Тхан
цхьа а хьашт ма дита Ахьа кхочуш данза а, атта данза, х1ай т1ех Къинхетаме
верг.
Аса
тоьшалла до: Аллах1 Ша цхьаъ воцург кхин дела цахиларца, цуьнца цхьа а накъост
а воцуш. Ткъа цхьаъ ву И - Шена дуьхьал цхьа а воцуш.
Беркате хьал
долуш ву И, Шен кхечо цхьаммо кхочуш дан хьашт а доцуш.
Ницкъ
болуш ву И лаьтта т1ехь а, стигланашкахь а, цхьаммо г1орасиз ца веш.
Дохон
дерг вац Цуьнан хьукма. Таллам бен берг
вац Цуьнан кхиэлана а, омрина а.
Шел
хьалха хилла кхин х1уммаъ доцуш, Хьалхарниг ву И. Шена т1аьхьа х1уммаъ дуьссур
доцуш Т1аьхьарниг ву И.
Шена т1ехула
кхин цхьа х1уммаъ доцуш, Лекханиг ву И. Дерриге х1уманна ницкъ кхочуш ву И.
Паччахьаллин
а, олаллин да ву И. Сийлаллин а, нуьцкъаллин а да ву И.
Мел кхоьллинчу
х1уманна делла д1адалар т1едожийнарг ву И. Ша цкъа а лийр воцуш, дийна вуьсун
верг ву И.
Тоьшалла
до аса: вайн эла Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца, шен халкъах Цо
хаьржинарг а, Цуьнан доттаг1 а хиларца.
Шена
т1едиллина элчаналла кхочуш динарг ву иза. Аманат халкъе д1адовзийнарг ву иза.
Уммат
декъал хиндолу хьехарш динарг ву иза. Цуьнгахула Аллах1ан г1айг1а д1аяьккхинарг
ву иза.
Шен Далла
1амал йинарг ву иза. 1ожаллица дог1учу малеко шега кхайккхалц цуьнан некъа
т1ехь джих1ад динарг ву иза.
Ша дине
кхойкхучара шена жоп даллалц, шен дехачу деношкахь а, буьйсанашкахь а 1овжочу
къохцалгашна т1ехула когаш бохуш вахнарг ву иза.
Х1илланийн
а, мекарлонийн а алунан г1орзолгашна т1ехула когаш дохуш, шен дерриге дахар
д1адаьхьнарг ву иза.
Нийсачу
некъах тилларш, а хьере хилла хьийзарш а нисбан некъ лоьхуш, къахьегнарг ву иза.
Гамвелларг
нисвина цо. Сингаттаме хиллачуьнан деган там бина цо. Кхерамехь верг кхерамазалле
ваьккхина цо. Бакъонан серло яржийна цо.
Диканан
а, иманан а Дела цхьаъ варан нур даржийна цо, дийнан делккъехь даьржина маьлхан
нур санна.
Сийлахь
Дела! Пайхамаршна церан умматаш бахьанехь Айхьа бинчу бекхамех угаре диканиг
бекхам бехьа цуьнах. Элчано да1ват дар а, элчаналла кхайкхор а бахьанехь Айхьа
цунна динчу диканех тоьлла долу дика а дехьа цунна.
Сийлахь-Веза
Дела! Къинхетам а, маршо а ехьа цуьнах. Беркат сов даккхахь цуьнан, цуьнан
доьзалшна а, цуьнан асхьабашна а, цунна безначарна а, цунна т1аьхьа баьзначарна
а, цо еанчу нийсонца нис мел веллачунна а, цуьнан Суннатана т1аьхьа ваьзначунна
а, къематде даллалц цуьнан ларраш т1ехь д1а мел ваханчунна а.
Хьехаман ц1е ю - «Пайхамаран кхалхар»
Вайн
пайхамар Мухьаммад ву. Берриге пайхамарийн имам ву иза.
Халкъанна
юкъара Дала хаьржинарг а ву иза. Делах кхийриначеран имам а ву иза. Пайхамарех
т1аьххьарниг а ву иза. Элчанийн эла а ву иза.
Ламаз
дуьззина эцар бахьанехь эхартахь шайн яххьаш а, куьйгаш а, когаш а къегина
хиндолчарна хьалха ваьлла хинверг а ву иза.
Къематдийнахь
доккхачу шапа1атан да хинверг а ву иза. Эхартарчу хастаме меттиган да а ву иза.
Хьовд татолан да а ву иза.
Аллах1а
шен дог ц1андинарг ву иза. Ша хьехор Аллах1а даржинарг ву иза.
Шен
дерриге къинойх Аллах1а ц1анвинарг а ву иза. Аллах1а ша дерриге х1уманахь хастийнарг
а ву иза.
Цуьнан
хьекъал хастийна Дала:
(ما ضل صاحبكم وما غوى) سورة النجم: الآية 2
«Шун пайхмар тилла ма вац,
я нийсачу некъах воьхна а ма вац».
Бакъ луьйриг
ву аьлла, ц1е яккхарца хастийна иза Дала:
(وما ينطق عن الهوى) سورة النجم: الآية 3.
«Цо ца олу шена
хеттарг».
Цуьнан
1илманца хастийна иза Дала:
(علمه شديد القوى ) سورة
النجم: الآية 5.
«Ницкъаш ч1ог1а болчо
1амийна иза».
Цуьнан
дог хастийна Дала:
(ما كذب الفؤاد ما رأى) سورة النجم:
الآية 11
«Цуьнан дог шена гинчу
х1уманехь аьшпаш боьттина дац».
Цунан
б1аьрса хастийна Дала:
(ما زاغ البصر وما طغى ) سورة النجم: الآية 17.
«Цуьнан б1аьрг тилла ма
бац я вониг деш ма бац».
Цуьнан
дог хастийна Дала:
(ألم نشرح لك صدرك) سورة
الشرح: الآية 1.
«Оха хьан дог схьа ца диллина?».
Иза
хьехор лакхадаькхина Дала:
«Хьо хьехор даздина
оха».
Верриге
хастийна иза Дала:
(وإنك لعلى خلق عظيم) سورة القلم:
الآية 4.
«Боккъалла, даккхийра
г1иллакхаш долуш ву хьо».
Пайхамарийн
имам ву иза. Аллах1ана везнарг а ву иза. Аллах1ан доттаг1 а ву иза. Аллах1ана
гергахь дерриге халкъах уггаре сийлахь верг а ву иза.
Ша цхьаъ
бен кхин дела воцчу Аллах1ах ч1аг1о ма йо вайн Аллах1а шен халкъах Мухьаммадал
шена сов везарг кхоьллина ма вац, аьлла.
Х1ай
бусалба нах! Аллах1а цхьа а пайхамар ваийтина ма вац, оцу пайхамаре ч1аг1о
яйтиний бен, и дийна волуш Мухьаммад пайхамар велахь, цуьнца иман а дуьллур ду,
цунна т1аьхьа а возур ву, аьлла. Вайн Дала «Али 1имран» сурат чохь боху:
(وإذ أخذ الله ميثاق النبيين لَمَا آتيتكم من كتاب وحكمة ثم جائكم رسول مصدق لما معكم لتؤمنن به‘ ولتنصرنه‘ قال أأقررتم وأخذتم على ذلكم إصري‘ قالوا أقررنا‘ قال فاشهدوا وأنا معكم من الشاهدين) سورة آل عمران: الآية 81.
«Аллах1а пайхамарашкара ч1аг1ам (барт)
эцна: «Аса шуна жайна а, хьекъал а делча… т1аккха шуьга элча ваг1ахь, шуьгахь
дерг бакъдеш, аша цуьнга иман дилла а деза, цунна г1о дан а деза». Цо аьлла:
«Къобалдой аша, схьа а оьций аша оцу бехкамашна т1ехь сан мохь?». Цара аьлла:
«Къобалдо оха». Цо аьлла: «Тоьшалла де аша, Со а ву шуьцанний цхьана тешах»».
Аллах1а ваийтина цхьа а пайхамар ма вац, Делан элча
Мухьаммад ваг1ахь, цуьнга иман дуьллур ду аьлла, цуьнгара ч1аг1о эцний бен, оцу
пайхамарна т1е дужуш бен Мухьаммаде иман диллар а, цунна г1одар а, цунна т1аьхьа
вазар а.
Имам Муслима а, имам Тирмизис а, Ахьмада а дийцинчу
Абу-Х1урайратан (Аллах1 реза хуьлда цуна) хьадисехь ду, пайхамара (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
((فضلت على الأنبياء بست: أوتيت جوامع الكلم‘ ونصرت بالرعب)).
«Кхиболчу
пайхамарел ялх х1ума а дела, сов ваьккхина со: чулацаме дешнаш делла суна,
керстанна кхерам тасарца г1о а дина суна».
Бухарис дийцинчу хьадисехь ду:
ونصرت بالرعب مسيرة الشهر‘ وأحلت لي الغنائم‘ وجعلت لي الاأرض طهارا ومسجدا‘ وأرسلت إلى الناس كافة‘ وختم بي النبيين)).))
«Баттахь бечу
некъана генахь воллушехь (сан мостаг1чунна) кхерам
тасарца г1о дина суна, х1онсаш хьанал йина суна, дерриге латта ц1ена а, сужуд
дан мегаш а дина суна, дерриге халкъашка ваийтна со, пайхамарех т1аьххьарниг
вина сох».
Бухарис а, Муслима а дийцинчу Абу-Х1урайратан (Аллах1
реза хуьлда цунна) хьадисехь ду, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира аьлла:
((مثلي ومثل أنبياء قبلي كمثل رجل بنى بنيانا فأحسنه وأجمله إلا موضع لبنة من زاوية من زواياه‘ فجعل الناس يطوفون به‘ ويعجبون له‘ ويقولون هلا وضعت هذه اللبنة لتم لهذا البنيان كماله وجماله وجلاله‘ يقول صلى الله عليه وسلم: فأنا اللبنة وأنا خاتم النبيين)).
««Сан а, соьл хьалха баьхкинчу а пайхамарийн масал
г1ишло йинчу стагах тера ду, и г1ишло хаза а, товш а йина волчу, цуьнан
маь1игехь цхьа кибарчиг йиллал меттиг боцург, т1аккха наха цунна гонаш туьйсуш,
цуьнан хазаллех тамаш а беш, шаьш ала а олуш: «И кибарчиг т1ейиллина елахьара, оцу
г1ишлон кхачаме хилар а, хазалла а, исбаьхьалла а кхочуш хир яр-кха». Пайхамара
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа со ю и кибарчиг,
пайхамарех т1аьххьарниг а ву со»».
Имам Муслима,
имам Абу-Давуда, имам Ахьмада дийцинчу Абу-Х1урайратан (Аллах1 реза хуьлда
цунна) хьадисехь ду, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла:
((أنا سيد ولدِ آدم يوم القيامة‘ وأنا أول من ينشق عنه الأرض‘ وأنا أول شافع ومُشَفَّعٍ)).
«Къематан дийнахь
Адам (пайхамаран) т1аьхьенан эла
хир ву со, дуьххьара сайн каш схьадоьллун дерг ву со, дуьххьара шапа1ат дийр дерг а, сайна кхечарна шапа1ат дан бакъо
лун ерг а ву со».
Х1ай Аллах1ан лаьш! Оцу дийнахь Мухьаммад пайхамаран (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) г1айг1а а, сингаттам а совбер бу, дерриге халкъана
сагатдеш. Цул сов, Аллах1ан пайхамарашна а, Делан элчанашна а г1айг1ане хир ву
иза.
Малх кортошна улле балийна хир бу, цуьнан йовхоно кортош
а кхехкош. Дала лардойла вай цуьнан йовхо 1овшарах.
Жоьжаг1ати махьшар майдан т1е
схьайалор ю, тесна кхузт1къе итт эзар дирста а йолуш, х1ора дирста кхузт1къе
итт эзар малеко кара лаьцна сецош, юха ийзош а йолуш.
Муслима дийцинчу 1абдулла бин Мас1удан хьадисехь дийцина
ма-хиллара, оцу жоьжаг1атин халкъаш гича, узар дийр ду цо. Дорцан уг1арца 1аьхар
ю и, Аллах1 шайна оьг1аз вахийтинчарна оьг1аз яхана.
Халкъашна оцу куьцехь и гича, х1ун хир долуш хета хьуна? Дала
кхоьллинчу халкъах цхьаьнне шен когаш т1ех1отта ницкъ кхочур бац. Когаш чуьра
дерриге са д1адаьлла хир ду. Когаш лехна хир ду. Дерриге адам голаш т1е доьжна
1аш хир ду.
(و تري كل امة جاثية) سورة جاثية الآية 28
«Оцу дийнахь х1ора адам голашка доьжна гур ду хьуна».
Оцу кхераме халчу дийнахь, оцу 1азапечу дийнахь Аллах1а
кхоьллинчу халкъанна а, цуьнан лайшна а г1айг1а а, бала а, сингаттам а совбер
бу. Т1аккха эра ду наха вовшашка:
«Вайгахь долу
инзаре, хьере дина хьал ца го шуна? Вайга кхаьчна 1адош болу бала ца го шуна? Деле
вайна шапа1ат деха стаг вуй х1унда ца хьовсу шу?».
Т1аккха адамаш пайхамарна т1е хьовдур ду, Бухарис а,
Муслима а, Ахьмада а дийцинчу Абу-Х1урайратан хьадис т1ехь ма-аллара:
«Наха вовшашка эра ду: «Вайгахь дерг ца го шуна, вайга кхаьчнарг ца го
шуна, Деле шапа1ат дан цхьа а вуй х1унда ца хьовсу вай?». Т1аккха Адам
пайхамарна (Делера маршо хуьлда цунна) т1е а баьхкина, эра ду цара: «Ва
Адам, адамаллин да ма вара хьо, Аллах1а шен шина куьйгаца кхоьллина а, Цо хьайна чу са кхоьллина а ма вара хьо, шен малекашка
хьайна сужуд дайтина ма вара хьо. Вайгахь дерг ца го хьуна, вайга кхаьчнарг ца
го хьуна? Хьайн Деле тхуна шапа1ат дан бакъо ялар дехахь». Т1аккха Адама (Делера
маршо хуьлда цунна) эра ду: «Сан Дела тахана оьг1аз вахана ву, оццул ч1ог1а
оьг1аз х1окхул хьалха цкъа вахана а воцуш, оццул ч1ог1а оьг1аз кхул т1аьхьа
цкъа ваххане г1ур а воцуш. Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волчу
сайн Далла 1еса хилла со, со 1еса хилар бахьана долуш, ялсамани чуьра а экхийна
со. Ва сан дег1! Ва сан дег1! Ва сан дег1! Муха к1елхьара доккхур-техьа хьо! Дуьло
кхечунна т1ег1о, Нухь пайхмарна т1ег1о». Т1аккха Нухь пайхмарна (Делера
маршо хуьлда цунна) т1е а баьхкина, эра ду цара: «Ва Нухь! Хьо Аллах1а
лаьтта т1е бахкийтинчу элчанех дуьххьарниг ма вара, хьайн Далла шукар дукха деш
верг ву аьлла, Аллах1а хьайна ц1е тиллина а ма вара, хьайн Деле тхуна шапа1ат
дайтар дехахь. Вайгахь дерг ца го хьуна, вайга кхаьчнарг ца го хьуна?». Т1аккха
эра ду Нухьас (Делера маршо хуьлда цунна): «Сан Дела тахана оьг1аз вахана
ву, оццул ч1ог1а оьг1аз х1окхул хьалха цкъа вахана а воцуш, оццул чьог1а оьг1аз
кхул т1аьхьа цкъа ваххане г1ур а воцуш. Кхин цхьа х1ума ду, Дала жоп лур долуш
до1а дар, сан и до1а дуьненахь сайн къомана дина аса. Ва сан дег1! Ва сан дег1!
Ва сан дег1! Муха къелхьара доккхур-техьа хьо! Дуьло кхечунна т1ег1о, Делан
доттаг1 волчу Ибрах1имна т1ег1о». Т1аккха Ибрах1имна (Делера маршо хуьлда
цуна) т1е а баьхкина, эра ду цара: «Ва Ибрах1им! Хьо Аллах1ан доттаг1 ма вара,
хьо Аллах1ан элча ма вара. Вайгахь дерг ца го хьуна, вайга кхаьчнарг ца го
хьуна?». Т1аккха Ибрах1има (Делера маршо хуьлда цуна) эра ду: «Сан Дела
тахана оьг1аз вахана ву, оццул ч1ог1а оьг1аз х1оккхул хьалха цкъа вахана а
воцуш, оццул ч1ог1а оьг1аз кхул т1аьхьа цкъа ваххане г1ур а воцуш». Цул т1аьхьа
ша дуьненахь аьлла болу кхоъ аьшпаш хьахор бу цо, т1аккха эра ду цо: «Ва сан
дег1! Ва сан дег1! Ва сан дег1! Муха к1елхьара доккхур-техьа хьо! Кхечунна
т1ег1о, Муса пайхамарна т1ег1о». Мусана (Делера маршо хуьлда цунна) т1е а
баьхкина, эра ду цара: «Ва Муса, хьо Аллах1ан дерриге халкъана юкъара шен
хаамаш а, къамелаш а д1акхайкхо хаьржинарг ма вара. Вайгахь дерг ца го хьуна,
вайга кхаьчнарг ца го хьуна? Хьайн Деле тхуна шапа1ат дан бакъо ялар дехахь». Т1аккха
Мусас (Делера маршо хуьлда цунна) эра ду: «Сан Дела тахана оьг1аз вахана ву,
оццул ч1ог1а оьг1аз х1окхул хьалха цкъа вахна а воцуш, оццул ч1ог1а оьг1аз кхул
т1аьхьа цкъа ваххане г1ур а воцуш. Аса сайга ве аьлла омра дина доцуш волу стаг
вийна. Ва сан дег1! Ва сан дег1! Ва сан дег1! Муха к1елхьара доккхур-техьа хьо!
Кхечунна т1ег1о, 1исана т1ег1о». Т1аккха 1исана (Делера маршо хуьлда цунна)
т1е а баьхкина, эра ду цара: «Аллах1а хьайна чу са кхоьллина ма вара хьо, Цо
Мареме «Кун» аьлча, дашах хилла Цуьнан дош ма дара хьо. Вайгахь дерг ца го
хьуна, вайга кхаьчнарг ца го хьуна? Хьайн Деле тхуна шапа1ат дан бакъо ялар
дехахь». Т1аккха 1исас (Делера маршо хуьлда цунна), кхин цхьа х1ума а ца
хьахош, эра ду: «Ва сан дег1! Ва сан дег1! Ва сан дег1! Муха к1елхьара доккхур-техьа
хьо! Кхечунна т1ег1о, Мухьаммадана т1ег1о». Далла дукхавезначу Мухьаммада
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: «Цул т1аьхьа махьшар
майданахь суна т1е бог1ур бу уьш, суна т1ебог1ур бу уьш х1ора элчано, пайхамара
«Сан дег1!» бохуш мохь аьллачу хенахь». Элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) дийцина: «Суна т1е а баьхкина, эра ду цара: «Ва Аллах1ан элча,
хьо пайхамарех т1аьххьарниг ма вара, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха
а волчу Аллах1ан элча ма вара, Аллах1а берриге пайхамарашна т1ехь вазвина
кхоьллина а ма вара хьо, хьайл хьалха хиллачу а, т1аьхьа хиндолчу а къиношна
гечдина ма вара хьо. Ва Делан элча, вайгахь дерг ца го хьуна, вайга кхаьчнарг
ца го хьуна? Хьайн Деле тхуна шапа1ат дан бакъо ялар дехахь». Далла дукха
везначо (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: «Хьала а г1аьттина
эра ду аса: «Х1аъ, аса дийр ду и, аса дийр ду и». Т1аккха Делан 1аршана к1ел
вог1ур ву со, доллучуна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волчу Аллах1ана сужуде
г1ур ву со. Циггахь Аллах1ана хастам баран дешнаш а, ша исбаьхьа хаза хестор а
дага тосур ду суна, соьл хьалха цхьаьнне дага тесна а доцу. Т1аккха мохь тухур
бу доллучуна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волчу Аллах1е. Цо эра ду: «Х1ай
Мухьаммад! Хьала айбе хьайн корта, деззарг деха - лур ду хьуна, шапа1ат дайтар
а деха - шапа1ат а дойтур ду хьоьга». Т1аккха Далла дукъавезначо эра ду: «Сан
Дела! Соьх шапа1атан да вийр ву аьлла, ва1да ма йинера Ахьа, сайн халкъана
шапа1ат дайтахь соьга». Т1аккха
доллучуна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волчу Аллах1а эра ду: «Хьала айъало,
шуна юкъахь кхиэл яр доладо Аса»».
Ма бакъ а, нийса а боху-кха Аллах1а:
(وما أرسلناك إلا
رحمة للعالمين)
«Оха хьо 1аламашха къинхетам беш вахийтина».
Оцу махьшар майданахь пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) доккха шапа1ат дийр ду, шапа1ат дийр ду цо махьшарахь лаьттачу
дерриге халкъан. И доккха шапа1ат - доллучуна ницкъ кхочуш, Сийлахь-Воккха
волчу Аллах1е шен халкъана а, шен лаьшна а юкъахь кхиэл яр дехар ду.
Аллах1ана везнарг ву иза. Аллах1ан доттаг1 ву иза. Доллучуна
ницкъ кхочуш, Сийлахь-Воккха волчу Аллах1ана гергахь халкъах уггаре везаниг ву
иза.
Далла дукха везна волу Мухьаммад нийсо яржош хьийзина,
шена т1е х1ара сурат доссалц. Дика ладог1алаш, х1ай Аллах1ан лаьш, шайн лергаш,
дегнаш схьа а деллий:
(إذا جاء نصر الله والفتح. ورأيت الناس يدخلون فى دين الله أفواجا. فسبح بحمد ربك واستغفره إنه كان توابا).
«Аллах1ан г1о а, толам а беъча. Хьуна нах
тобанашкахь Аллах1ан дине бог1уш гича. Ткъа тасбихь де ахьа, хьайн Далла хастам
беш, Цуьнга гечдар а деха ахьа, Иза тоба
къобал деш ву».
Т1абаранис дийцина Джабир бин 1абдуллах1ан хьадис,
Джабирас элира аьлла. Х1ара сурат пайхамарна (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) т1е доьссинчу хенахь (пайхамара) Жабраиле (Делера маршо хуьлда цунна)
аьлла:
««Х1ай Жабраил, х1окху суратца сайн 1ожалла т1екхаьчна
хиларца хаам бина го-кха суна». Жабраила аьлла: ( (والآخرة خير لك من الأولى - «Эхартахь г1олехь ду хьуна
дуьненал»».
Бакъ долуш, пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) х1ижрат динчу цхьайтталг1ачу шарахь, раби1ул аввал беттан юьххьехь,
пайхамар ша могаш цахилар а, ч1ог1а шен коьртера лазар а далхо воьлла. Цо
дуьххьара и лазарш далхо долор Бакъи1 ал-Г1аркъад олучу метте ваханчу хенахь
дуьйнна хилла, хьадисехь билгалдина ма-хиллара.
Ибн Исхьакъа а, «Т1абакъат» жайнахь ибн Са1дас а, ибн
Журайрас а, ибн Касирас а, имам Ахьмада а, абу Давуда а, уьш боцчара кхечара а дийцина,
Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лай волчуьра маьрша
ваьккхинчу Абу-Мувайх1иба дийцинчу хьадисехь. Абу-Мувайх1иба дийцина:
«Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буьйсанна
вахийтинера со, цо элира соьга: «Х1ай Абу-Мувайх1иб, сан Дала соьга омра
дина х1окху Бакъи1 кешнашкахь болчарна гечдар деха аьлла, соьцанний волахьа». Абу-Мувайх1иба боху: «Делан элчанца (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) вахара со. Оцу кешнашна юккъе ша д1ах1оьттича, Бакъи1 кешнашкарчу
ох1лане салам а делла, элира цо:
(السلام عليكم يا أهل
المقابر هنيئا لكم ما أصبحتم فيه مما أصبح
الناس فيه‘ أقبلت الفتن كقطع الليل المظلم‘ يتبع آخرها أولها‘ وآخرها أشر من
أولها)
- «Делера маршо хуьлда шуна, х1ай кешнийн ох1ла, шу кхаьчна йолу
меттиг тамехь (аьхна) хуьлда шун, питанаш
т1ехьаьлхина-кха, 1аьржачу
буьйсанна
боданаш
санна,
т1аьхьарниш хьалхарчарна т1етт1а т1еоьхуш, царех т1аьхьарниш
хьалхарчарел
вон а долуш».
Абу-Мувайх1иба дуьйцу: «Т1аккха, соьга а хьаьжна, элира цо: «Абу-Мувайх1иб, суна харжам белла-кха: я дуьненан хазнийн
дог1анаш
а, и мел лаьтта
оцу чохь вахар а, цул т1аьхьа ялсамане кхачар, я х1инцца
сайн Далла
дуьхьал
а вахана
ялсамане кхачар.
Хьайна деззарг харжа боху соьга». Т1аккха Абу-Мувайх1иба аьлла: «Ва
Делан элча! Дуьненан
хазнийн дог1анаш
а, и мел лаьтта оцу чохь вахар а, цул т1аьхьа
ялсамане
кхачар харжахьа». Т1акха элира цо: «Х1ан-х1а,
Валлах1и, х1ай Абу-Мувайх1иб, аса сайн Далла дуьхьал вахар хаьржина». Абу-Мувайх1иба дуьйцу: «Т1аккха, оцу Бакъи1 кешнийн ох1лана гечдар а дехна,
1айшатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усаме вирзира иза. 1айшат карийра цунна
бохуш 1аш: «Сан корта, сан корта, ва Делан элча, ма ч1ог1а лазар ду-кха сан коьртехь».
Т1аккха пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен сий долу
корта схьа а лаьцна, элира: «Со ма ву, Валлах1и, 1айшат, сайн корта лозуш,
ма ч1ог1а корта лозу-кха сан». 1айшат (Аллах1 реза хуьлда цунна), шен лозу
корта а бицбелла, пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
лазарш тедан до1анаш деша йоьлла».
Бухарин
«Сахьихь» жайнахь дийцина 1айшатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) хьадис, цо аьлла:
((كان رسول الله صلى الله عليه وسلم
إذا إشتكي نفث على نفسه بالمعوذات فمسح بها على جسده‘ فلما إشتكي فى مرضه الذي
توفي فيه طفقتُ الأنفث على نفسه بالمعوذات ومسح بيده الشريف على جسده)).
«Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена лазар деъча, (му1аввазаташ)
доьший, шена т1е мох тухуш, шен куьг дег1ана т1е хьокхуш вара. Цуьнах
д1акхелхина долу лазар деъча, аса туьйхира, (му1аввазаташ) доьшуш, цунна
т1е мох, цуьнан сий долу куьг цуьнан дег1ана т1е а хьаькхира».
Малика дийцинчу дийцарехь ду:
((رجاء بركة يد رسول الله صلى الله عليه وسلم))
«Аллах1ан элчанан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) куьйгера беркат даларе
сатесна».
Муслимас
дийцинчу хьадисехь ду:
((لأن يده أعظم بركةَ من يدي))
«Цуьнан куьг сан куьйгал беркат
доккха долуш долун дела».
Т1аккха
пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ара а ваьлла, шен зударийн
х1усамаш чухула готесна, Маймунатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усаме кхаьчча,
лазар ч1аг1делира.
Т1аккха
шен зударий схьа а гулбина, цаьргара пурба даьккхина цо, шена дарба 1айшатан
х1усамехь дайта, цуьнан х1усамнанойх уггаре дукха езнарг а хилла иза. Цара
массара а пурба делла цунна шена дарба 1айшатан х1усамехь дайта.
Далла
дукхавезнарг 1айшатан х1усаме вухавеара, лазаран ч1аг1аллина ван ца луш,
1аббасана, 1елина т1е а тийжаш. Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) 1айшатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усаме д1акхечира, лазар ч1ог1а
ч1аг1делла а долуш.
Асхьабаш
кхерабелла, уьш г1айг1ане, а сингаттаме а хилла. Берриге нах ч1ог1а синтем байна
хьийзаш хилла. Делан элчанна (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа
х1ума хиларна кхерабелла хьийзаш хилла шаболу нах. Цаьргахь лаьтташ долу синтем
байна хьал шена хиъча, Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) аьлла:
«Варх1 кит (бурдюк) хи т1едотта суна».
Бухарис
далийнчу 1айшатан хьадисехь дуьйцуш ма-хиллара:
«Оха иза теса чу охьахаийра, пайхамаран
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчуьнан Хьафсатин хилла долчу.
Схьа а эцна, цунна т1е хи дотта а дуьйлира тхо. Шен куьйгаца хичаш йина, элира
цо: (قد فعلتن
قد فعلتن .) - «Доьтти аша, доьтти аша».
Ибн Исхьакъас
дийцинчу хьадисехь ду:
«Цаьрга юх-юха элира цо: حسبكم حسبكم الكفا - «Тоьар ду шуна, кхачам бу шуна» аьлла. Хи т1едоьтича, пайхамарна
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен дег1 х1айтъаьлла хилар а,
кадехилар а хааделира. Т1аккха шен корта д1а а бихкина, асхьабаш (Аллах1 реза
хуьлда царна) болчу аравелира иза, уьш Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) цомгаш хиларна ч1ог1а кхерабелла а, г1айг1ане хилла а, синтем
байна, а цуьнах шаьш къастадезарх кхерабелла а болуш. Уьш болчу пайхамар
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чу а ваьлла, минбар т1е хьалаваьлча,
берриге асхьабаш гобина т1егулбелла Делан элчанна (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна). Хьала а ваьлла, царна хьехам бина цо. Хьехам д1аболош Аллах1ана
ша хастам биначул т1аьхьа, шена салават диллинчул т1аьхьа, Ухьуд г1азотехь д1акхелхиначарна
гечдар а, царах къинхетам бар а дехначул т1аьхьа (царна гечдар, царах къинхетам
бар дехар дуккха а дина цо, царна до1а а дина цо доккха), цул т1аьхьа цо аьлла:
«Х1ай нах! Сан 1ожаллин хан герга еъна, со шуна т1ехь теш ву, сан а, шун а
вовшах кхетан йолу меттиг ялсамани чуьра Хьовд татол ду, х1окху со лаьттачу
меттера гуш ду-кха суна и». Цул т1аьхьа аьлла цо: «Х1ай нах! Аллах1а шен
лайх цхьана лайга харжам кховдийна: хьайна дезахь дуьне харжа, хьайна дезахь
Аллах1ана гергахь дерг харжа аьлла, цу лайно Аллах1ана гергахь дерг хаьржина». Цо аьлларг хезча, велха воьлла Абу-Бакар
Сиддикъ (Аллах1 реза хуьлда цуунна), велхаран аз ч1ог1а даьлла цуьнан. Хиъна
хилла цунна шега харжам кховдийнарг Аллах1ан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) вуйла, шен шиъэ куьг Делан элчананна (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) т1е хьала а кховдийна, аьлла цо: «Тхан хьоме Делан элча, хьан дуьхьа тхайн дай д1абала кийча ду-кха тхо,
хьан дуьхьа тхайн наной д1абала кийча ду-кха тхо, хьан дуьхьа тхайн бахамаш
д1абала кийча ду-кха тхо, хьан дуьхьа тхайн дог1маш д1адала кийча ду-кха тхо,
ва Делан элча». Х1окху воккхачу стага Абу-Бакара (Аллах1 реза хуьлда цунна)
лелочух цецбевлла хьийзачу асхьабаша, цунна т1е а гулбелла, элира: «Элча (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къамел деш ву, шена дуьне я эхарт къастаде
аьлла харжам белча, Аллах1ана гергахь дерг хаьржинчу цхьана лайнах лаьцна, ткъа
х1ара воккхастаг стенна воьлху?». Амма асхьабех Абу-Бакарна (Аллах1 реза хуьлда
цунна) уггаре дика вевзаш хилла Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна), и харжам шега кховдийнарг Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) хилар хиъна хилла цунна. Цундела, нах шена т1е а х1уьттуш,
воьлхуш хилла Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда цунна). Делан Элчано (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Меллаш велха, Абу-Бакар! Х1ай
нах, суна асхьабалла дарца уггаре къадвелларг а, шен даьхний ца кхоийнарг а
Абу-Бакар ву, шух муьлххачунна г1он дакъа лаьцна Оха, совг1ат а дина, Абу-Бакар
воцчунна, цуьнан г1одар а, совг1ат дар Сийлахь-Везачу Аллах1ана дитина вай. Делан
лайх айса цхьаъ доттаг1 лоцург велахьара, Абу-Бакар доттаг1 лоцур вара аса,
делахь а, тхойшинна юкъахь вежаралла а, асхьабалла а ду. Х1ай нах! Маьждиг чу
йовлуш йолу д1ара не1арш гой шуна? Тахана дуьйнна ерриге д1акъовла уьш, Абу-Бакаран
не1 йоцург»».
Цул
т1аьхьа цаьрга шен б1аьрг тухуш хьаьжна иза, хьадисашкахь дийцина ма-хиллара. Баззарас
дийцина:
«Цаьрга хьаьжира иза, цаьрга
хьаьжча, ша а вилхира иза, асхьабаш а (Аллах1 реза хуьлда царна) билхина. Цаьрга
аьлира цо: «Аллах1а г1о дина шун, Аллах1а рицкъа делла шуна, Аллах1а ч1аг1дина
шу, аса Аллах1ан 1азапах ларло боху шуьга, со шуна вочух шу лардеш билггала
хьехамча ву». Цул т1аьхьа цо элира: «Соьгара салам-маршалла д1ало таханлерчу
дийнера къематан де кхаччалц сан дин лелош, суна т1аьхьа ваьзначу массаьрга а».
- «Хьуна а хуьлда, х1ай Аллах1ан элча, салам-маршалла». Цул т1аьхьа, мела ладар
а хилла, билхина д1абахара пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) асхьабаш (Аллх1 реза хуьлда царна). Элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) шен х1усаме вухавахаара, 1аббасана, 1елина (Дела реза хуьлда цунна)
т1е а тевжина. 1айшатан (Дела реза хуьлда цунна) х1усаме кхечира иза, лазар ч1аг1делла
цуьнан, цамгар совъяьлла цуьнан, дагар алсам даьлла цуьнан».
1айшата
(Дела реза хуьлда цунна) дуьйцу, Бухарин «Сахьихь» жайнин хьадисехь дийцина
ма-хиллара:
«1абдулла бин Мас1уд веара, ша
чуваьлча пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дагар ч1аг1луш
а, совдолуш а карийна цунна. Цо хаьттина: «Х1ай Делан элча, ма ч1ог1а цомгаш го-кха
суна хьо». Т1аккха Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъ дукха и, 1абдуллах1, шух шиъ стаг цомгаш ма-хиллара, ч1ог1а цомгаш
хуьлу-кха со». 1абдуллах1ас хаьттина: «Х1ай Делан элча, хьуна шозза сов ял
хуьлуш дуй и?». Цо аьлла: «Ду, 1абдуллах1. Цхьа бусалба стаг ма вац шена
цхьа зен кхеташ, цунна 1отталуш ба1 бен бацахь, и бахьанехь цунна т1ера Аллах1а
къинош д1адохуш бен, дитта т1ера г1аш охьаэгарх терра».
1айшата
(Аллах1 реза хуьлда цунна) дуьйцу. Аллах1ан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна), цуьнан некхана т1етевжийна 1аш а волуш, Бухарис дийцинчу хьадисехь
хьахийна ма-хиллара:
«1айшата аьлла: «Иза лечу хенахь со охьахиира, Аллах1ан элчанан
корта сайн некхана т1е а товжийна. Т1аккха шен карахь сивак а йолуш, чувелира
1абдур-Рохьман бин Абу-Бакр. Иза чуваьллачу хенахь элча гира суна цуьнга хьоьжуш,
цуьнан сивак езаш хилар а хиира сунна. Т1аккха элира аса: «Х1ай Аллах1ан элча,
сивак схьа эций аса хьуна?». Шен коьртаца «Х1аъ» аьлла, хичаш йира цо». 1айшата
дуьйцу: «Цуьнгара сивак схьаийцира аса,
и сивак къад а йина, цергех хьакха томе а ерзийна, т1аккха Аллах1ан элчане
д1акховдийра аса и. И сивак хьаькхира цо, ч1ог1а хаза а хьокхуш. Т1аккха
цуьнгара сивак схьа а эцна, айса а хьаькхира аса и. Цуьнан дуьненахь диссинчу
денойх т1аьххьарчу дийнахь а, эхартан денойх дуьххьарчу дийнахь а Аллах1а цхьаьна
туьйхира цуьнан а, сан а багара т1уналла, иза пайхамаран туйнах т1аьххьарниг
дара»».
Лазар
ч1аг1делира цуьнан. Пайхамаран йо1 Пет1амат аз-Зах1раъ (Аллах1 реза хуьлда
цунна) чуелира. Делан элчанна (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ч1ог1а
дукха езаш хилла иза. Нахах уггаре цуьнах тераниг а хилла иза. Иза валар шена
уггаре дазделларг а хилла иза. Цуьнан йижарий Делан элча (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) кхалхале хьалха берриге кхелхина хилла.
Пет1амат
аз-Зах1раъ (Аллах1 реза хуьлда цунна), пайхамар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) могаш а волуш, иза волчу еъча, цунна хьалаг1оттуш хилла пайхмар
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цуьнан шина б1аьргана юккъе барт
а боккхий, ша хиъна 1ачу метте охьа хаош а хилла цо иза.
Амма
Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тахана шен дег1ехь
хьалаг1атта г1ора долуш вац. Ша чуяьлча, ч1ог1а ч1аг1деллачу лазаран балано
хьийзош шена иза карийча, цуьнна т1е а кхетта, берташ а дохуш, дог1анан
хьесапехь б1аьргара хиш охьа а уьдуш, елха х1оьттина иза, мохь а олуш:
«Х1ай сан да! Хьоьгахь
йолу хало! Хьоьгахь болу бала!».
Пайхамара
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга элира:
«Х1ай, Пет1амат! Таханчул т1аьхьа
хало хир яц хьуна хьан дена, таханчул т1аьхьа бала хир бац хьуна хьан дена».
Т1аккха
пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан лергана улле а таь1на,
къайллах цхьа х1ума элира. Йилхина д1аяхара Пет1амат (Аллах1 реза хуьлда
цунна).
Шена
уллера иза д1аяьлча, схьакхайкхина, юха цуьнан лере а таь1на, къайллах цхьа
х1ума элира цо. Т1аккха ела х1оьттира иза.
Дуьххьара
елхар а, шолг1а елар а х1ун дара аьлла, шега хаьттича, цо элира:
«Дуьххьара лере таь1ча цо соьга
элира: «Оцу лазарх валар хир ду шен» аьлла. Т1аккха йилхира со. Шолг1а
лере таь1ча: «Шен гергарчу нахах уггаре хьалха шена т1аьхьа йог1ун ерг хьо
ю-кха» аьлла, элира цо. Т1аккха цуьнах кхаъ а хилла, елаелира со»».
Кхечу
хьадисехь дуьйцу:
««Х1ай Пет1амат, Жабраил малек
х1ора шарахь цкъа, Къур1ан диц ца далийта, карла даккха дог1ура суна, х1окху
шарахь шозза деана иза суна. Сайн 1ожалла гергаяр бен кхин бахьана ца го суна
цуьнгахь, х1ай Пет1амат». Т1аккха йилхина д1аяхара
Пет1амат (Аллах1 реза хуьлда цунна). Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) аьлла цуьнга: «Х1ай Пет1амат, суна хаьа, со велча бусалба нехан
зударех уггаре балехь хинъерг ю хьо. Оцу зударел собар къеззиг дерг ма хиллахь,
х1ай сан йо1. Собаре хиллахь, хьайна Аллах1ера маьл хиларе сатесна хилалахь».
Т1аккха Пет1амат, елха а йоьлхуш, ша ала а олуш, чуьра ара елира: «Хьан кхалхар
а лайна, сайна Делера ял хиларе сатосур ду аса, х1ай Аллах1ан элча»».
1айшата (Аллах1
реза хуьлда цунна) дуьйцу:
«Далла дукхавезнарг (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхелхинчу оршот-дийнахь, ша кхалхале хьалха
бусалба нах 1уьйра ламаз деш а болуш, маьждиг чу йолуш йолчу 1айшатан (Аллах1
реза хуьлда цунна) не1аран дуьхьалара х1ума д1а а яьккхина, не1саг1и т1е д1ахоьттира. Асхьабаш (Аллах1
реза хуьлда царна) Делан элча шаьш долчу чуваьлла, не1арехь лаьтташ гинчу
хенахь, шаьш дечу ламазах боха герга бахара. Аллах1ан элча (Аллах1ера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) меттаварна самукъадаьлла, имам лаьтташ волчу Абу-Бакарна
(Аллах1 реза хуьлда цунна) хиира, цара ден «хаш-хиш» Делан элча (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гарна бен деш цахилар. Пайхмар (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) имамаллина хьалха д1ах1оттийтархьамма, имам волчуьра
т1ехьавала цуьнан ойла кхоллаелачу хенахь, пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) цуьнга хичаш йира, хьайн меттехь 1адда1е аьлла. Далла дуккха
везна Мухьаммад пайхамар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
велакъежна, ламаз т1ехь церан сурт шена хаза гарна. Элча шен асхьабашка 1одика
еш, б1аьрг тоха лууш санна хиллера, цо шен асхьабашка тоьхна т1аьххьара б1аьрг
а хилира и хьажар. Не1арна дуьхьалара х1ума дуьхьала а тесна, 1айшатан (Аллах1
реза хуьлда цунна) х1усаме вирзира иза, цхьаьнне а ца хууш. Далла дуккха
везначуьнан оьмар чекхъяла б1аьрганег1ар тоххал бен хан йиссина ца хилла. Далла
дукха везнарг, шен асхьабашка б1аьрг тоьхначул т1аьхьа, шен х1усаме вирзира. Амма
х1усамехь схьакхаьчна 1аьш са оьцу малек карийра цунна. «1ожалла герга еана,
оьмар чекхъяьлла, х1ай Аллах1ана дуккха везнарг». Далла дукха везначуьнан уггаре
сийлахь оьмар чекхъяла герга г1оьртина. «Дика
ду, х1ай са оьцу малек, дика ду схьа т1едола, х1ай са оьцу малек. Аллах1а
тоьхна хан д1аели, герга дола са оьцу малек. Улле схьат1едола, х1ай малек». Са оьцу малек улле доьду лаьттан
букъа т1ехь уггаре ц1ена са схьаэца, уггаре сийлахь са д1аэца. Са оьцу малек
т1едоьду, уггар дикачу сине мохь олуш: «Схьадала, х1ай уггаре сийлахь са, хьайн
Аллах1а хьайна гечдина а долуш, хьайн Аллах1 хьайна реза а волуш, оьг1азе а
воцуш:
(ياأيتها النفس المطمئن إرجعى إلى ربك راضية مرضية فادخلى في عبادي وادخلى جنتي) سورة الفجر: الآية 27-30.
«Х1ай
парг1атдаьлла дег1 (са), хьайн Деле дерза хьо, хьо реза долуш а, хьайна реза а волуш, Сан
лаьшна юкъа г1о хьо, Сан ялсамани чу а г1о хьо»
Схьадала
доьлла Далла дукха везначуьнан са, 1айшата (Аллах1 реза хуьлда цунна) дуьйцу:
«Мухьаммад сан карахь кхелхира,
цо шен куьг я п1елг стиглане хьала а айбина, олуш хезира суна: «Аллах1е верза лаьа! Аллах1е верза лаьа!
Аллах1е верза лаьа!»».
Т1аккха
1айшатана (Аллах1 реза хуьлда цунна) хиира Далла цунна харжам кховдийна хилар.
Х1унда аьлча Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цул
хьалха и дийцина хилла дела.
Х1ай
бусалбанаш! Иштта дирзина-кха Далла дукха везначуьнан са ша Кхоьллинчуьнга, массо
х1уманна т1ехь ницкъ кхочучу Паччахье, Веза-Сийлахь волчу Аллах1ан ялсамане а,
даима лаьттан долчу ни1маташка а, абадаллац лаьттан йолчу х1усаме а.
Велла-кха
Аллах1ан элча. Велла-кха Аллах1ана дукхавезнарг. Велла-кха берриге пайхамарийн
имам. Велла-кха ц1еначеран имам. Велла-кха Делах кхийриначеран имам. Велла-кха
1аламан эла. Велла-кха элчанийн эла.
1айшат (Аллах1
реза хуьлда цунна) меттах хьайча, цуьнан куьг малделла охьадахара, т1аккха
хиъна цунна цуьнан кхалхар. Белхар а деш, ара иккхина иза. Ара ма елли 1умар (Аллах1
реза хуьлда цунна) т1енисвелла цунна.
1умарна а
(Аллах1 реза хуьлда цунна) хиъна цхьа х1ума хиллий, хиъна цунна Аллах1ан элча
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхелхиний. Амма и иштта делахь а,
цо и бакъ ца до, цо и кьобал ца до. И бакъ ца до цуьнан хьекъало, и долуш дерг
т1е ца оьцу цо. Чуьра араваьлла иза, оцу нахана юкъа ваьлла иза, оцу сийсочу
тобанашна юкъахь шен шаьлта хьала а яьккхина. Боьлхуш а, маьхьарий детташ а
лаьттачу тобанашна юкъахь, шаьлта хьала а йоккхий, олу цо:
«Аллах1ан ц1арца ч1аг1о ма йо
аса, Аллах1ан элча велла бохурш бу мунепикъаш. Юхаъ Аллах1ах дуй ма буу аса,
Делан элча велла ма вац, шен Сийлахь-Везчу Делаца цхьаьна кхетаре вахана ма ву
иза, 1имранан к1ант Муса пайхмар, шен халкъана юкъара шовзткъа дийнахь д1а а
ваьлла, шен Делаца цхьаьна кхета вахана ма-хиллара. Цул т1аьхьа вуха ма веъна
иза. Делан элча велла ма вац, вуха а схьавог1ур волуш ма ву. Иза велла бохучу
стегарийн когаш а, куьйгаш а х1окху шаьлтанца т1ера д1атуьйсуьйтур ма ду аса».
1умар
бин ал-Хаттаб (Аллах1 реза хуьлда цунна), мохь оллуш воьлхуш хьийзаш, Абу-Т1алибан
къантана 1елина (Аллах1 реза хуьлда цунна) иза кхалхаран хаам кхаьчча, цуьнан
шина кого энаш лаьцна. Лаьтта т1е охьа хиъна иза, г1атта а ца луш.
1аффанан
кьант 1усманна (Аллах1 реза хуьлда цунна) и д1ахезначу хенахь, цуьнан мотт толкха
бисна. Д1авуьгуш а, схьавалош а хилла цара иза, вистхилар а доцуш. Воьдуш а,
вог1уш а хилла иза, къамелах цхьа дош а ца олуш.
Дерриге
1алам цец-акъ даьлла хиллера иза кхалхарна, берриге нах инзаре баьхна хиллера
цо. Делан элчанан асхьабаш (Аллах1 реза хуьлда царна) тамашина цецбаьхна
хиллера оцу х1оьттинчу хьоло.
Аллах1а
шегарчу г1оьнца ч1аг1вина Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда цунна) 1уьйранна вухавеъна.
Оршот дийнахь Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), наь1аре
а ваьлла, шайга хьажча, иза г1олехь хетта, шен х1усаме вахана-ван пурба дехна
хилла цо. Элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вахана-ван пурба
дела цунна. Цуьнан кхалхар хезча, Далла дукха везначуьнан х1усаме веъна иза.
1айшатан
(Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усаме схьакхаьчна иза, берриге нах маьхьарца а
болуш, оцу тобанашна юкъахь мохь хьоькхуш лаьтташ 1умар бин Хаттаб а (Аллах1
реза хуьлда цунна) волуш. 1усман бин 1аффан (Аллах1 реза хуьлда цунна) вист
хуьлуш а, къамел деш а воцуш. 1ела (Аллах1 реза хуьлда цунна), лаьтта т1е оьхьа
хиъна, хьала ца г1атталуш а волуш. Абу-Бакар Сиддикъ (Аллах1 реза хуьлда цунна),
цхьаьнне х1умане д1а-схьа а ца хьожуш, кхелхина пайхамар (Аллах1ера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) волчу чуваьлла.
Абу-Бакар!
Тахана Далла дукха везначуьнан дег1ан чалх йолчу чуваха-кха хьо, ткъа селхана
халкъан эла а, бакъонан да а верг волчу вог1уш вара хьо.
Абу-Бакар
(Аллах1 реза хуьлда цунна) элчанан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) дег1ан чалх лаьттачу х1усам чуваьлла. Цуьнан юьхьа т1е тесна х1ума д1а а
яьккхина, Далла дукха везначунна хьалха шен голаш т1е охьа а лахвелла, цуьнан
шина б1аьргана юккъе барт а баьккхина, вилхира Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда
цунна). Циггахь аьлла цо:
«Ва Делан элча, ма хаза ву-кха
хьо дийна волуш а, кхелхича а. Аллах1а хьайна язйина 1ожалла 1аьвши-кха ахьа».
Юха
вилхина д1аваханчу Абу-Бакара (Аллах1 реза хуьлда цунна) элира:
«Суна дукха везнарг! Хьуна велхар
цхьа доккха х1ума доцуш, сий долуш ву-кха хьо».
Аллах1а
шегарчу г1оьнца ч1аг1вина Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда цунна) араваьлла,
араваьлла иза, 1умар бин Хаттаб (Аллах1 реза хуьлда цунна) мохь хьокхуш а
волуш.
«Ларт1е вола, х1ай 1умар! Нийсонна
т1евола! Бакъонах ма доха, х1ай нах!».
Амма
1умар (Аллах1 реза хуьлда цунна) 1аш ца хилла къамел данза. 1умар (Аллах1 реза
хуьлда цунна) воьлхучуьра соцуш а ца хилла:
«Мухьаммад велла аьллачунна т1ера
корта д1атосур бу аса х1окху сайн туьраца».
Шайга
къамел дан лууш Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда цунна) гича, 1умарна (Аллах1 реза
хуьлда цунна) т1ебирзиначуьра д1а а бевлла, Абу-Бакарна (Аллах1 реза хуьлда
цунна) гонах гулбелла нах. Абу-Бакар (Аллах1 реза хуьлда цунна) д1ах1оьттина
доккха а, деза а долу бакъдерг кхайкхон.
«Х1ай нах! Х1ай нах! Шу
Мухьаммадана 1ибадат деш хиллехь, Мухьаммад вела шуна. Шух Аллах1ана 1ибадат
деш волчуьнан Аллах1 дийна а, лийр воцуш а ву шуна».
Цулт 1аьхьа
Сийлахь-Везчу Аллах1ан дешнаш дешна цо:
(وما محمد إلا رسول قد خلت من
قبله الرسل افإن مات او قتل انقلبتم على أعقابكم ومن ينقلب على عقبيه فلن يضر الله
شيئا وسيجزي الله الشاكرين) سورة آل عمران: الآية 144.
«Мухьаммад элча ву, цул хьалха элчанаш а хилла, иза велча я вийча шайн хьалхалеррачу
(керстаналле) юха
доьрзур ду шу, юха вирзинчо Аллах1ана дан цхьа зен дац, Аллах1а диканца беккхам бийр бу
шукар дечарна».
Абу-Х1урайратас
дуьйцу:
«Наха и аят Абу-Бакарера (Аллах1
реза хуьлда цунна) схьаийцира, оцу дийнахьчул хьалха
шайна и хезна доцуш санна, шайна оцу дийнахьчул хьалха и аят доссийна хилар
хиъна доцуш сана. Берриге нах и аят, юх-юха а доьшуш, деша х1иттира, цуьнах цец
а буьйлуш. Царех х1ора цигара д1аваха вуьйлира, х1араммо Аллах1ан дешнаш а
доьшуш:
(وما محمد إلا رسول قد خلت من قبله الرسل
افإن مات او قتل انقلبتم على أعقابكم ومن ينقلب على عقبيه فلن يضر الله شيئا
وسيجزي الله الشاكرين)
«Мухьаммад элча бен вац, цул хьалхара элчанаш
д1абахна волуш, и велча я вийча шайн хьалхалеррачу (керстаналле) юха доьрзур
ду шу, юха вирзинчо Аллах1ана дан цхьа зен дац, Аллах1а диканца беккхам бийр бу
шукар дечарна».
1умар
бин Хаттаба (Аллах1 реза хуьлда цунна) дуьйцу:
«И аят сайна хаза а хезна, сайна
Аллах1ан элча кхелхина хилар хиъначу хенахь охьавуьйжира со. Сайн дег1 а лаьцна,
шина когана т1е ца х1отталора со. Т1аккха хиира суна Аллах1ан элча кхелхина
хилар».
Далла
дукха везначунна марчо хьарчийна, лийча а вина иза. Лийчочу хенахь цхьаболчу асхьабаша
аьлла: «Т1ера духар д1а а даьккхина лийчо
веза иза». Вукхара аьлла: «Шен духар
т1ехь а дуьтуш, лийчо веза иза». Т1аккха мохь тухуш хезна царна, дерриге «Историн
а, шира хабарш дуьйцучу а» жайнашкахь дуьйцуш ма-хиллара:
«Мохь тухуш хезна царна: Аллах1ан
элча шен духар т1ехь а долуш, лийча ве» аьлла, Аллах1ан элчанна т1ера духар
цкъа а д1а ма даккха аьлла».
Т1аккха
Далла дукхавезнарг (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен духар
т1ехь а долуш лийчина цара. Цунна т1е хи а дуттуш, 1елас (Аллах1 реза хуьлда
цунна) лийчош хилла иза цуьнан духарна т1ехула. 1елин (Аллах1 реза хуьлда
цунна) куьг Далла дукха везначуьнан дег1ах хьакхалуш а доцуш, лийчийна иза,
марчо а хьарчийна цунна.
Ша чохь
веллачу х1усамехь д1а а воьллина иза, 1айшатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усамехь.
Ма боккха сий-ларам бу-кха 1айшатан (Аллах1 реза хуьлда цунна) Далла дукхавезнарг
шен х1усамехь д1аволлар.
Д1авоьллина
Далла дукхавезнарг, малекаша а, асхьабаша а (Аллах1 реза хуьлда царна) цуьнан
уллерчу гергарчу наха а буса докъа-ламаз а дина. Буса коша чу а виллина иза.
Далла
дукха везначуьнан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дег1ана т1е
латта хьокхуш баьхьанийн а, белийн а г1овг1анаш хезча, маьхьарий девлира пайхамаран
(Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зударийн. Мадинат г1алахь
белхаран г1овг1а д1ахоьттира.
Пет1амат
(Аллах1 реза хуьлда цунна) елха юьйлира, ша ала а олуш:
«Х1ай сан да! Х1ай сан да! Х1ай
сан да! Хьайга кхайкхинчу хьайн Далла жоп делла волу сан да! Хьайн 1ожалла
герга яр Жабраил малеко кхайкхийна волу сан да! Хьайн воьрзу меттиг Фирдовс ялсамани
йолу сан да!».
Т1аккха
иза д1ахьажча, не1арх чуваьлла Анас (Аллах1 реза хуьлда цунна) гира цунна.
Анасе (Аллах1 реза хуьлда цунна) хьаьжира иза, елха а йоьлхуш, цуьнга ала а
олуш:
«Х1ай Анас! Аллах1ан элчанан сий
долчу дег1ана т1е латта хьакхаделира шуьга?».
Дуьххьара
ламазан хан кхаьчна пайхамар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) д1аваьллачул
т1аьхьа, дуьххьара ламазан хан т1ех1оьттина. Билала (Аллах1 реза хуьлда цунна)
азан дина. (أشهد أن محمد رسول الله ) аьлла, оцу дешнашна т1е ма кхаьччи,
вилхина д1авахна Билал (Аллах1 реза хуьлда цунна), азан кхочуш ца даделла
цуьнга. Цунна т1аьххье белха бийлабеллачу наха оцу ерриге Мадинатахь белхаран
г1овг1а г1аттийна.
Бусалба
вежарий! Иштта хилла-кха Делан элчанан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) кхалхар.
Валлах1и,
Аллах1ан элча, хьо везарна б1аьргара хи ма дуьйлу, дог г1айг1ане ма дужу. Хьоьх
къастарна, х1ай Делан элча, сингаттаме ма ду. Амма бакъ ву-кха, амма бакъ ву-кха
Сийлахь-Веза Аллах1 Шен къамелехь:
(كل نفس ذائقة الموت‘ ونبلوكم بالشر
والخير فتنة وإلينا ترجعون) سورة الأنبياء: الآية 35.
«Х1ора
дег1о 1овшур ду валар. Оха шу (ц1ена верг а, воцуг а) къасторан дуьхьа зуьйр ду
вонций, диканций, тхоьга дерзор а ду шу».
(كل نفس ذائقة الموت‘ وإنما توفون أجوركم
يوم القيامة فمن زحزح عن النار وأدخل الجنة فقد فاز وما الحياة الدنيا إلا متاع
الغرور) سورة آل عمران: الآية 185.
«Х1ора
дег1о 1овшур ду валар. Шуна юьззина д1а а лур ю шун елаш. Жоьжаг1атех гена а
ваьккхина ялсамани чу вахийтинарг декъал хилла, дуьненан дахар - 1ехош, къеззиг
долу пайда эцар бен дац».
Х1ай
Мухьаммад! Хьо велча, Дала кхоьллиначарех цхьа а буха вуьссур ву? Ва ма вац.
Валлах1и, х1окху дуьненахь леланза ца долу бакъ дерг ма ду и.
Х1ай
Аллах1ан лаьш! Ша т1ех1оьттича зуламан дайша зуламаш дарах к1елбитина ю и 1ожалла.
Делах цатешачеран дуьхьалонаш а, 1азапхойн 1азап а сацийнарг ю и 1ожалла.
Х1окху
дуьненахь леланза цадолуш бакъ дерг ду и. Далла муьт1ахь волчо а, 1еса волчо а т1едоханза
ца долуш духар а ду и. Луъчо а, цалуъчо а мер болуш кад бу и.
Пайхамарш
а, элчанаш а цуьнах хьалха ца бевлла къахьо ю и. Х1окху дуьненахь леланза ца
долуш бакъ дерг ду и. Ерриге хенашкахь а, заманашкахь а х1ораннан лерехь
кхайкхош хезаш дерг ду и.
Х1ора
кхетам болучуьнан хьекъалехь ша даимма дийна волуш, лийр воцуш волу Аллах1 бен
буха вуьссур волуш цахилар хууш дерг ду и.
Аллах1ана
шен элча валарх а, 1ожаллин лазарх иза хьалха ваккхар лиънехьара, Цо и дийр ма
дара. Делахь а, адам ду-кха иза а, кхидолу адамаш даларх терра дала дезаш.
(وما جعلنا لبشر من قبلك الخلد أفإن مت فهم الخالدون) سورة الأنبياء: الآية 34.
«Хьоьл хьалха
оха цхьанне 1ожаллех хьалха валар ца делла, хьо велча, уьш буха буьссур бу т1аккха?».
Х1ай бусалба нах! Делан элча (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) валарх хьехам эца шайна. Шуна хаийла, Делан элча (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везар деккъа шина беснина т1оьхула охьахьодуш
долу б1аьрахиш цахилар. Валлах1и, Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) везар и ма дац.
Дела
Элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везар - цуьнан ларраш
тоьхула д1авахар ду, цуьнан нийсонца нисвалар ду, цуьнан суннат лелор ду, цо
динчу дерриге омрашна муьт1ахь хилар ду, пайхамара хьарам дина, ца магийна
долчу дерриге а х1уманех духадовлар ду. И ду и вайна Делан элча (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везар.
Амма вай
вайна элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веза бахарх, иза веза
бохуш, еккъа цуьнан назманаш а, байташ а
ешарх, деккъа иза веза боху дешнах аларх - иза Делан элча (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хъуьлда цунна) везар дац. Лелочо харц хилар гойтуш веза бахар ду и.
Шайх
ал-Ислам Мухьаммад бин 1абду ал-Вахх1абас аьллла:
«Наха шайна Делан элча (Аллах1ера
къинхетам а, маршо а хъуьлда цунна) веза бохуш, ч1аг1деш дийцара, т1аккха
Сийлахь-Везачу, Аллах1 везар муха хила деза гойтуш, аят а доссийна, зийра уьш:
(قل إن كنتم تحبون الله فاتبعونى يحببكم الله) سورة آل عمران: الآية 31.
«Ала (цаьрга, х1ай Мухьаммад), шу
Аллах1 везаш далахь, суна т1аьхьа даза, т1аккха Аллах1ана дезар ду шу».
Хьайна
Дела везахь, т1аьхьа ваза Делан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хъуьлда
цунна) омра динчу дерриге х1уманна, цо хьарам динчу дерриге х1уманех вуха а
вала. Т1аккха хир ву хьо Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хъуьлда
цунна) везначарех.
Аллах1е
доьху вай, цуьнан хазачу ц1арашца, цуьнан лаккхарчу сипаташца. Тхан Веза Дела,
хьан пайхамар тхайна гина а воццушехь, оха цуьнга иман диллина ма-хиллара,
къематан дийнахь тхо цуьнах вовшах ма даха Ахьа.
Я Аллах1,
цуьнан ц1ена Хьовд татол гайта Ахьа тхуна, тхо цуьнах духа ца тухуш. Цул
т1аьхьа кхин хьаглур а доцуш, цуьнан ларамечу куьйгаца г1оза а, тамехь а долуш,
тхуна мала де Ахьа и, х1ай 1аламийн Дела.
Тхан
Дела! Тхо цуьнан дин т1ехь а долуш, кхалхар ло Ахьа тхуна.
Тхан
Дела! Махьшар майданахь цуьнан байракхана бухахь вовшахтоха Ахьа тхо.
Тхан
Дела! Тхан къиношна гечде Ахьа. Оха динчу исрапана гечде Ахьа. Керста къомана
т1ехь толам ло Ахьа.
Тхан
Дела! Тхуна цхьанна а т1ехь Айхьа гечданза къа ма дита Ахьа. Дарба данза
цомгашниг ма вита Ахьа. Айхьа д1адаланза декхар ма дита Ахьа. Айхьа д1аяккханза
г1айг1а а, сингаттам а ма бита Ахьа. Айхьа къинхетам банза велларг ма вита Ахьа.
Нийсачу новкъа нисванза 1есаниг ма вита Ахьа.
Хьо реза
а волуш, тхуна дика а долуш, кхочуш данза а, атта данза а цхьа хьашт ма дита Ахьа,
х1ай 1аламийн Эла.
Тхан
Дела! Х1ара тхан вовшахкхетар Айхьа къинхетам бина долу вовшахкхетар хилийта
Ахьа. Тхан д1асакъастар кхин д1а къинош дарах лардеш д1асакъастар хилийта Ахьа.
Тхан
Дела! Тхуна юкъахь дакъаз ваьккхина а, къинхетамах ваьккхина а цхьа ма вита Ахьа.
Тхан
Дела! Тхо нисдехьа, тхо бахьанехь кхиберш нисбехьа, нисвалар луучунна тхоьх
нисвала бахьана а дехьа.
Х1ай
тхан Веза Дела! Беркат а, къинхетам а, маршо а е Ахьа тхан Мухьаммад
пайхамарна, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а. Айхьа пайхамарашна церан
умматийн ц1арах бинчу дикачу бекхамех уггаре диканиг бекхам бехьа цунна. Элчанашна
цара бинчу хьехамийн, кхайкхиначу элчаналлийн ц1арах бинчу бекхамех уггаре дика
бекхам бехьа цунна.
Сийлахь
волчу Аллах1е сайна а, шуна а дерриге къиношна гечдар доьху аса. Иза гечдеш а,
къинхетам беш а ву.
Сан
вежарий! Х1окху хьехамах нийса дерг - Сийлахь-Везчу Аллах1ера ду, г1алат а,
вицвалар а галвалар а - соьгара а, шайт1анера а ду, Аллах1 а, цуьнан элча а цуьнах
ц1ена ву.
Аллах1е ларвар
доьху аса, сайх шуна ялсамане чудаха т1ай а хилла, со жоьжаг1ати чу кхоссарх.
Аллах1аца
ларло со, и хьехам шуна дага а баийтина, со и бицбиначарех хиларх.
Беркатечу
а, Лекхачу а, Воккхачу а Аллах1е доьху аса сайн а, шун а дика 1амалш къобалъяр.