дин дохочу ж1евнеха* ду - бозбуунчалла а, х1илланаш а
лелочарна т1еэхар, хиндерг хаьа бохучарна а, пал туьйсучарна а т1еэхар. (*иза
дин дохо етташ йолу ж1ов ю.)
Сийлахь-везачу Аллах1а боху:
102: البقرة (وما يعلمان من أحد حتى يقولا إنما نحن فتنة فلا تنكفر)
«Амма
цхьаьнненна а ца хьоьхура цара (шина малеко)‚ цуьнга
аланза: «Баккъалла а, тхо зер ду (нах зен дахкийтина ду), керстаналла ма
дехьа»» («Бакъарат»: 102).
Хьадисехь ду:
رواه النسائي.«من أتى عرافا أو كاهنا فصدقه بما يقول فقد
كفر بما أنزل على محمد»
«(1аррафанна) я (Ках1инна) т1евахана, т1аккха цо (хьехначух) аьллачух иза тешахь, цо керстаналла дина Мухьаммадана, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, т1едоссийначуьнца».
Бозбуунчашка дехнарг милла велахь а,
кхечарна мекарло яр, ша араяьккхинчу мекарлонан бала цуьнга шегга юхабоьрзур бу. Лекха волчо аьлла:
فاطر: 43. «ولا يحيق المكر السيئ إلا
بأهله»
«Вон мекарлонаша го ца лоцу (я дода
ца доьду) вониг лелочух бен» («Фат1ир»: 43).
Бода боданца буха ца туху, зулам зуламца духа ца туху. Бозбуунчаллин
1аьржалла юха туху Къур1анан нуьрца, цуьнах террачу 1аьржаллица ца туху и юха:
الإسراء:82.(وننزل من القرآن ما هو شفاء ورحمة للمؤمنين)
«Къур1анан чохь доуьйту Оха дарба а, муъма нахана
къинхетам а» («Исраъ»: 82).
Х1ай бусулба стаг, ларъе хьайн 1акъидат - хьан долахь долчу
х1уманех уггаре мехале х1ума ду хьуна и, ахьа т1аьхьалонна д1адуьллучух уггаре
сийлахь дерг ду хьуна и. Ширко д1адойъу кхолламехь чудиллина нур - дакъазлонан
а, мостаг1 т1етасаран а бахьана ду хьуна и.
أعوذ
بالله من الشيطان الرجيم
(فاستمسك
بالذي أوحي إليك إنك على صراط مستقيم. وإنه
لذكر لك ولقومك وسوف تسئلون) الزخرف:
43-44.
«Хьайга доссийнарг хьалаца.
Баккъалла, нийсачу новкъа т1ехь ву хьо. Иза – дагадаийтар ду хьуна а, хьан къоманна а, барт хоттур болуш а бу
шуьга» («аз-Зухруф»: 43-44).
Аллах1а беркат дойла суна а,
шуна а Сийлахь долчу Къур1анехь…
Шолг1а
хут1ба
Хастам бу Аллах1ана - Цо динчу
диканна, шукар ду Цунна - Цо тофикъ* даларна.(*вуьшта аьлча кхетам бохучу
маь1нехь ду.)
Тоьшалла до аса кхин дела
цахиларца, Аллах1 воцург, Ша цхьаъ Волу, Шеца накъост а воцуш.
Тоьшалла до аса Мухьаммад
хиларца Цуьнан лай а, Цуьнан элча а. Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.
Цул т1аьхьа…
Х1ай бусалба нах! Шолг1а рукна,
шина шах1адатал т1аьхьа йолу - ламаз ду. Уггаре хьалха лайн хьесап ден дерг ду
и къематдийнахь. К1адонаш ма е бусалба нахаца цхьаьна жама1атехь ламаз дарна.
Мало яр ма тола де 1аламийн
Далла муьт1ахь хиларалла а. Аллах1а и лардиначарна кечдинчу даккхийрачу даларех
д1а ма хада. Лайн шен Делаца йолчу уьйран бараме хьаьжжина д1аделлало цунна
диканаш.
Къинойх а, г1алатех а ларло -
Далла муьт1ахь хиларш даздийр хьуна цара.
Аллах1ан дине кхайкхарехь -
Аллах1ан динна ларам бар а, ч1аг1дар а, сий дар а ду. Пайхамаршна а, элчанашна
а т1аьхьавазар ду. Аларех уггаре хазниг а, сийлахь дерг а ду и.
Лазар талла ахьа, цунна дог1уш
долу дарба а дилла ахьа. Айхьа дине кхойкхучийн хьал довза, царна оьшург а хаа.
Нехан сингаттам хьайна т1еэца, хьайн сингаттамаш нехан белшаш т1е ма дахка.
Сов даккха ахьа тоба дар а,
гечдар дехар а. Чаккхе дика хиларца ду хьуна маь1на, юьхьиг эшна хиларца дац
хьуна. Хьоьгара диканиг къобалдина хиларан билгало – вон т1аьхьа диканиг дазор
ду хьуна.
Къатадата, Аллах1а къинхетам бойла цуьнах, боху:
يقول قتادة – رحمه الله -: ((إن هذا القرآن يدل على دائكم ودوائكم’ فأما
داؤكم فالذنوب’ وأما دواؤكم فالإستغفار)).
«Баккъалла а, х1окху Къур1ано гойту шун лазар а, шун дарба а, ткъа шун лазар - къинош ду шуна, шун дарба - гечдар дехар ду шуна».
Ялсаманешна чудахаран бахьана ду и, ницкъ сов баларан
бахьана ду и, бала бухатохаран бахьана ду и.
Абу ал-Минх1ала боху:
يقول أبو المنهال – رحمه الله -: ((ما جاور
عبد في قبره من جار أحب من الاستغفار)).
«Стагана шен кошахь, лулахь сов дукха дезар
долуш цхьа х1ума ма дац гечдар дехарал а».
Цул т1аьхьа диц ма дойла аша Аллах1а шайга дина омра: Шен
пайхамарна къинхетам а, маршо а еха, аьлла…

